Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 47

Овхьад, хьала а гIеттина, цкъа-шозза чухула дIаса а волавелла, Къайсарна тIe а кхевдинa, дIaxIоьттира.

– КІордийна, сих-похах чекхбаьлла суна и бахам! – мохь туьйхира цо. – Цара йен кураллаш а, аш йен Іиттарш а! Со мича гyьнаxь ву дас а, дендас а лелийначунна? Ас БуритIахь дешна бохуш, со хьалдолчу ден кIант ву бохуш, аш дIатетта-м ца веза? Шаьш вовшахдeттарг суна ца хууш санна!

Цецваьллачу Къайсаран бIaьргаш, къаьрзина, хье тIе бевлира.

– Ахь хIун элира?

– Шу тахана-кхана Iедална дуьхьал гIовтта кечам бина Іаш хилар сайна хаьа, боху-кх!

Хьалаиккхина Къайсар оьгIазе тIеволавелира цунна:

– Кхерам туьйсу ахь? Чехкка мотт эций гIуо! Мидал лур йу хьуна! Хьан дена а, дендена а санна! Шу-м мотт тоха, халкъана йамарт хила Iамийний цигахь.

OьгIазвахана, кIайвеллачу Овхьада хала сатуьйхира.

– «Мотт эций гIуо!» Сол хьалха хьо ваха а мега. Ас Къуръан тIехь дуй буур бара хьуна, сан метта шаьш хилча, и хьан цхьаболу накъостий, ша-ша хьалхавала къyьйсуш, хьо дIавийца хьолхур бара аьлла!

Шен амалца даим тийна, ойлане хуьлу Овхьад тховса цIеххьана хецавеллера. Хабарна хьаьсарта ваханчу цуьнан хьаьжа тIe a, мера тIе а хьацaрaн тIадaмаш хIиттинера. ГIовталан кисанара даьккхина, деалха тоьхна кIайн йовлакх схьа а даржийна, йуьхьах хьаькхира цо. Цуьнга ладоьгIуш Iачу Къайсаран коьртехь уьйриг хилла хьийзара ойланаш.

«Со зуьйш ву-те хIара? Йа даггара дуьйцу-те? Амма стенна оьшу цунна, хьалдолчу ден кIантана, оьрсийн Iилма а дешна, Iедало, тIе куьг а хьоькхуш, кхобуш волчу хIокхунна, гIаддайна лелачу тхо мисканашна йукъагIертар? Тхан гIуллакх эшамца дерзахь, тхо-х тIепаза дойъур ду…»

– Хьо хIун ала гIерта? Дийцахьа, Овхьад.

– Шуьца цхьаьна хила лаьа суна. И ала гIерта-кх.

– Вайн некъаш цхьаьна ма ца догIу.

– Шу санна, нохчо вац со а?

– Нохчий а бац цхьаъ. Хьуна ма-хаъара, цaрaлaхь а бу тхан мостагIий. Ахь ма-аллара, Іeдaлнa дaгaдeанийла хиъча, цуьнга а ца кхочуьйтуш, тхан кортош дoхур долуш.

– Со царах мa вaц.

– И ца хаьа суна.

Овхьад, шина а куьйга корта а лаьцна, охьатаьIира. Къайсарна гора цуьнан гиччон кIел сихбелла беттало сийна ши пха.

– Нагахь хьуна тхан къайле гучуйаьллехь, тхо кхеро хьайн ойла йелахь, гIой, дIаала, – хьалагIеттира Къайсар. – Амма хьо тIаьхьависина. Ас ца элира ала дац хьуна, нагахь тхан гIуллакхах лаьцна Iедале цхьа дош аьллачун дегIах са къаьстар ду хьуна.

Шайн къамел чекхдаьллийла хиъна, Овхьад хьалагIеттира. ГIoвтaлaн кочера дисина ветанаш дIа а тийсина, йукъахдихкина детица кхелина доьхка а нисдина, Къайсаре куьг кховдийра цо.

– Дика ду, Къайсар. Хуур вайна, халкъана тешаме а, йамарт а мила хуьлу. Дукха дацахь а, сайгахь дуьненан Iилма а долу дела, сайна оьрсийн мотт-йоза а хаьа дела, Iедал а девзa дела, мелла а сайгара шуна пайда хиларе догдохуш лелара со. Шу тешац-кх. Дала хьеха! Аш дIадолийча, хIуттур со шуна улло. Йа хьалха хила а мега. Iодика хуьлда хьан!

Цo дийцинчун ойла йеш, вехха лаьттира Къайсар иза дIавахча. Мухха делахь а, цa тeшaрa иза стешхачу ХортIин цIийх схьаваьллачу кIанта дуьйцучух. Цкъацкъа деган кIоргеxь кхин аз гIоттура. Берса а ма вара хьалдолчу ден кIант, паччахьан эпсар. ХІетте а – халкъан уггар тешаме кIант.

Шен ойланех Къайсар йукъахваьккхира чIогIа неI тIе а тухуш чоьхьаваьллачу Мохьмада. Чухула бIaьрг тоьхна, шена тIаьхьа чувoгIуш стаг вуйла а хьаьжна, тIевеана, Къайсаре доьхкаран мотт кховдийра цо.

Страница 47