Йеха буьйсанаш - стр. 68
Оцу дийно дегнашна йиначу чевнашна моьнаш хьовзазчу Аьрзун а, Маккхалан а кийра цIе кхерстира. Цаьршинна карлабелира Кунта-Хьаьжа лаьцна вигначу деношкахь Эвтарахь хиллачу кхеташонера шайн къовсам.
Кунта-Хьаьжа лаьцначу йукъах пайда а эцна, бенойн Солтамурд а, зумсойн Залма а, гиххойн Вара а гIаттам дIаболо беза бохуш, оцу тIехь сецира, ткъа Кунта-Хьаьжин герггара векалш молланаший а, хьаьжой а бара. Цара бохура, устаз муьлххачу а тIамна дуьхьал ву, вайна пурба дац адамийн цIий Iено, и дечул, цхьаьна а кхетта, Кунта-Хьаьжа йухавалар доьхуш, адам инарлина тIедаха деза.
Хинболчу гIаттаман къоначу тхьамданашна Берсина а, Маккхална а, Аьрзуна а шера гуш дара гIаттам кхиамца чекхбериг цахилар. Берсас бохура, кхечу пачхьалкхашца Россин тIом ца болабелча, толам баккха вайн ницкъ кхочур бац, хIетталц гIаттам болор хьехо ца оьшу. Цул сов, Маккхала бохура, Россина чоьхьа хуьлучу оьрсийн ахархойн гIаттаме хьажош боло беза тIом. Кхааммо а бохура, дехарца паччахьан Iедалера маршо йаккхалур йац, иштта адам гулделла де цIий Iаноза доьрзур дац.
– Оьший ткъа цхьана Кунта-Хьаьжин дуьхьа адам хIаллакдар? Кунта-Хьаьжа Делан лаамца лелаш стаг ву, иза лацар а Делан лаам бу. Шун гIуллакх дуй ткъа, Делан кхиэл йохо гIерта? ГIаттамехь дакъалоцучу нехан Iалашо бусалба дин чIагIдар йац. Адамашна латтий, маршой оьшу. Цундела тхуна лаац, Кунта-Хьаьжа лацарх доьзна, цхьа а кечам боцуш, цIеххьана гIаттам боло. Иза цхьана-шина дийнахь хьошур бу. Эрна цIий Iенар ду. Баьччанаш лецна Сибрех бохуьйтур бу. ХIинццалц хьегна къа дов. Цул сов, тхо цхьадерш дуьхьал ду паччахьан Iедале дехаре даха а. Герзаций бен, дехаршца даккхалур дац вайга латта а, маршо а, – бохура Маккхала.
ГIаттаман тIеман тхьамданех Солтамурд а, Залма а, кхин масех стаг а Берсиний, цуьнан бартахошний тIетевжира. Биснарш, шайна йуккъехь массарна дарвелла Вара а волуш, Къаьхьарма-Хьаьжегахьа бевлира. Оцу дийнахь боьхначу барто Сту Бийначу Арахь цIий Iанийра бехкбоцчу дукха адаман. Цул сов, Шелахь цIийIанор чекхдаьлча, паччахьан Iедало дIалийцира хинболу гIаттаман ах куьйгалхой, цаьрца бертахь болу Iеламнах. Маьрша бисинчех дуккха а коьртахой, тайпанийн тIеман тхьамданаш а, кхерабелла, севцира.
ХIинца дерриг а йухадоло дезара.
Цуьнан ойла йора Маккхалий, Аьрзуссий, хаддаза цхьаъ дуьйцучу жимачу Болате ла а доьгIуш.
Сту Бийна Аре а хадийна, Бесачу-Берда тIе хьала а девлла, ЭгIашта боьдучу новкъа хьуьнха доьлча, Болат луьйчура сацийра Аьрзус.
– ХIан, Болат, тоьур ду ахь тхуна дийцинарг. Хьуьн чохь чIогIa дийца ца мега хабар ду хьайниг. Хьанна хаьа, вайга ладоьгIуш цхьаъ хилахь… Хьоьга ладоьгIначо цхьаммо а эр дац, хьо шозза лам чохь хилла. Самонна дика ца Iамийна хьо къеначу Залмас.
Шен гIалатна бехкалвахана Болат, иэхь хетта, корта а таIийна, вист ца хуьлуш сецира.
– Мичхьа соцу тхойша? – хаьттира Аьрзус Болате.
Болата, саца а сецна, охьа чу пIелг хьажийра.
– И дIо лаьтта ши поп гой шуна? Царна кIел шовда ду. Говрашна церг хьакха бай а бу цигахь. Шуна ца гуш стаг тIевогIийла а дац. Ший а цигахь саца, со сихха йухавогIу.
Коьртара схьабаьккхина бIегIаган куй кара а лаьцна, шен хеча лаккха хьала а оьзна, дIаиккхина Болат, берзинчу когашца ченан кIур гIаттош, цхьа бIе гIулч дIа а вахана, тIаккха некъах дIакъаьстачу цхьана гIашлойн новкъа хьуьн чохь къайлавелира.