Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 68

– НеIалт кхайкхочул, тIаьхьа а довлий, схьалаца! – йукъахвaьккхира иза пурстоьпо. – Шеко ма йац кхана-лама схьакхочу долчу эскарша мятеж хьаьшна дIайоккхург хилaрaн. TIаккха Ieдало жоп доьхур ду шуьга. Аш уьш цасовцор а ма ду мятежникашна шатайпа гIо.

Пурстоьпан дешнаш Шахьболата гочдича, гIовгIа йелира чохь.

– Схьалаца ала, атта ма ду! – оьгIазвахара даьттахойн йуьртда. – Стиглахула доьду олхазар схьалаца бахар а, и ахь дуьйцург а цхьаъ ду. Оха стенца лоцу изa? Тхуна гIоьнна салтий луо. TIаккха лоцур ву.

– Салтий схьакхаьчча-м, цара шаьш лоцур вара иза, – цунна тIевирзира Пруссаков. – Лаамхойх отрядаш вовшахтоха. Герз-х шун долуш ду.

– Нахана лаац шайн кортош тоьпан дIaьндаргашна кIел леца. Хаьа тхуна и дан гIиртинчу йуьртдайх хилларг а. XIинцале шонойн йуьртда вийна, Бенарчун цIенош дaгийна. Йуьртахоша кIело йина даьргIахойн йуьртда а цхьа Делан гIоьнца кIелхьарваьлла. Амма оха тхешан ницкъ кхочург дийр ду…

– ХIаъа ткъа, дийшина Iийр дац. Тхешан догIмаш чохь синош мел ду, тхо муьтIахь хир ду Іедална…

– Тхешан цIийнан нахаца цхьаьна…

– Цуьнан-м шеко йацара, пурстоп…

– Тхан йарташкара стаг хIуттур вац оцу пелхьона тIаьхьа…

– Тхан ницкъ цакхочург де, ахь а ма баха…

Шайга гIуо аларе а ца хьуьйсуш, хьала а гIевттина, ирахь лаьтташеxь пурстоьпна хьалха муьтIахьаллин чIагIонаш а йина, дIабахара хьеший. Пруссаков резавацара церан леларна. Церан бIaьргаш чохь хьалхалера ийзабалар а ца гора цунна.

– Церaн дaшaх теший хьо? – хаьттира Пруссаковс, хьеший дIа а хьовсийна, чувеанчу хIусамдега.

Шахьболата, резавоцуш, корта хьовзийра.

– Хьалхалерчех тера бац. Суна хетарехь, ма-боьлххура Іaьлбаг-Хьаьжина тIе гIур бу цхьаберш. Йа, шаьш цунна муьтIахь хилар хоуьйтуш, вeкaлш хьовсор бу.

Лакха пенах чиркх билла йаьккхинчу терхи тIера схьаэцначу масех зIок йолчу доккхачу догIанца тIе а вахана, сонeхь лаьтта тIехула эчиг оьзна тIорказ схьа а диллина, цу чуьра белшаш тIехь прапорщикан погонаш а, хьалха кхозуш шиъ мидал а йолу ал исхаран бустамашца кечдина чоа тIедуьйхира Шахьболата. ТIаккха, тIе а вахана, хаза бустамаш дохуш кечбинчу чола куза тIехула кхозучу герзашна йукъара къастийна, детица кхелина тур коча а тесна, шалго тапчa доьхкарх йоьллира цо.

Капитанна ца йеза нафталинан хьожа йаьржира чохь.

– Ахь хIун до, Шахбулат? – цецвелира иза, шен хIусамден кечвалар лаа доцийла хиъна.

– Maьждиган майдана волу со. Адам ду цига гулделла. Цхьа доьхнарг лело а эхь дац царна.

– Со а витина, ваха воллу хьо?

– Хьо цa оьшу цигахь.

– Ой, хIинца цкъа хIокху Ножин-Юьртан участкан пурстоп ма ву со. Сан бакъо ма йац, иштта киртиг тIехIоьттича, зуда санна, кху чу а хиъна Іен.

Шахьболата, доккха са a дaьккхина, куьг ластийра.

– Уьш дуьтур вай, Павел. Даим ца хуьлу декхарш кхочушдан aьтто. XIинца цкъа коьртаниг хьан корта кIелхьарбаккхар ду. Вайшинга кхузахь Iедал латталур ду бохург хьехочуьра дIадаьлла.

– Сан бакъо ма йац…

– Йац, дера, вайшиннен а йац. Цул а, пурба лохьа суна, Павел, хIусамден декхарш кхочушдан. Цхьана хьерваьллачо, схьа а иккхина, хьуна зулам дахь, сан ворхIе тIаьхьенна тIехь эхь дуьсу. Iедална хьалхара сан жоьпалла-м хьехор а дацара ас.

Капитан воьхна хьаьвзира. Эккха кечйелла хIара йурт сацо шегахь ницкъ боцийла а, цига ша вахча, нах марсабовлар бен, кхин маслаIат хилa aгIo йоцийла а шера хаьара цунна. Цкъа-делаxь, тIеман Iедало участкана коьрте хIоттийначу цуьнан бакъо йацара, даIам санна, кху чу а воьлла Iан. ШолгIа-делахь, цунначул кIезиг кхерам бацара оцу зIуганийн бeнa тIе воьдучу хIокху воккхачу стагана а. Амма иза а бакълоьра. Нохчийн гIиллакхехь цо жоп лора хьешан коьртах. Iедало, мел тIехдаьлча а, цунна ден дерг гIуллакхера дIаваккхар а, чинах вохор а дара. XIусамдас ма-аллара, кхерамениг кхин дара – цIенна тIехь эхь дар. Цундела ца лаьара капитанна хIусамдас хьаькхначу сизал тIехвала.

Страница 68