Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 71

Хечин борчах схьа а йаьккхина, Берсе тапча кховдийра Болата. Цунна томана, схьаэцна, леррина хьажа а хьаьжна, йухайерзийра цо иза:

– Дика герз ду xIapa-м, лело къонах велахь.

– Маккхал а вац вуон тIемало, амма герзал дика мотт лебо цо.

– Маккхал молла ма ву, Болат. Хьуьжарехь пхийтта шарахь дешна цо. Цуьнан коьртехь санна, кIоргера Iилма долуш молла вац Нохчийчохь.

Болат цецваьлла Берсе хьаьжира.

– Суна моьттура, иза жима молла, моллин эхиг йу! Ой, иштта делахь, цуьнан коьрта тиллина туркойн пес а, тIейуьйхина оба а, каралаьцна суьлхьанаш а хила ца дезара? Молла Идиг, молла Махьмуд а, Муьстапа-къеда а паччахьна дукхавеза. Маккхал хIунда вац уьш санна? – хеттарш Iенадора Болата.

– Ахь буьйцучу молланаша паччахьна гIo до. Цара гIo дира кху Iай Сту Бийначу Арахь нах бойъуш а. Уьш а, уьш саннарш а вайн халкъан йамартхой бу. Ткъа Маккхал санна, майра, хьекъале а, халкъан дуьхьа бала кийча молланаш дукха бац Нохчийчохь. Керста а, бусалба а ца къастош, дика адамаш дерриш а дукхадеза Маккхална. Цул сов, оьшучу меттехь оцу шен маттал а дика герз леладо хьуна цо, Болат.

– ХIетте а, Аьрзу тоьлу массарел а. Хьол тоьлий иза, ваши?

– Тоьлу дера-кх, – вела а велла, тIетайра Берса. – Аьрзу шен пхийтта шо кхаьччахьана дуьйна тIеман цIергахь кхиъна, ткъа со доьшуш лелла.

«ХIаъ, Аьрзу дукха тоьлу сол. Цуьнан хьекъалний, майраллиний тIеоьшург тIеман Iилма дара. ТIаккха хир вацара цуьнга кхочуш инарла», – ойла йора Берсас.

Шена хетачунна Берса тIетайча там хиллачу Болата, хеча хьала а оьзна, коьртара бIегIаган куй, разбоккхуш, aгIop теттира. И шиъ шовдане кхача дукха йукъ ца йисинера. Болатна лаьара, Берсица ша цхьа виссинчуьра, дерриг а хетта, дийца. Иза цIа веача, церан чохь ДанчIа йа хьеший боцуш меттиг ца хуьлура цкъа а. Болатна кхин нислур бац иштта аьтто.

– Паччахьо хьуна ши ордал йелла бохург бакъ дуй, ваши?

– ХIаъ.

– ХIун динчунна?

– Гена махкахь цхьа къам дара, вайнах санна, цхьана паччахьо хьийзош. И къам гIеттинера шена маршо йаккха. Церан паччахьо, ша иэша воьлча, оьрсийн паччахье гIo дийхира. Оьрсийн паччахьо шен эскарш дахийтира цига орцах. Оцу эскарца вара со а. Цигахь хьуьнар даьлла, йеллера-кх.

– Шелахь суна гинчу эпсарша шайн ордалш некха тIе а ухкий лелайо. Ахь хьайниш хIунда ца лелайо?

– Уьш йоцуш йу хIинца, Болат.

– Мича йахана? Йайъина ахь? Йа дIайаьхна хьоьгара?

КIанта дуьйцучо цхьа хан карлайаьккхина, гIайгIане хиллачу Берсас корта хьовзийра.

– Ас Мичка чу кхийсина уьш.

Болатан догдуьйхира.

– Вуон кхийсина, ваши. ДIа а йехкина, цIахь йитинехь.

– Сан цIа дан а дац, Болат.

– Хьайна оццул совйевлла хилча, суна лур йара-кх.

– Суна хаацара хIетахь хьо дуьненахь вуйла. Вайшинна оьшуш хIуманаш йацара уьш, Болат. Адамийн цIий Iенорна йелла ордалш вайшиннан некха тIехь товр йац.

– Иза а ду-кх бакъ, – элира Болата, воккхачо санна, тIаккха, жимма ойла йеш Iийна, хаьттира: – Берса, доккха дуй xIapa дуьне?

– Дера ду, Болат.

– Адамаш, вай санна, хало хьоьгуш дуй массанхьа а?

– Массанхьа а цхьаъ ду, Болат. Ницкъболчо гIорасизниг вуу. Тоьлларг веха, иэшнарг ле. Амма кхечу мехкашкара адамаш кхетам болуш, говза ду. Царна хаьа шаьш лело дезарг. Вайн дайша а ца дешна Iилма, шу а дац доьшуш. Цо галдоккху дерриг а. Вайнахана, дуьххьалдIа майрра латий бен, мостагIашца къовса кхин некъ ца хаьа. Цундела вай бIаьрзе хIаллакьхуьлу, Iехо атта ду.

Страница 71