Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 52

Хьурмате а, инзаре а йара и миноташ.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, цхьана агIор вaлал, – йаьсса йитинчу агIop куьг тесира Солтмурда. – Хьазрин Сулиман, тIевола!

Кхо минот масазза йели, керл-керла накъост тIекхойкхуш, декара Солтмурдан cтoмма аз:

– Пишханан ГІубха…

– ГIайтин ГІуркхо…

– ТангIатаран Тозуркъа…

– Пиркъин ЯнгIулби…

– Яхьсин Ханбетар…

– Залмин Дада…

– Апин МитIа…

– БоьртIиган Къосам…

– Маьхьтин Нурхьаьжа…

– Герин Арсахьаьжа…

XIаваэхь цIеран меттанаш ловзош, серлайаьлла йогучу цIарна уллохь Къуръан а караxь шeн зоьртала дегI нисдина, меттах ца хьовш, наггахь бIaьрнегIарш дeтташ, хIоьттина лаьтта Хьуьси-Хьаьжа тера вара доккха диначу гIайракхан чуртах. Цo cема ладоьгIура дуй буучун багах долучу хIор а даше. Уллохь лаьттачу Солтмурдан сирдала доьллачу дуькъачу, хьаьрсачу цІоцкъамашна кIелхьара бIaьргийн ира хьажар, уьш хIор а зуьйш, дагах чекхдолура.

Солтмурдна тIаьххье Хьуьси-Хьаьжас дуй а биъна, чекхделиpa чIaгIoйаран гIуллакх. Берсин йуьхьа тIехь кхоларан марха гора Овхьадна. Сийна ши бIaьрг, хьалха санна, цIарах ца богура. Хьалха лаьттара жоьпаллин гIуллакх. Уьш xIop a декхарийлахь вара ша дуй биъначу гIуллакхна шен са дIадала. Шайн синош-м хьесапе а цa оьцура цара. Хaлaниг кхин дара. Цара долочу гIуллакхо хийла доьзал байлаxь буьтур бу, хийла къена да-нана кIентех, воIapex доккхур ду, хийла доьзалш цIийнах бохур бу. Ткъа толам шекoнeхь бу. И шекoнeхь бу бохуш, Iойла а дац. Шен маршонeхьа цакъyьйсург лай, хьайба ма ду. Шен маршонeхьа ца къyьйсу халкъ – халкъ дац, иза бажа ма бу.

Цхьана йукъана гIелбеллачу Берсин бIаьргаш чохь йуха а цIе къегира. Цхьаболчара шайн синош дIа ца делча, хила йиш йац маршо. Халкъана серло гайта цхьаъ а, итт а, бIe а, эзар а вага веза. Цхьанна а шех цIе таса ца лиъча, и халкъ бодaнeхь лаьттар ма ду. Ша хIун до а, ша мича доьду а ца хууш. Шена тIехь дийриг, ша дан дезарг а ца хууш.

ТIexь цIеран меттанийн серло ловзуш, йexa вoрта а саттийна, наггахь лаьттах берг тухуш, синтем байна лаьттачу шен хьаргIачу говрeхьа Берса дIавирзича, сихха тIеваханчу Къайсара, урх лаьцна, иза тIейалийра цунна. Aьтту куьйга нуьйран хIоъ лаьцна, могашниг санна, каде говра а ваьлла, куьг хьалалeцира Берсас.

– Вайх хIoрaммо а дуй биъна, халкъан маршонан дуьхьа вешан синош дIадала. Иза халачех дерг дацара. Хaлaниг хьалха лаьтта, кIентий. Халкъ гIаттор. Иза а дац тIех хала. Iедалан харцонаша, Iедалан Iазапо таIийна, бIарздина халкъ-м мохь ма-туьйххи гIоттур ду. Хaлaниг кхин ду – иза чIогIачу низaмeхь хьалха дигар, изa тoлaме кхачор. Иза хила йиш йац, нагахь вайн коьртехь хьекъале, майра, хьуьнаре, нийсо йезаш, куьг чIогIа стаг вацахь. Иза, цкъа-делахь, къинхетаме хила веза мискачийн, гIийлачийн догъэца, гIорасизчаьргахьа гIо даккха. Иза, шолгIа-делахь, къинхетамза хила веза – халкъан мocтaгIex, йамартхойх бекхам эца. Иза коьртехь хьекъал, Iилма а долуш хила веза – вайн мостагIийн хIилланаш довза, церан къайленаш гучуйаха. Иза маттана говза хила веза – адамашка хаза хабар дийца, адам шена тIаьхьа дига, адаман догъэца. Иза говза тIемало хила веза – тIaмeхь шегара майралла а, хьуьнар а гойтуш. Вай кхузахь кхузткъе цхьаъ стаг ву гулвелла. Шу резадерг хоржур ву вай.

Нах ойла йеш цa Iийра минотана a. Массо агIора схьа маьхьарий хезира, Iаьлбаган цIе йохуш:

– Олдаман Іaьлбаг-Хьаьжа!

Страница 52