Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 61

Iуьйранна хьалххе гIеттина Iела, ша ирзу тIе вахале, Ахьмадах кхета дагахь, охьачувоьссира. Амма балхана тIера зоьртала Ахьмад цIахь ца карийра. Зудчо, иза сатоссуш гIеттина, peгIa вахана, элира.

Цигара йухавирзина вогIучу Iелина урамехь дуьхьалкхийтира тIехула ховшийна бераш а, тIаьхьатесна йетт а болуш сал-палах йоьттина йогIу стерчийн ворда. Стерчий геннара девзира цунна. И шиъ Жаьнтамаран ши сту бара. Жаьнтамар а, цуьнан ши кIант а тIаьхьа вара, шаьш новкъадохучийн Iодика йеш соьцуш.

– Шуна хIун дагадеана, Жаьнтамар? – хаьттира Iелас воккхачу стаге, шаьш тIеттIакхаьчча, салам а делла.

– Тхо-м йуьртах довла ма дохку, Iела, – гIийла жоп делира Жаьнтамара.

– Гена?

– Генна доьлху. Шина Терка йуккъе.

– Ой, шу доьлху бохуш, хьехош а ма дацара? – цецвелира Iела.

– Оха xIapa хьехо-м дукха хан йара, амма барт хIинцца бен ца тайн тхан.

Iелин чам байра. Вуьшта а кIезиг бара йуьртахь бисина нах. Белларш-м денлур бацара, ткъа xIapa дийна бисинарш мукъа а йуьртахь биса лаьара цунна.

– Даха ца дезара шу цига, – реза ца хилира Iела. – Цхьажимма йахь хила ма йеза ткъа. Вешан латта гIалгIазкхашна а, вешан эпсаршна а далийтина, хIинца иза йолах йа йукъахь лело, цига эха дуьйладелла-кх вай.

И дешнаш шега кхечо аьллехь, оьгIазгIyp вара Жаьнтамар. Амма цунна дика вевзара кураллех чо шен дегIаца боцу догдика Iела. Хаьара, цо хIуьттаренний, гамонний дош эр доцийла.

– ХIун дийр ду ткъа, Iела, – доккха садаьккхира Жаьнтамара. – ВаллахI Делора, ца доьлху хьуна тхо цига хазахета-м. XIapa цIоз кхузахь хене даккхалац. Ткъа тхан долахь тIе верта даржжол а латта дац. Хьун хьакха а ницкъ бац. Стохка, ши кIант эцна вахана, цигахь xIapa шуьстий, йеттий денбинера ас. Ia тIeдаллац болх а бина, тхаьшна хене довла рицкъа а гулдина, цIа догIур ду боху ойла йара-кх.

– Хьайна дика хаьа хир ду-кх хьуна. Марша гIойла, некъ дика хуьлда шун! – Жаьнтамарна мараиккхира Iела. – Дала шайн даго боххург нисдина, могаш-маьрша цIа дерзадойла шу!

– Дела реза хуьлда хьуна а, марша Iойла! Далаза дисахь, гур ду вайна…

Жаьнтамар ша Гати-Юьртара вацара. Ткъех шо хьалха Соьлжан йистера йа Теркацара веанера хаац, цаьршиннах цхьанхьара-м йагийначу шайн йуьртан метта гIалгIазкхийн станица йиллича, доьзалца Нохчмахка веана, кхузахь сецира иза.

Иштта хьалабаьхкина доьзалш Iаламат дукха бара Нохчмахкахь.

Вуьшта а гаттехь бохкучу кхузарчу бахархошна лаьттан къоьлла йаьллера оцу адамех. Цара сатуьйсура, тIом толамца чекх а баьлла, шайн махка йухадерзаре. Кхузахь гуттаренна а совца ойла йоцчу церан дог ца летара хийрачу йуьртах, адамех. ТIом болчу хенахь церан догъоьцура бухарчу наха. Иза чекх ма-беллинехь дIагIур болуш, цкъачунна тIебаьхкина хьеший лорура уьш. ТIом чекхбелира хIорш оьшуш. ГIалгIазкхийн йарташ йисира кхеран лаьтта тIехь, ткъа хьошалара бевллачу ЖаьнтамаргIеран сий дайра кхузарчу йарташкахь. Церан цIе – тIебаьхкина нах йара. Йуьртахоша боькъуш мехкан дакъа а, кхеташонехь куьйган бакъо а йацара церан. Дерригенан ойла йича, Iелас бехк ца буьллура царна кхелхина бахарх. Уьш муха бехар бара кхузахь? Берриг мохк наха дIалаьцнера. XIop а шарахь вовшахлетара, шунаш къуьйсуш. Хьалха-м, доьзалехь кIант кхиъча йа йуьртана тIе стаг веача, цунна дакъа доккхура, хьун хьокхий. ХIинца хьун хьокхур йу олийла а дацара. Йерриг хьун Iедало шен дола йаьккхинера.

Страница 61