Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 66

Амма Iосина ца хезира кIанта доху бехкаш, туьйсу кхерамаш, диэн дехарш. Доьхкарх йоллу тапча схьа а йаьккхина, зIок йуха а оьзна, буьххьерчу мокхазарей, лергарчу молханей хьаьжна, сутара ши бIаьрг кIантана тIебуьйгIира цо.

– ДIадовла готанна гуонахара, – элира Iocac мохь тоьхнна. – Со кхеро стаг хIинццалц схьа нанас дена ца винийла хаьа шуна. Оцу готанна аьттехьа ваханарг ас тоьхна вожор ву.

Iосин важа ши кIант гучу ца волу-те аьлла дIахьажавеллачу Iелина гира, гоьлех йеттало йоккха шаьлта шен чолакх куьйга сеца а йеш, каралаьцна жIоммагIа а долуш, охана тIехула схьахьаьдда вогIу Васал. Махо ловзайора цуьнан эттIачу чоин бехчалгаш, йуьхьа тIехь къегара хьацар. Моханечу цо цхьа доьхнарг дарна кхеравелла, Iела цунна дуьхьалвелира.

– Собаре хилалахь, Васал. Машаре дерзор ду вай xIapa.

Амма девне вала ойла Васалан шен а ца хиллера. Ведда веанчу шен хаьдда са дирзича, чоин пхьуьйшашца йуьхьа тIера хьацар дIа а хьаькхна, логе хIуьттучу шаддех къурдаш деш, Iосина тIевирзира иза.

– Iоса, хьо хIун дан воллу? Сан доьзал мацалла хIаллакбан гIерта хьо? XIapa урд ахь дIадаьккхича, ас йалх берана хIун дан деза?

– Бераш кхаба хьайн ницкъ бацахь, зудчунна йуххе ма гIерта. Ас кхабарга догдохуш йойту ахь и херсеш?

Iела цецволуш собаре хиллачу Васална хIинца моха йеара.

– Хьоь хьайниш санна, массаьрга а дайъалац шайн бераш!

– Сацайе хьайн муцIара, пис! – мохь белира Iосин.

– Пис, Къуръанор, йу хьо, йамарт жIаьла! Делах а, нехан неIалтах а ца кхоьру иэхь дайна гIизби! ДIайаккха кхузара хьайн гота!

Стерчашна тIехьаьдда Васал царна бIостанехьа жIоммагIа детта вуьйлира. Iосин ши ахархо йуьстахъиккхира. Ша аьллачунна тIера ца вала, Iocac, тIе говр а тесна, Васална шед айъира.

– Дада! – мохь белира Ловдин. – Ма тохалахь!

Амма йуьхьа тIехула кхеттачу шедо Васалан йуьхь тIе цIен арс хIоттийра. Васалан буйнахь йаьккхина шаьлта гича, нах йукъалилхира, ткъа Iocac, шен говр, йухаоьзна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоттийна, йуьйлина тапча Васалан некха тIе лецира. Амма иза лаг оза кхиале, Ловдин тапча йелира. Коьртан хье а тосуш, цIеххьана аркъалсеттина, тIаккха меллаша цхьана aгIop вазвелла Ioca, ког луьйтанахь буьсуш, охьавахара. Къаьхкина, ткъех гIулч дехьайаьлла говр, охьавоьжначу беречух цкъа-шозза хьожа а баьккхина, терсира.

ХIинца а кIур туьйсу шегара тапча йарашла а тесна, Ловда, оханна тIехула дIа хьуьнха воьлла, къайлавелира…

VIII корта. ДоттагIий

…Хастам лекхачу лаьмнашна,

Шийлачу шаша хьулдинчу!

Хастам хуьлда турпалхошна,

Дала ца бицбинчу!

Аш къийса – шу тоьлур ду!

Дала шуна гIo деш ду.

Шуьца ду бакъдерг, шуьца бу хастам,

Сийлахь маршо а шуьца йу!

Т. Г. Шевченко. «Кавказ»

1

Аьрзус а, Маккхала а шайн накъосташца цхьаьна шина шарахь гергга, дийнахь-бусий, садаIар хIун ду ца хууш, къахьоьгуш, кечбина гIаттам корта боцуш бисира. ХIор а йуьртахь бара цара хаьржина тешаме тайпанийн тIеман тхьамданаш. Кийча бара уьш муьлххачу дийнахь, муьлххачу сахьтехь, шайн бIаьхой тIаьхьа а хIиттийна, йиллинчу метте дIагулбала. Амма Iай Шелана уллохь хиллачу гIуллакхо доккха ков даьккхинера церан тIеман организацина. Лецначу Кунтин вейтта векална йукъахь вара гIаттамна тIехь куьйгалла дан деза масех стаг. Цул сов, Кунта а, цунна йуххера масех Iеламстаг а дIаваьлча, дегнаш доьхнера дуккха а нехан. ТIехула тIе, Нохчийчу далийна керла эскарш…

Страница 66