Йеха буьйсанаш - стр. 73
– Хилийтахьа, ахь ма-бохху, – кIадвелла, йухавелира Берса. – Коьртехь хьекъал, Iилма а долуш, халкъо лоруш майра молланаш беза вайн гIуллакхна. Уьш мичахь карор бара-те?
Аьрзу вуьйхира.
– Ойла йича, хуур дара-кх… – элира цо. – Иштта цIеххьана жоп дала хала ду. Iедало кхерийна уьш…
– ХIай-хIай… Ас дукха ойла йина оцу тIехь. Эрна. Iеламнах дуккха а бу, амма къонахий кIезиг бу царна йукъахь.
– Маса молла везар ву вайна?
– Лаххара а, бархI. ХIор а виллаете – цхьацца.
– Хьо шайх кхайкхийча, хIун дара-те? – вела а велла, Маккхалан чоьже буй Iоьттира Берсас.
– Суна и дагадеана-м дукха хан йеца! – тIетайра Аьрзу.
– Делхьа, ма дика хир дара иза! Цхьаъ мукъане а вешан, халкъаниг, хила ца мега?
– Йитал забарш! – куьг ластийра Маккхала.
– Забар йац оха йийриг, – корта ластийра Берсас. – Нагахь цхьа эвлайаъ ца хилча, вайн гIуллакх галдолуш делахь, хьо хила луур ду тхуна. Макка хьаьжцIа а гIой, цигара цхьа баьццара оба а, иттех дол чалба а йохьуш, цIа вола. Некъахь туркойн пес а эца. Кийчча шайх хир ву хьох. Некъана ахча а вайн долуш ду. Хьо реза вуй, Аьрзу?
– Сой? Нагахь вайн ахча ца тоахь, сайн цхьайолу цхьа шарбал йоьхкина а, вахийта реза ву!
– Вела шуьшиъ! Дика ойла йича, воьлхур вара. Вайн халкъан дакъазалла, атталла вешан эвлайаъ а ца хилла вайн. Мансуррий, Бийболаттий дIаваьлчхьана, корта боцуш дисина. Арахьара стаг, иза къу велахь а, сагIадоьхург велахь а, ги а вуллий лелаво. Муьлш бу вай вешан имамаш бинарш? Арахьара нах. Мел адам хIаллакьхилла уьш бахьанехь? ХIунда боху уьш лакха? Вешан Iовдалалла!
Лакхара динадай хьахабелча, даим а карзахволура Маккхал. Амма иза тахана санна оьгIазе цкъа а ца гинера Аьрзуна.
– Кхин а ду цхьаъ, Маккхал, – элира леррина ладоьгIучу Берсас. – Маршонехьа къийсамехь дин, къаьмнаш, тайпанаш а къесто иэшац. Маршонан гIуллакхна тешаме верг вайн ву, дуьхьалверг – мостагI. Мичча къомах, динехь велахь а. Ас дуьйцу ца хезна хьуна, Венгрехь маршонехьа гIеттинчу халкъаца массо а къомах нах бара. Церан гIаттам хьаша баьхкинчу шайчарна дуьхьал леташ. Коьртаниг стеган дог-ойла, адамалла, оьздангалла, къонахалла йу.
– Ахь дуьйцург ша ду, Берса. Вай а ца къестийна къаьмнаш а, дин а. Шен махкара эккхийна, гIаддайна веанарг вешан ваша вина тIелаьцна. Оьрсий, гуьржий, хIирий, гIебартой, чергазой, кхин дуккха а. Ас буьйцурш кхин бу. Йа шен а, йа вайн халкъан а бала а боцуш, шайн аьттонна Iовдал нах лоьхуш, вайн махка богIурш. Вайна вешан стаг ца везий хууш, кхуза схьа а богIий, вайн коча ховшу уьш.
– Ткъа вай вешаниш лерац, – дуьйцура Маккхала кхидIа. – Вешаниш хIаллак муха бийр бара-те бохуш, лела. И хуучу арахьарчара цунах пайдаоьцу. Жа санна, шайна луъ-луучу агIор дIасахьийзадо. Къуръан тIера цхьа-ши айат дагахь деша хууш хилчахьана, арахьара стаг ги вуллу. Кара а оьций, куьйгаш тIехь лелаво. Даош, малош, тIедухуш кхобу. Вешан Мансурах хIун дира вай?
– Уьш массо бехвар нийса дац, доттагIий. Оцу тIебаьхкинчарна йуккъехь а бара майра а, хьуьнаре а, оьзда а къонахий. Халкъ дезаш, даггара цуьнан маршонехьа, бусалба динехьа а къуьйсуш, леттарш, белларш а бу.
– Ишттаниш кIезиг бара царалахь, – элира Маккхала. – Вайн вешаниш дуккха а хир бара, вайна хилийта хиънехь, хилларш ларбинехь. Вайна ца хаьа вовшийн лера, вовшийн сий дан. Вовшашна йуккъера хьаьгIнаш, гамонаш йу вайх адамаш хила ца дуьтурш. Халкъан барт белахьара йа и барт бан къонахий белахьара, хIара Iедал тIера дIакхоьссина йа цуьнца машар хилла, гIуллакхах тоххара цхьа aгIo йаьккхина хир йара. ХIинца иза а йа важа а дац. Iу воцу бажа санна, даьржина лела.