Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 9
Цу керлачу доктринех уггаре а хьалха лаккхара мах дIабелира нохчаша а, гIалгIайша а. Паччахьан Iедало гIад дайина долчу цу шина къоман лаам хилира Урдуне а, Хонкаре а, Шеме а дехьадовла. Уьш махкаха арадовдаран агIонах нохчийн исторехь мухIажаралла олу.
ТIебаьхкина нохчий османаша уггаре а кхераме йолчу меттиге баха ховшийтира. Хиджазски аьчка некъ буьллучу регионна даима Iаьрбоша тIелатар дора, ткъа баланех кIелхьарабовла дагахь, бевдда баьхкинчу нохчийн, цигахь а къиссам латто дийзира.
Билгалдаккха деза, махкаха бевлла боллушшехь нохчаша аренца йоккха лар йитира цу пачхьалкхийн дахарехь, шайн доьналлица а, хьекъалца а, оьздангаллица а.
Цара шайн йукъараллин а, оьздангаллин а кхерч кхоьллира, жигара дакъа лоцура мехкан дахарехь. Нохчаша къаьсттина кхиамаш гайтина Урдунехь. Доцца аьлча цуьнан пачхьалкхалла ларъеш, мехала дакъа диллина нохчаша.
Хьаьрман леррина терго йан Iалашонца ингалсан эпсараша меттигера бахархойх дуьххьара тIеман тобанаш кхоьллинера. 1923-чу шарахь цу тобанан буха тIехь кхоьллинера Iаьрбойн легион, цу юкъа бахара нохчий а, чергизой а. Заманан йохалла тIеман урхалла дахаран некъ хилира царна. Иштта нохчаша дIалецира Урдунан тIеман эскарехь шайн къеггина меттиг. Тешаме а, доьналла долуш а хиларна нохчий хазахетарца тIеоьцура полици а, пачхьалкхан кхерамазаллин урхалле а. Таханлерачу дийнахь а, цара шайн тIеман гIуллакх дIакхоьхьу паччахьан гвардехь.
Урдунан бахархошца дустича, цигахь бехачу нохчийн терахь кIезиг делахь а, цара йоккха меттиг дIалоцу мехкан генералитетехь а, лаккхарчу эпсараллехь а. Урдунан исторехь уггаре а къеггина лар йитина нохчий бу:
Ахмед Арслан Алауддин (1942—2014) – тIеман гIуллакххо, бротентанкови эскарийн дивизионни инарла, 1967-чу а, 1973-чу а шерашкахь Iаьрбойшна а жуьгтишна а йукъахь хиллачу тIемийн декъашхо, Урдунан шозза Турпалхо;
Ахьмад Рамзи ибн Iабдин (1893—1969) – Урдунан эскаран инарла хилла дуьххьара нохчо, Урдунан турпалхо;
Мухьаммад Башир – бригадни инарла, Генеральни штабан куьйгалхочун гIовс;
Самих Бено – пачхьалкхан кхерамазаллин инарла-лейтенант.
Нохчий хIинца а меттигера бахархошца бертахь беха Урдунехь, цу мехкан йукъараллин-политически дахарехь жигара дакъа а лоцуш.
Урдунера нохчашна цIена нохчийн мотт а хаьа, цара шайн къоман ламасташ а лардо, махкахошца уьйр а латтайо. Уьш кест-кеста богIу шайн Даймахка, ткъа цхьаберш гуттаренна Нохчийчу юха а боьрзу.
Нохчий а, гIалгIай а санна, Паччахьан Iедало тIеIаткъам бинера малхбузера Кавказан векалшна – доьналла долчу чергизошна. Уьш а дIаоьхура Османски импери, амма Хонкар мехкан латтанаша шийла тIеийцира шайн бусулба вежарий.
Мацалло, лазаро лаьцна кавказхой леш бара, къинхетам бан а, гIоьналлин куьйг кховдо стаг ца карош.
Ткъа Паччахьан Iедала буьззинчу барамехь каралаьцнера Кавказ. Аьчка некъаш дохкуш, административни гIишлош еш, некъаш тадеш, шуьйра болх бара цигахь дIахьош. Паччахьан Iедало цига шортта хьаькамаш а дIахьажийра болх бан, ткъа Кавказ Паччахьа билгал виначу губернаторана тешийна йара.
Паччахьан Iедалера Советан Iедале кхаччалц
Нохчийн историн керла агIо йиллира 1800-чу шерийн чаккхенехь тIейеанчу промышленни революцис.
Соьлжа-ГIалин йистошкахь мехкдаьтта долу масех меттиг карийнера, ткъа кестта Нохчийчоь дIайуьзнера Iаьржачу деших.
[5]