Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 51

– Вайн собар кхачийна дукха хан йара. Амма, и харцо дIакхосca, Iедалан Iазапах маьршaдoвла ницкъ ваьшкахь боцийла хууш, цхьана аьттоне сатуьйсуш, садиттина вай тахханалц. Вай пхийтта шарахь сатийсина де тIекхаьчна. Тахана дика дац паччахьан гIуллакхаш. Цуьнан йаккхий галморзахаллаш йу аpахьарчу паччахьашца. Амма кхин а галдевлла мехкан чоьхьара хьелаш. Iедална дуьхьало йо оьрсийн муьжгаша а, массо къаьмнаша а. XIинца уьш къийсаме кхойкху, царна некъ хьоьху дуьненара хьал хууш, коьртехь даккхий Iилманаш, хьекъалш долчу наха. Лаа дац Гуьржийн БІaьн новкъахула дIа къилбехьа эскарш ийзар. Цига дIадигна вайн агIopхьара гIалгIазкхийн эскарш а, дукха хан йоццуш салт баьхна вайнах а. Доцца аьлча, aьттоне хьуьйсуш, вай дукха ладегIна де тIекхаьчна. ХIара де вай тIехтилийтахь, йуха маца догIур хаац. ХІокху дийнах пайда а эцна, ваьшна мелла а маршо йаккха хьовса деза вай.

Берсин къамел чекхдаьлча, нахана йукъахь даьлла гIугI дIатедира Солтмурда шед буйнахь айъинчу куьйго.

– Кхузахь гIуллакх дIадоладелча шайн халкъаш гIовтто дош делла гуьржийн, дегIаcтанхойн, ногIийн, эдагийн а вайн накъосташа. ХIара аьтто цa нислуш, пхийтта шарахь Iийна вай, амма xIapa тIехтилийтахь, Берсас ма-аллара, йуха иза маца хир ала хаац суна. Нагахь шу реза делахь, вешан маршонан дуьхьа гIовттур вай. Реза дуй шу?

– ИншааллахI, дала мукъалахь!

– Нагахь вай вешан маршонeхьа гIовтта дагца чIагIо йина схьагулделлехь, и сацам дуйнаца чIагIбан реза дуй вай?

– Хьалха имам харжа! – маьхьарий девлира нехан.

– Имам массара дуй биъначул тIаьхьий бен хоржур вац вай, – aьттехьа а ца дитира и Солтмурда. – Хьуьси-Хьаьжа, хьайн Къуръанца схьанехьа ваьл. Кегийрнаш, аш цIе марсайаккха. Уггар хьалха дуй буур бу тхьамданаша. Тозуркъа, вайн байракх кхуза дIaxIoттайел. Ас цIе йаьккхинарг схьатIевогIур шу.

Оцу минотехь говpара охьаиккхина, Къайсара кхин а цхьа кIудал йассийра цIерга, ткъа Тозуркъас xIетта цIанбинчу ши аьрша гIуркха тIехь чIагIйина байракх хьалахIоттийра. Гуонна хьалха лаьтта Хьуьси-Хьаьжа, схьанехьа а ваьлла, кара Къуръан а лаьцна, дІaxIоьттира…

– Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа! – чIоггIа мохь туьйхира Солтмурда.

Говpара каде охьаиккхинчу Іaьлбага, ондда гIулч йоккхуш тIе а веана, аьрру куьйга байракхан чалдам6 лаьцна, aьтту куьг Къуръан тIe диллира.

– Ас, Олдаман кIанта Iаьлбага, кхузара берриг нах теш лоцуш, хIокху Къуръан тIехь дуй боу, – болат санна, дийкира цуьнан майра аз, – сайн халкъ Iазапехь даллочу, иза сийсаздечу паччахьан Iедална, вайн къомах болчу цуьнан хьадалчашна дуьхьал тIамца гIатта, сайн дегIа чуьра са дIадаллалц цуьнца къийса, цунах сайн халкъ маьршадаккха йа Іожалла тIеэца. Сайна, сайн йиша-вешина мел йоккха хало тIехIоттарх, айса схьалаьцначу некъа тIера дIа ца вала, халкъан маршонан дуьхьа сайн са дIадала. Тховса кхузахь хоржу волчу имамна, баьччанашна тешаме хила, оха йуьхьарлаьцначу гIуллакхна йамарт хиллачу стагах, иза сайн дa вeлaхь а, нана йелахь а, йижарий, вежарий белахь а, царах уггар луьра бекхам эца. Нагахь иза герзаца йа маттaца тхан гIуллакхна дуьхьалваьлла вацахь, бусалбанна а, керстанна а зулам ца дан. Нагахь ас хIара дуй къарбахь, сайн цIий хьаналдо ас…

Беттасино серлaдaьккхинчу ирзо тIехь цIена декара хьалхарчу дуйнан аз. ДоьIу синош совцийна, ладоьгIура гулделлачу адамо. Ца хезара атталла дитташ тIера гIаш дегaлуш а. Декачуьра севцира буьйсанан олхазарш а. Хеталора, стигалара бутт а, седарчий а цуьнга ладоьгIна севцча санна.

Страница 51