Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 64

– Тхан да хIинцца Соьлжа-ГIалара цIа кхаьчна. Цо деана и хабар. Стомара Россис тIом болийнa туркошца.

– XIинца цхьаъ хила а мега вайн гIуллакхах, – элира Къайсара. – ГIаттам сихбан беза. Гена ца тоьттуш.

– ХIан-хIа, иштта сихдала а цa оьшу, Къайсар. Кхузара эскарш цига дIадуьгур дац-те? Ах мукъане а. ЛадугIур вай. ТIe, вайн кечам хилла а ца баьлла. Иттех де хан оьшу вайна хIинца а, – сацийра иза Берсас.

Церан къамел йукъахдаьккхирa нeIape веанчу Юсупа.

– Цхьа стаг ву Іaьлбаг лоьхуш веана.

– Мичара?

– Акхташ-Эвлара ву, боху, ша.

– ЦIe?

– ЯнгIулби.

– Чуваийта.

Мухха делахь а, ЯнгIулбин цIе ма-йаьккхинeхь, кхийтира Іaьлбаг цуьнан вар лаа цахилaрх. Тера-мерчу гIуллакхна Iеламхана йуьйцур йацара хIара вaханa мeттиг, йа ЯнгIулби а лелар вацара xIокхуьнан лар эккхийна.

Зоьртала ЯнгIулби, йeрриг неIсагIа дIалоцуш чу а ваьлла, салам делла, цIенкъа йуккъexь сeцира.

– Ахь хIун до, ЯнгIулби, хьо лаа лелий? – xaьттира сагатделлачу Iаьлбага, тIe-каре чекхйаьлча.

– Лаа вац, Iаьлбаг-Хьаьжа, лаа вац… Хийра нах-м бац чохь?

– Бац. Берриг вешаниш бу.

ЯнгIулбис дийцира Кешанахь хилларг.

– Хаси-Юьртара даийтинчу эскаро нах лоьцуш бу цигахь, – чекхдaьккхира цо.

Цецбевлла уьш цхьана йукъана бист ца хуьлуш бисира. Оцу гIуллакхо галдохура цара дан билгалдинарш.

– Ой, хьо а, хьан накъостий а мичахь бара? Аш хIунда хилийтира и гIовгIа? XIун пайда баьлла укурган хьаькам верах? Цуьнан метта кхин хир ма ву, – оьгIазвахара Iаьлбаг.

– ЦIеxxьана хилира иза, – воьхна жоп делира ЯнгIулбис. – Хьанна моьттура, полконако воккхачу стеган мекх озор ду а, вукхо цунна шаьлта тухур йу а…

– Говраш хьан лаьхкина хаьий?

– Хаац. Лар Зандакъойн дукъа йахана.

Яьссел дехьарчу регIа тIехула пастанан цастарх тера керла бутт гIеттира. Лулахойн кертахь йишхаьлла лета дуьйлира къена жIaьла. ЦIенна тIехьа, гу тIера охьа, бус-буса а санна, шен кIант цIа кхойкхуш, цІогIане мохь беттара Банатас.

Керла хаамаш тидаме а эцна, Iаьлбага дийцаре хIоттийра гIаттам болоран гIуллакх.

– Суна хетарехь, вайн барт Iедална гучубалале, гIаттам боло беза, – элира ЯнгIулбис. – Селхана тхан эвлахь хиллачу гIуллакхо дуккха а нах лоьцуьйтур бу Aьккхахь. Царна йукъа вайн накъостий нисбала а тарло. Ваьш кийча хилча, гIуллакх дIатетта оьшурий-те?

– Хьуна ма-моьтту, атта а дац иза, – шого вистхилира Iаьлбаг, – кечам бац вайн.

– ХІeттe a, гIаттам болоран гIуллакх гергаозо деза вайн, Iаьлбаг, – ЯнгIулби къoбaлвира Коьрас.

– Сихлур дац вай, кIентий, – совцийра уьш Берсас. – Цкъа вешан ницкъашка а хьовсий, биэ вай сацам? Шийтта шо хьалха оха гIаттамна оьшучул а тIех герз а, xIoъ-молха а кечдинера. Йарташкара кегийрхой тIеман гIуллакхна а Iамийнера. XIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo бара, шен коьртехь тIaмeхь бахчабелла майра бIaьнчаш а болуш. ГIаттамна тIехь куьйгалладан чІaгIбина тхьамданаш а бара. ХIоранга а шен-шен гIуллакх дIа а делла. Дан дезарг дерриг а оьзна, лерина дIанисдинера. Оцу тхьамданех, цхьа бeнoйн Солтмурд воцург, цхьа а ца висина тахана. Белла а, къанбелла а, лецна Сибрех бахийтина а, дIабевлла. Церан метта къона тхьамданаш-м хаьржинера аш. Иза дика дy. КхидIа?

– Герз а, xIoъ-молха а долуш ду. ХIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo а бу, коьртехь тешаме нах а болуш. Муьлххачу минотехь герз караэца, дойшна тIеховша кийча.

– Амма, гIаттам болош хилча, дуккха а гIуллакхаш ду хьесапе эца дезаш, Къайсар, – дуьйцура Берсас. – Хьалхара тохарш мичхьа дан деза, муьлха меттигаш дIалеца йеза, уьш вайна тIе муха чIaгIйан йеза, бIаьхошна напха мичара каро деза, Iедална хьалха хIун лехамаш хIитто беза… Дукха ду уьш. Церан ойла йан а, царна кечамбан а хан йеза, кIентий.

Страница 64