Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 65

– Адамийн собар кхачийна, ва Берса! – мохь белира ЯнгIулбин. – КхидIа са цa дeттало халкъe. Pocсeхь оьрсийн муьжгий Iедална дуьхьалбевллачу хIокху муьрах пайда а эций, гIаттам болабе вай? Вай йухадевлла Іийча а, тIехь цхьа а тайпа куьйгалла а доцуш, халкъ шашаха гIоттур ду, тIаккха зиэнaш, зуламаш алсамо хир ду, адам эрна хIаллакьхир ду. Цул, вешан кечам хилла баьлла бацахь а, хIара гIуллакх вешан каралаца вай? ТIаьхьа цхьана хорша доьрзур дац-те?

– ЯнгIулби бакъ лоь…

– Адамаш, бажа санна, хецна дитича, зуламаш совдевр ду…

– Iaьлбаг, хьо имам ву. ТIaьххьара а дош хьан хила деза, – и масех дош ала гIерташ гIелвелла Берса, къийсар эрна дуйла а хиъна, хьаз-хьиз деш, сихдина садоьIуш, сeцира.

– Со а реза ву ЯнгIулбис аьллачунна. ГIаттам вайга сацалур бац. Амма, цуьнан гIуллакх генадалале, иза вешан кара схьалаца деза вай. Хьалхара тохар мичхьара дIадоладе вай?

– Веданна тIера, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Къайсара.

– ХIан-хIа, Хаси-Юрт дIалаца йеза хьалха, – сацамболлуш элира ЯнгIулбис. – Цигахь эскар алсам ду.

– Вайна стенна оьшу йуьстах лаьтта Хаси-Юрт? Цул, Ведана дIа а лаьцна, арен тIе девлча?

– Битал къийсaмaш, – сацийра и шиъ Іaьлбага. – Ахь хIун олу, Берса?

– Вайна хьалха ши некъ хIутту. Ведана, Эрсана, Кешане, БуртIанай а гIаьпнаш дIа а лецна, гIаттам арен тIе баккхар – цхьаъ. И некъ дика бу, нагахь вайга уьш цхьана дийнахь дIалецалахь. Амма уьш дIалецаран гIуллакх масех дийне далаxь, мocтaгIчунна гIо кхочур ду арен тIера…

– ШолгIаниг?

– Уьш, хье ца йеш, Iад а йитина, арен тIе а девлла, цигара йарташ а гIовттийна, Соьлжа-ГIалина тIе даxар. ТІаккха а букъа тIехьа тоъал боккха ницкъ буьсу мостагІчун. Вай шина цIарна йуккъе нисло.

– КхоалгIа некъ бац?

– Суна хаац.

– Хаси-Юьртара дIа аьчкан серийн зIe йуй? – xaьттира Коьрас.

– Йу.

– Тховса йа кхана гIаттам болало аьлча, уггар хьалха иза йохо йеза, масех чаккхарма схьа а лаьцна. ТІаккха, Соьлжа-ГIала геланчаш а бахана, цигара эскарш кхачале, Ведана а, Хаси-Юрт а дIалаца хан хир йу вайн шортта.

Дехха къийсинчул тIаьхьа, Iaьлбага сацамбира:

– ХIета, ас сайна хетарг дIаолу шуьга: Акхтас, Гезлойн-гIап дIа а лаьцна, цигахула чекхйолу зIе йохайо. ГIубхас изза до Хулхулон ахкахь. Залмин Дадас, Доча-Борзе дIа а лаьцна, Органан ахкан ков къовлу. ЯнгIулби, ахь Кешане дIалоцу. Сулиманний, Iабдул-Хьаьжиний тIедуьллур ду Ведана дIалацар. Вайн коьртачу ницкъашца со Шелахула дIa Cоьлжа-ГIалина тIегIур ву. Кхана Iийча, лама, гIуллакх дIадоладо вай. Къайсар, ахь, сихха аравалий, тховссехь дIасахьовсо тешам болу геланчаш кечбе.


3


Харц хир дара, кечбечу гIаттамах лаьцна Iедална хууш хIумма а дацара аьлча. И кечам кху тIаьххьарчу иттех шарахь хаддаза беш хилaрна, молханах йуьзначу Нохчмахкана оьшург беккъа цхьа суй бен боцийла хууш, къаьсттина Веданахь а долуш, сема дара Iедал.

Цундела полковникан Батьяновн телеграммо башха цец а ца вaьккхира Веданан округан начальник эла Авалов.

– ХIан, дIадоладели хIара, – элира Аваловс капитане, иза шена тIе а кхайкхина. – Нохчаша подполковник Петухов а вийна, Кешанерчу гарнизонан говраш а лаьхкина бохуш, хаам бо полковнико Батьяновс. Суна хетарехь, изa дeвнан йуьхьиг йу. «ГIаттам» боху дош дало ца лууш, боху ас иза. Лаа дац хIара. Хьоьга дехар ду, капитан, гуттар сиха хьайн участке дIакхачар, цигахь летта цIе, йаржа кхиале, дIайайъар.

Страница 65