Размер шрифта
-
+

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 10

Атта буро тоха мегаш долу керла маьIданаш карор бахьана долуш 1900-чу шерашкара дуьйна Нохчийчоьнна сиха шайн тидам тIеберзийра францойн а, немцойн а, голландски а компаниша.

Меттигера латтанийн дай реза хуьлура мехкдаьттан компанишка скважинашкахь болх байта, цара хIора шарахь богIу мах схьабелча. Амма 1900-чу шеран 10-ч шерашкара дуьйна цхьаболчу хьоладайша шаьш болх бора, оцу кепара цара шайна шортта рицкъа даьккхира.


Йохкар-эцаран хьалхара тоба кхоллайелира маьIданаш дохучу балхана гонаха: углеводородаш (мехк-даьтта) йохкар-эцарехь а, галин гIишлон йан пачхьалкхан хуьлу заказаш а бахьана долуш, гучуйелира буржуази, ткъа церан бераш йа Москвахь доьшуш дара, йа эскарехь тIеман гIуллакх дIакхоьхьуш дара.

Мехкдаьтта бахьанехь гучубевлла хьоладайша шайн йохкар-эцарехула а, политикехула йукъаметтигийн зIе кхоьллира, ткъа царех цхьа болчу векалша Паччахьана Iедалан балха тIехь баккхий кхиамаш а бохура.

Хеталора, дуьххьара нохчийн юкъараллин цхьа дакъа мукъне а оьрсийшца берта а деана, бIешерашкахь цIий Iенийначул тIаьхьа, шина къомана юкъахь тешаман а, доттагIалинн йукъаметтигаш кхоллайала тарло.

Амма, нагахь санна хьал долуш йолчу нохчийн буржуазин Россица дика йукъаметтигаш нисйеллехь а, амма дукхох болу бахархой хIинца а цабезам а, гамо а йолуш бара.

[6] Бахархоша къобалдеш дара обаргаша лелош дерг, хIунда аьлча цара пачхьалкхан рицкъана а, иштта лулара гIалгIазкхишна а къола дора, ткъа шаьш лачкъийна ахча къен Iаш болчу меттигера бахархошна дIасадоькъура. Уггаре а чIогIа цIеяххана вевзаш хилла обарг ву Харачойн Зеламха. 1901-чу шарахь стаг вер бахьана долуш, Iедалах ведда лела дезна цуьнан. Шен тоба а кхоьллина, цо банкашна а, почтийн отделенишна а тIелатарш дора, цигара лачкъийна ахча ламанхошна дIа а доькъуш. Иза вайн Робин Гуд халкълахь шуьйра вевзаш вара. Нагахь санна Робин Гуд къуйн эла хиллехь, ткъа Зеламха лаьмнийн эла хилла. И сацо Россин Правительствос цуьнан доьзал дIалаьцнера, ткъа цуьнан коьртах 18 000 сом ахча мах а хIоттийнера. Билгалдаккха деза, цу заманехь иза оццул доккха ахча доллушшехь, цхьа а ламанхо Зеламхина айкх эцна Iедална тIевахана ца хилла. Цо ша юьхьарлаьцна некъ дIакхехьнера 1913-гIа шо кхаччалц. ХIетахь полицин аьтто баьллера цуьнан лар талла а, иза вен а.

.


Хьалдолу буржуази кхоьллина ца сецира промышленность кхиар: хIетахь кхоллайелира белхалойн класс, ткъа церан лехамашна а, лаамашна а Паччахьан Iедал къора дара.

ТкъаессанолгIачу бIешеран шолгIачу декъехь, йоккхачу латтанийн аристократина тIетевжаш хилла паччахьан Iедал Iадийнера, къинхьегамхоша гуо биначу буржуазис долийначо.

Социальни а, политически а хийцамашна йуьхьанцара башха реза ца хуьлуш хиллачу Паччахьан Iедалан ца даьлла дийзира цара бохучунна тIета, масала 1861-чу шарахь адам дохкаран а, эцаран а ламаст гуттаренна дIадаккхар, амма реакционни паччахьаш гучубовларо Александр III (1881 – 1894) а, цунна тIаьхьа Николай II (1894 – 1917), цIеххьана хадийра цу кхиаран тIегIа.

Социальни хьал йуха а дарлуш дара, оцу кепара хийцамийн майданехь дуьххьара революционни цхьаьнакхетараллаш кхоллайелира.

1903-чу шарахь Россин социал-демократически къинхьегамхойн партехь кхоллабелира Ленин Владимир коьртехь а волуш максималитски болам, исторехь иза большевизм санна бевза.

Йуьхьаьнцара кIеззиг бен ца хиллачу большевикаша Николай Паччахьана хиллачу тIеман эшамийн херцарш тIехь биллира шайн бертан а, чIогIачу уьйран а тIулг.

Страница 10