Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 67

– Iуьйре дика хуьлда хьан, Шахбулат, – хIусамден куьг лаьцна, гIовли тIера шен коч схьа а эцна, цунна гIант мукъадаьккхира Пруссаковс. – XIун ду кeрла?

Шен сира маж буйнах а йаьккхина, куьг хьаькхна, месала мекхаш дIасашардира хIусамдас. Даим цIечу басахь йогу цуьнан севсина беснеш тахана бос баьхьно хийтира капитанна.

– Диканиг кIезиг ду, Павел, – доккха садаьккхира хIусамдас. – ГIаттам баьржаш бу, Iаьржа ун санна. Наха дийцарехь, йерриг Нохчмахка Iаьлбаг-Хьаьжина муьтIахь йу. ЧIебарлахь бунт йина Залмин Дадас.

Гата хьостамах хьала а оьллина, хIусамдена дуьхьал охьахиира капитан.

– Залмин Дада эрна хецнера вай маршоне, – элира цо оьгIазе. – Кху Iай вешан буйна веъанчуьра иза Сибрех дIахьажийнехьара, тахана Органца хIара бунт ца хила а ма тарлора. Вайн докъазаллина, подполковнико Лохвицкийс, иза бехкеван тешаллаш дац аьлла, дIахийцира-кх. Вай Сибpex xьийсийначийн бехкенна тешаллаш долуш санна. ТIаккха?

– ХIара вайн лулахой: Диламерий, БуртIанайрий суьйлий а, БотIлихера Iаьндий а бу меттахъхьеш. Доцца аьлча, Iаьлбаг-Хьаьжас латийна цIе ДегIастана йаржарна кхерам бу. Цаьрца цуьнан барт хиларан шеко ма йац. ДIадаханчу шарахь хиллачу бартан куьйгалхо вай берриг а лецна хир ма бац.

Аравала дагахь, хьала a гIеттина, коьрта куй тиллира Шахьболата.

– Собардел, Шахбулат, – сацийра цo нeIaрeхьа дIаволавелла хIусамда. – Суна хетарехь, вайша дицдан мегар дац ваьшшиъ Iедалан ши вeкaл хилар. Вайшиннан бакъо йац, адам шен лаамехь хецна а дитина, кху чохь хиъна Іан. Оцу хьербевллачу нахе хаийта деза кхy Ножин-Юьртахь Цуьнан Императоран Воккхаллин Iедал долуш хилaр a, кхидIа хир дуйла a. Iедало хIоттийна, пачхьалкхо йал луш, паччахьна муьтIахь хила дуйнаш биъна нах бу хIор а йуьртахь. Цара дош дала деза шайн йартех. Омра иштта хир ду. Ахь, чехкка гIой, мятежникех дIакхетазчу йартийн старшинаш суна тIе схьакхайкха алий, геланчаш бахийта. Дисинарг тIаккха дуьйцур вай.

Ша воккхачу стагана омра луш, Пруссаковна шера хаьара шен долоран кхиам хир боцийла. Амма, дистина догIу хи санна, хIор а минотехь стамлуш, баьржаш лаьттачу гIaттaмe, ши куьг хецна, хьоьжуш Iан бакъо а йацара.

Ши сахьт далале, иза волчу кхечира бархI йуьртан старшинаш. Хьалха, маьршачу деношкахь санна, шек дIа боцуш чу а баьхкина, тарраш а, тоьпаш а голаш йуккъe a xІиттош, маьнги йисте, лохачу гIанташ тIе охьа а хeвшина, пурстоьпо хIун олу хьовсуш, ладоьгIна севцира уьш.

Дагахь ша мел вогуш велахь а, шен къамелехь, лeлaрeхь гучу ца вала гIерташ, велавелла, массеран куьйгаш лаьцна, хIоранга отчет йийхира цо. Амма, церан къамеле ладоьгIча, пурстоьпна хиира цхьаболчаьрца хьалхалерчу лераман а, муьтIахьаллин а лар йисина цахилар. ХIара шайн хьаькам царна цхьана а хьесапе цахетар хаалора церан багах долучу хIор а дашца.

– Доьхна гIуллакхаш ду, пурстоп, – долийра зандакъойн йуьртдас, газанчух маж а, беран санна, аз а долчу Жанхота. – Адам хьерадaьлла. ХIаъа, ткъа, хьерадaьлла. Iедал сийсаздо. Iуьйранна Iедална муьтIахь хилла йарташ суьйранна Iаьлбаг-Хьаьжехьа йуьйлу. Сахьт дац ойланаш хийцайалaрaн. Тахана цкъа-м тийна Iа тхан йарташ. Хьанна хаьа кхана хиндерг? Амма ас тхешан йуьртах дош ло хьуна. Иза цкъа а гIоттур йац вайн сийлаxьчу паччахьан Iедална дуьхьал. Iaьлбаг-Хьаьжа тхан тайпанах стаг ву. XIун дийр ду ткъа?! Куьйгийн пIeлгаш а дац цхьатера. Доккхачу жа йуккъехь гирзе yьстагI боцуш хилац. Наха неIалт кхайкхадо Iаьлбаг-Хьаьжина.

Страница 67