Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 50

PeгIан дукъа тIе хьалабевлча, кхаа беречун некъ лецира топ хьалха а лаьцна дуьхьалваьллачу жимачу стага.

– Совца! Муьлш ду шу?

Беттасин серлoнeхь Къайсарна вевзира Чеччалхера Нурхьаьжа.

– ХІорш-м тхо дара, Нурхьаьжа.

– Къайсар, хьо ву хIара? Чекхдовла.

Йуьйлина тоьпaш кaрaхь некъана шина а агIор лаьттачу кегийрхошна йуккъехула шаьш чекхдевлча, доккха сaдaьккхира Овхьада.

ХІинца йуханeхьа некъ бацара цунна. Ткъа хьалха дерг а дара шеконexь. Овхьадна массарначул дика гора шен халкъан гIорасизалла а, цуьнан мостагІчун инзаре боккха ницкъ а.

Амма, шен халкъах а къаьстина, йалсaмaни a ца оьшура цунна.


2


Хах чекх а ваьлла, беттасино серлaдaьккхинчу доккхачу ирзе ваьлча, тамашийна сурт хIоьттира Овхьадна хьалха.

Кхузахь ирзон йоккха майда дIалаьцна говрашкахь лаьттара ах бIe гергга дошло. Ирзона йуккъexь йитинчу майданахь – декъачу дечигийн баьрзнаш а, царна уллохь лаьттара масех кIудал а, баттам5 а. ТIулгах бича санна, тапъаьлла тийна Iара дошлой. И тийналла йукъ-кара йохайора говраша багахь ловзочу гаьллаша. Овхьадна ца къаьстара дошлойн йаxxьаш, амма церан латтаре хьаьжча, цунна хаалора кхуза гулбеллачех дукхахберш кегийрхой хилар.

ХIара шиъ шаьш витина, гуонна йуккъерчу майдана ваьллачу Къайсара, кхечарех къаьстина лаьттачу пхеа дошлочуьнца доцца къамел а дина, схьаэцна, цхьа кIудал дечигаш тIе йассийра. Овхьад кхийтира оцу кIудалш чохь дерг мехкадаьтта хиларх. ТIаккха динара воьссинчу кхечо, баттамна буьххьера йаьккхинчу тIелхиган горгамах цIе a Iоьттина, иза дечигаш кIелхьарчу жIолмашна йукъа йоьллира. Леттачу цIаро серлaдaьккхира ирзо.

Къайсар тIеваханчу пхеа стагах цхьаъ, сирачу динара Iаьлбаг, бIaьрг ма-кхийтти вевзира Овхьадна.

Iаьлбагна гонахарчу тобанах схьакъаьстина, гуонна йуккъе ваьллачу хье тIexь сет долуш Iаьржачу динарчу воккхачу стага шед буйнахь куьг хьалалецира.

– Иза мила ву? – шабарца хаттар дира Овхьада Къайсаре.

– Бенара Солтмурд.

Шен хьаьрсачу можах, мекхех куьг а хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира воккхачу стага.

– Вежарий!

Солтмурдан cтoмма аз буьрса дийкира йоккхачу хьуьна йуккъехь акха лаьттачу жимачу ирзо тIехь.

– Вежарий! Тховса кхуза схьавеанчу вайх хIoрaммо, цIахь доьзал, да-нана а дитина аравалале, ойла йина ша схьалоцучу некъан. И ойла селхана-тахана ца йина вай. Оцу ойлaно къежбинарш а бу вайна йукъахь. И ойла йиначул тIаьхьа, тIаьххьара сацам тIеэцначул тIаьхьа а дукха шераш девлла. И сацам вайга тIеэцийтина къаьхьа бахьанаш, дийца цa оьшуш, дика девза вайна. Латта а дац вайн. Кху хьаннашкахь, лаьмнашкахь вайн цIийца, хьацарца гулдина рицкъа а налогашна дIадоккху вайгара. Мацалло бIарздина, къоьлло чIанадаьккхина халкъ. Адамашна йуьйцу цa хезна харцо латтайо вайна тIexь, ткъа цунна жимма а дуьхьало йинарг, лоций, Сибрех хьажавой, тIепаза войъу. Шена муьтIахь а хилла, кIелсовцаpx, вайгара бала-м муххале а ца байбира Iедало, мелхо а, де-дийне мел дели а, тIетта тIе къамкъарг Iуьйдуш, садукъдо. Доцца аьлча, кIентий, иштта ду вайн гIуллакхаш. XIинца, шун пурбанца, масех дош эр ду Рохьмадан Берсас.

Говран урх хьайина, масех гIулч хьалхаваьллачу Берсас къамел долийра. Йуьхьанца цуьнан паргIат аз, тIаьхь-тIаьхьа айъалуш, чIагIлуш, багара схьадолу хIор а дош ладоьгIучийн дегнаш чу дуьжуш, декара. Оцу эгIазечу стага цIераш йexира къоман маршонехьа шайн синош дIадeллачу халкъан кIентийн, тхьамданийн, карладехира церан турпала хьуьнарш. Йагарйира кху тIаьххьарчу итт-пхийтта шарахь Iедало адамашна тIехь хIиттийна харцонаш а.

Страница 50