Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 23

– Ахь-м со а тешош лаьтта! Ткъа хьан лоцур ду и гIуллакх шена тIе? И дерриг вовшахтоха а, чекхдаккха а шатайпа стаг ма оьшу. Правительство а, нохчий а тешаш.

– Ахь боху стаг хьуна хьалха ву. Оьрсийн эскарийн инарла велахь а, нохчий чIогIа теша сох.

– Нохчашна йукъахь хьан сий дуйла, хаьа суна. Амма хала а, дукха хан йезаш а, шекончохь а гIуллакх ду-кх хьуна дагадеанарг. Тхоьгара хIун оьшур дара хьуна?

– Масех стаг иэца, цкъачунна итт эзар сом ахча а, Тифлисехь кечйайтий, нохчий Турце дIабоьхуш, цигахь царна даладолуьйтур ду бохуш, султанан цIарах прокламацеш а, правительствос шайн лаамехь Турце кхелхачу нохчашна гIo дан тIелацам а, и гIуллакх вовшахтохархо правительство хилар а, долор соьгара схьадаьлла хилар йоккхачу къайлехь латтор а.

Мекхийн йуьхьигаш хьийзош, жимма ойла йира Лорис-Меликовс.

– Кхузахь-м хьан кхиам хуьлуьйтур вай. Ткъа туркойн правительство реза хир йуй-те нохчий тIелаца? Кубанера дIабаханчу ламанхоша сийсош йу Турци. Уьш дIатарбан а ницкъ боцуш, гатйелла хьийза султанан правительство. Ткъа кхелхарш хIинца а йуккъе а ца бевлла. ДIакхаьчнарш мича хьолехь бу? Йерзинчу стигала кIел, цамгарший, мацаллой хьоькхуш. Бухарчу бахархойх леташ, талораш деш, дахарехьа къуьйсуш. Цаьргара хьал ца хууш хир ма бац нохчий.

– Цигара гIуллакхаш нисдан, Константинополе гIyp ву со, – сихха жоп делира Кундуховс. – Сан йаккхий зIенаш ма йу султанан гуонаца. Кхиаме догдоху ас.

«Ванах, оцу нохчийн ма чIогIа бала кхаьчна-кх хьан, – даг чу иккхира Лорис-Меликовн. – ХIун ду-те ахь дагалаьцнарг, дан мукъана а?»

Эххар а хаттаза ца Iевелира иза.

– Нагахь, къайлаха дацахь, цхьана хаттарна жоп лохьа, – долийра цо, Кундуховс ма-дарра дуьйцур доцийла хуъушехь. – И бала хьайн коча эца хIунда гIерта хьо?

– Суна хIун пайда хуьлу бохург ду-кх иза? – велавелира Кундухов, командующин бIаьра а вогIавелла. – Цхьа а тайпа! Нагахь сан дагахь дерг соьга кхочушдалахь, гIаттамна кечло нохчий керлачу бохамах, йа, нийсса аьлча, хIаллакьхиларх, ткъа правительство цаьрца керлачу тIамах кIелхьарйоккху ас.

«ЦIога а гуш, аьшпаш бутту ахь, цхьогал, – дагахь велавелира Лорис-Меликов. – КIус бен ца гуш, хьулваллалц нохчийн цIийлахь ву хьо. ХIинца, цIеххьана царах хьуна къахетта аьлча, мила тешар вара?»

– ХIета, хьайна хIумма а ца доьху-кх ахь?

– Сан сайн дуьхьа хIумма а дац, вайн йукъарчу гIуллакхан дуьхьа ду. Нагахь, нохчийн уггар къармазечу декъана коьрте а хIоьттина, сайн доьзалца цхьаьна со Турце вахча, правительствона доккха гIуллакх дац иза? Цундела правительстве дехар хир ду сан цига дIаваха сайна пурба далар а, сан мохк дIаэцар а.

«ХIуъу йелахь а, цхьа къайлаха Iалашо йу хIокхуьнан. Кху махкара дIавала воллу. Амма – хIунда? Хьо вагахьара жоьжахатин цIергахь, и хьере нохчий сан кочара бевлчхьана. Турце кхелхинчу ах миллион ламанхочунна тIаьххье цхьа хIири вахарх, тхан хIун галдолу».

– Дукха дуй хьан латта? – хаьттира Лорис-Меликовс, шена и дерриг а дика хуъушехь.

– Ши эзар бархI бIе десятин. ТIулгах доьттина цIа а, гIишлош а.

– Мел мах боьхур бу ахь хьайн именех?

– Лаххара а, шовзткъе пхи эзар сом.

«Нах Iовдал белахьара, ма хьекъале стаг вара-кх хьо. Пхийтта эзар соьмал лакхара бац-кх цуьнан мах».

– ТIаьххьара а, кхин цхьа дехар а дара сан, – бехкалвахана, командующига хьаьжира Кундухов. – Нагахь резаберш нислахь, соьца дIакхалха хIирашна бакъо йалар.

Страница 23