Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 63

– Баккъаллий? Резахуьлий ткъа важа?

– ХIан-хIа.

– Хьай, жIаьла-йаI! – карара сискалан йуьхк охьа а йиллина, дIатевжира Ахьмад. – Ша санна, вохкалуш, иэцалуш ву моьтту-кхий цунна массо а. Цхьанне а цуьнан боьха цIий шена тIелаца ца лууш, кху хене йаьлла и хьакха.

– Амма кхечу цхьана гIуллакхо таро йохийна Васалан. ДIадаханчу Iай йухалург Iосера цхьа гали хьаьжкIаш йаьхьна цо. Йа и хьаьжкIаш схьало, йа кха шена дита, боху хIинца Iосас.

– ОстопируллахI! Делах ца кхоьру, нахах хеташ иэхь а дац. Эххар а цхьана декъазчун карах лийр ву хьуна и!

Кхуран бухе хIоттийна кхийра чIуьжалг схьа а эцна, цуьнан бертера IаьIийн хьокхаргийн горгам дIайаьккхира Iелас.

– Хи малахьа, Ахьмад, – дIакховдийра цо чIуьжалг.

– Баркалла, ас ца молу, – ша Iачуьра хьала а айъавелла, охьахиира Ахьмад.

Ша вогIуш стерчий дехарал сов, кхин а дара цуьнан дагалаьцна. Амма Ахьмаде и хьахо дарехь ца хIуттура Iела.

– ХIинца ша хIун дер ца хууш, бIарзвелла Васал. Iосина дIадала йалта дац. Iедало а, шарIо а, вайна ма-хаъара, Iоса толор ву.

Iела, шен къамел а сацийна, Ахьмаде хьаьжира. Ахьмадан йеха йуьхь макхйелла гора, дукъ сеттинчу бехачу меран Iуьргаш оьгIазе сийсара.

– Хьуна хIун дан лаьара? – хаьттира цо Iелега.

– Васалан доьзал кIелхьара ца баккхахь, мацалла лийр бу, Ахьмад, – элира Iелас. – Ши-кхо де хьалха со Мархете хьажа вахча, буйна ахьарш лаьцна, цу тIе мотт Iуьттуш Iара уьш. Вайна ма-хаъара, Васал цхьа пхьарс чолакх, шен тайпа-тукхам доцуш стаг ву. Iосин бераша шайна тIе-м лаьцнера иза, амма царах а кхоъ бен дийна вац. И гали хьаьжкIаш Iосина йухайерзоран ойла йора асий, Чорассий. Тхойшиннан цIахь дац гирда кхочуш а йалта. Нахера жим-жимма вовшахтоьхча, цхьа гали гулйала мегара. Аьрзуй, Маккхаллий цIахь хилча-м, царна цхьа некъ карор бара, и шиъ кестта цIа кхочий хаац. Ткъа Iосас Васална делла кхо де селхана чекхдаьлла.

Ахьмад хьалагIеттира.

– ДIагIо, Iела. Суьйранна со аравер ву оцу гIуллакхна. Наха лахь – дика ду, ца лахь а – дIатокхур ду и хьаьжкIийн гали. Амма Iосина моьттург чекх-м дер дац!

Iела дIавахча, дикка хIоьттина лаьттира Ахьмад. Цкъа ойла хуьлура цуьнан, мекха баккхар дитина, ши сту хьалха а лаьллина цIа ваха, Васална орцахвала. ТIаккха, ши сту бала Iелина делла дош дага а догIий, соцура. Iосас лелочу хIуьмалгаша доллучух догдаьккхира цуьнан.

«Йа АллахI, боккха болх бу-кх кху адамийн сутаралла. ГондIарчу къаьмнашлахь элий бу, цара нах бацабо бохуш, тхо кхаьрдинарг хIинца тхуна тIедогIуш лаьтта-кх. И цIубдарш довларна кхоьруш ма лецира оха Шемал тхайна тIе, маршонан дуьхьа ма Iенийра тхан халкъо кху дезткъа шарахь шен цIий! Амма уьш йукъадаржа доьлла. Буйна Къуръан а лаьцна – цхьаберш, хьалха жIараш оьхкина – важаберш, аьрша а буйнахь – кхозлагIниш. Дела, Хьуна хастам бу-кх…»

3

Ахьмадах дIакъаьстина Iела, дуьхьал новкъа йуьрта ца воьдуш, Васалан кха долчухьа дIавахара. Цунна Васалан кха ганза дикка хан йара. Кхана иза аха дезаш хилча, латта декъа-кIеда, тIе колл йаьлла-йалаза муха ду хьажа лаьара цунна.

Шайн ардаш тIехь белхаш бечу нахаца тIекереш а йеш, воьдура иза. Массо а вара йокъанах кхоьруш. Аьхчахьана тIе догIанан тIадам божаза кхаш, кхарза а делла, чан а йаьлла лаьттара. Дечган нахарца охуш дийначу йалтина кIеззиг йокъа а кхераме йара. Гомха аьхначу лаьттах боьллина буьртиг талхо кIеззиг йокъа а тоьура.

Страница 63