Йеха буьйсанаш - стр. 60
Йетт а, йеара старгIа а йоьжна, урд аха гIерташ воллучу МIаьчигна тIеIоттавелира Васал. Йуьхь лаьцна, хьайбанаш хорша дIаийзадора дерзинчу дегIа тIе машин эттIа чоа а дуьйхина, баьIаша йеринчу настаршца когашIуьйра волчу пхийтта шо хенарчу кIанта Коьрас. Ткъа цул жимахйолчу йоIа, пхонан сара бетташ, хьацар кIур хилла, тIелоьхкура уьш. Амма МIаьчига шина а куьйга баьлча мел чIогIа теIайарх, нох ца летара кхарзаделлачу, тIе къух даьллачу лаьттах.
– Ассалам Iалайкум, хьекъийла хьан, МIаьчиг! – тIехIоьттира цунна Васал.
– Ва Iалайкум салам! Дела резахуьлда хьуна а, Васал! Во-о-хьа! Совцал, бераш. Жимма садаIийта цаьрга. Ахь хIун до, Васал, хьо лаа вуй?
Нох дIа а карчийна, шен гIарло доьллачу куьйга Васалан куьг лецира цо.
– Мекха карор бацара-те аьлла, дукъа ваьллера со-м.
– Ца карий ткъа?
– Ас-м, башха лоьхуш, къа а хьийгин хьовха.
КIадделла багах чопаш туьйсу хьайбанаш дажа а ца кхевдара. Йетт ша болчче охьабижира.
– ЦIахь хIун ду? Бераш могаш дуй? Мархет мича хьолехь йу? ВаллахI, ва биллахI, Васал, хIокху тIаьххьарчу деношкахь шун цига хIотта кхиош ма вац со.
– Сиха хан ма йу xIapa, МIаьчиг. Бераш а дика ду. Зуда а, иштта, шен цамгар токхуш йоллу. Жимахволу кIант Юсуп вара тхан кху некъехь хорша оьхуш. Цунна а хIинца гIоли йу. Хьо-м цхьа хаза гIуллакх деш воллу.
МIаьчига куьг ластийра:
– Ахар ду xIapa? ХIокху хьардашна тIехула нох хоьхкуш, котамаша мIараш тийсича санна йо-кх. ТIехула тIе, аха кха мичахь ду? XIapa хьаьрса поппар! Делан балица дIайийнарг хьалакхиахьара а йара цхьа лар. Цхьана а шарахь ши гали хьаьжкIаш а ца йевлла суна хIокху тIера. Ткъа цIахь чоь йуьззина xIapa, – дIо Iачу шина берана тIе корта тесира эццахь, – чIевнеш йу, мацалла багош гIовттийна, къийган кIорнеш санна. Дена неIалт хиларна, ХортIина декхарийлахь вай со-м. Iосас хьайниг санна, шен декхарна эххар а цо xIapa коржам дIаозорах вогу. Амма со дийна а волуш-м хир дац иза.
– Сан урд ца гуш-м, шен кIесаркIаг гур бара Iосина.
МIаьчиг цецваьлла Васале хьаьжира.
– Ой, цу тIе гота ма хьажий цо!
– Маца?
– ХIинцца.
Макхвелла Васал, доьхкарх доллу жоммагIа катоьхна схьа а даьккхина, некъ ца лоьхуш, дуьхьал дол-долчухула шен кха долчухьа дIахьаьдира.
2
Сийсара набаро ша теваллац дукха ойланаш йира Iелас, таро йоьхначу Васална гIo дан некъ лоьхуш.
Шен йиша-ваша долчунна а хала даьхкина и шераш къаьсттина дахделлера, цхьа хиларал сов, чолакх а, боккхачу доьзалан да а волчу Васална.
ДIадаханчу шарахь-м Васал воцчийн а дукха дисинера ахаза ардаш. Нахарна дожа сту-бугIа долуш иттех доьзал а бацара йуьртахь. Амма цул тIаьхьа, шишша ца нисбеллехь а, цхьацца сту нисбеллера дукханна а. ТIом сецначул тIаьхьа маршо йелира аренца йолчу оьрсийн йарташка эха. Оьрсашца тасаделлачу хьошалло дуккха а пайда белира нахана. ХIетталц царна хIун йу ца хиъна аьчган нох а, мекха а деара йуьрта. Бакъду, уьш Iосин а, ХортIин а бен дацара хIинца цкъа. Амма церан мекханаш гиначу цхьаболчу наха, иштта аьчган цергаш а йетташ, дечиган мекханаш кечдира шайна.
Шайн стерчий долчу йуьртахойх цхьаъ бен вацара Iелин тIеваха бIобулуш. Иза вара лахо чохь вехаш волу Акхболатан Ахьмад. И шиъ йа ши доттагI а, йа вовшашна йуккъехь, xIapa ала, гергарло долуш а вацара. Амма цаьршимма вовшийн чIогIа гIо лоцура. Ахьмадан Iелега безам бахийтинарг цуьнан догдикалла, харцо йоцуш хилар а дара, ткъа Iелас Ахьмад лиэрара, иза майра а, хьуьнаре тIемало а, комаьрша стаг а хиларна. Цул сов, иттех шо хьалха цкъа хошкалдахойн арахь хиллачу цхьана тIамехь Ахьмада, иза гуш лаьтташехь тIехIоьттинчу Iожаллех кIелхьара а воккхуш, шен аьтту куьг чолакх динера. Амма аьрру куьйга а болх балуш волчу Ахьмада башха даз ца дира шен чолакхвисар.