Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 70

– Зумсойн Залмас, – дозаллица жоп делира Болата. – Стохка аьхка а, дIадаханчу Iай а Органца хьала лаьмнашкахь ши бутт баьккхина ас. Цхьа бIе гергга вара тхо цо Iамош. Аьхка-м хаза дара цигахь. Йуькъа, сийна хьаннаш, шовданаш, олхазарш, акхарой. Доллучул хаза дара Орга. Чехка, буьрса! Уггар хи чехка долчухула неканца а, говрашкахь а дехьадийла Iамийра тхо. Нека-м сиха Iемира суна, амма бедарш, герз а коьрта тIехь, уьш ца дашош, хих вийла хала дара. Тоьпан а, тапчанан а лергара молха тIунделлачунна хIума тухура Залмас. Дечгаш вовшахтуьйсуш, бурам бан а, цуьнца хи тIехула лела а Iамийра. Доллучул самукъане дара акхарой йойъуш, церан цIокарчех катташ дар.

– Уьш стенна оьшура шуна?

– Стенна оьшура! Дусий, уьш пхи-йалх вовшахдоьхкий, Органах довлура тхо-м царна тIехь. ГIуллакх дIадаьлча, чуьра мох дIа а хоьций, таьлсаш чу дохкура. Бурмана дечгаш хедош, уьш вовшахтуьйсуш, уьйъуш лелочул атта а, самукъане а дара иза. БIаьста-м йаа хIума а карайора, миччахьа охьавижа а мегара. Амма Iай хала дара. Тхаьшна даа а, йа говрашна дала а рицкъа доцчу дигира тхо. Лаьмнашкахь каро дезара тхуна дерриг а. Йуьхьанца Iаламат хала дара. Шело, мацалла! Лайн саьнгарш, шан тархаш! Цхьажимма а ког шершина, галваьлча, къакъарашт аьлла бухарчу дуьнена гIyp вара хьо. Амма тIаьхь-тIаьхьа атта хилира. Лай кIел говрашна йао буц карайора, толлуш, тхаьшна напхина таро а йалора. ОххIай, ма сатийсира оха сискале! Амма сатоха дезара. ТIамехь иштта меттигаш дукха нисло, боху. Хало-м, дера, лайра оха, делахь а, тхох цхьа а дохко ца ваьлла цигахь Iай, аьхкий цхьацца бутт баккхарх.

Нохчийн божабераш физически кхиорах лаьцна оьрсийн эпсарша дуьйцуш дукха хезнера Берсина. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа цхьана-шина шарахь тесна йитина и шатайпа школаш дIадаханчу шарахь дуьйна йуха а болх бан йолайеллера. Ламанца йолчу йарташкара итт шарера йалхитта шаре кхаччалц долу бераш, рогIехь аьхка а, Iай а цхьацца баттана лаьмнашка а дуьгуш, тIеман гIуллакхна Iамор тайпанийн тIеман тхьамданашна тIедиллинера хинболчу гIаттаман куьйгалхоша. Церан болх муха дIабоьду хьожуш, цкъа Берса ша а хиллера ломахь. Цо самукъадолуш ладоьгIура Болата дуьйцучунга.

– Кхин хIун Iемина хьуна?

– ОхI, дуккха а! Талла, нийса топ тоха, тур-шаьлтанца, говраца хьуьнарш гайта, кIоргачу лай тIехула, чу а ца воьдуш, лиэла. Бердана, тIулган а, шан а тархашний, дитташний тIевийла. Хьо Iамийний иштта? – хаьттира Болата цIеххьана.

– ХIан-хIа, Болат, – гIайгIане жоп делира Берсас. – Со кхечу кепара Iамийнера тIамна.

– ХIай-хIай! Хьан леларехь а хиира суна, хьуна хIумма а ца хаьийла!

– Амма мел дика хир дара хаьий хьуна, Болат, шу массо а ас дешначу школашкахь Iемина хилча?

– Стенна оьшу и? Ас-м доьшур дацара цигахь, со вийчи а!

– ХIунда?

– ХIунда! Цигахь мел дешнарг мунепакъ хуьлий вогIу цIа, тIаккха, керстанийн лай а хуьлий, вайнах байъа хIутту.

Берсас доккха садаьккхира.

– Вай дерриг дешна, кхетам болуш делхьара, хир бацара тIемаш. Массарех эпсарш хила аьлла-х даций. Дешар-м кхитайпа а дай.

Амма Болатна хаза а ца хезара Берсас дуьйцург.

– Аьрзус цхьаннахьа а ца дешна, ткъа муьлххачу а инарлел майра а, хьекъале а ву ша. Вуй, ваши?

– Майра а, хьекъале а ву, амма цуьнгахь Iилма дац.

– Ма дийцалахь! – куьг ластийра Болата. – Дера, ву Аьрзу майра тIемало. Дадас цуьнан хьуьнарш дуьйцу суна. Аьрзус а Iамийна суна дуккха а хIуманаш. Суна тахана xIapa тапча а йелла цо!

Страница 70