Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 8
И пачхьалкха кхоьллича Имам Шемалан аьтто белира хIинцалц йаьржина хилла тобанаш вовшах а тоьхна, хила ма-беззара тIеман ницкъаш а, эскар а кхолла.
Цул совнаха, бусулба динан пачхьалкха кхоллар бахьана долуш цуьнан аьтто белира Нохчийчуьра Iесалла орамца дIа а йоккхуш, къам буьззинчу барамехь бусулба динна тIедерзо. Заманан йохалла Росси пачхьалкхана дуьхьал уггаре а чIогIа къизачу тIемашца къиссам латтийна ду нохчийн къам. Диъ бIе шарахь Россица тIом бина нохчаша. И къиссам карарчу хенахь сацийна а бац.
Имаматана дуьхьал Николай Паччахьа кхин а дукха ницкъаш хьажийра, амма хIете а, уггаре а кIезиг кхин а ткъа шо дийзира ламанхой аренашкара лома дIалахка.
Лаьмнийн чIожашкахь кIелхьарволийла лоьхуш лелаш волу Шемал Османски империгара гIо деха гIоьртира, амма Хонкаре башха ницкъ болуш йацара хIетахь, хIунда аьлча уьш шаьш бара ГIимрахь тIом беш, цундела церан сурсаташ дацара Имаматана гIонна хьажо.
Истамбулера лулахошкара шена гIо хир доций хиъна Шемал, Ингалс пачхьалкхан королева Викторияга гIо деха веара. Иза хIетахь французашца а, итальянцашца а ГIимран тIамехь, османийн агIонехь къиссам дIахьош йара.
[4] Шен цхьаьна кIоргера маьIна долчу кхайкхамехь ишта яздо Шемала: «Лараме, королева! Дуккха а шерашкахь дуьйна Россица къиссам латтош ду тхо тхайн маршо а, тхайн паргIато а бахьнехь. ХIора шарахь тхан токхамаш санна тхан тогIишна чухьовдучу мостагIашна дуьхьало ян езаш хуьлу тхо. Тхан къиссам чIогIа а, къиза а бу. ХIора Iай тхайн зударий а, бераш а генарчу хьаннашкахь къайладоху оха, ткъа церан цигахь мацалла а, шело а лан деза. Амма хIете а, Далла тIе болх а биллина тхо юхадовлуш дац. Оха доьху хьоьга, королева, гIо де тхуна.
.
Амма Ингалс пачхьалкхе дехна орца а жоп доцуш диссира. Мацалло, халонаша кIелбитина ламанхой, хIинца дукха хьолахь реза бара оьрсишца барт бан.
Цара хIинца йалта дIадийна аренаш ларъйар бен, кхин башха къиссам бацара латтош.
1859-чу шеран товбецан беттан 6-чохь Шемала мостагIашна къарвала сацам бира.
ТIевахар бахьана долуш, паччахьа таIзар ца деш, кIелхьараваьккхира иза. Москва гIалина йистехь доккха цIено а делира, иштта Макке хьаж дан аьтто а бира, ткъа и хьаж дечохь имам кхелхира.
Цуьнан юххера накъостий а, цул совнаха, кIентий а, бюрократи а, Паччахьан эскаре а кхайкхинера, Россина муьтIахь йолу Кавказан дуьххьара политически тоба кхолла Iалашонца.
Ламанхой къарбаран политика кхиам болуш хилира: ткъа шарахь Кавказ синтеме йара, ткъа масех гIаттам, имперски эскараша сиха сацийра.
Амма хIете а, 1870-чу шерийн чаккхенехь, нохчийн гIаттаман алу йуха а марсайелира. Керла баьччан, бусулба динан хьехамчан, доьналла долчу, къоначу бIаьхочун Зандакъара Албик-Хьаьжин аьтто белира эскар вовшах а тоьхна, Нохчийчоьхь гIаттам айба а, иштта ша арабаьккхина некъ луларчу Дагестане кховдо а.
Йуха а Паччахьан эскара сийна цIе йиллира Нохчийчоьнах. 1877-чу шарера 1881 шо кхаччалц, Нохчийчоьхь тIом бара, цу тIамо йохийна, йаьржийнера дукхох йолу йарташ, царех йиссинарш херцарш бен йацара.
Керлачу гIаттама дукха нохчийн бIаьхой а, иштта маьрша адам а хIаллак дира, амма дукха хьолахь цо гайтира Имам Шемал тIеваханачул тIаьхьа Николай Паччахьа лелош йолу политика нохчаша къобалйина ца хилар.
Керлачу паччахьа КхоалгIачу Александра сацам бира оьрсий а, кавказхой а маьрша бахалур бац аьлла, цундела царех уггаре а къар ца луш берш, Iеха а бина, махкаха баха беза.