Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 22

– Цуьнан шеко йац.

– Нохчийчуьра хьал цхьа а къастам боцуш лаьтта. Цунах цхьа агIо йаккха Iалашо йолуш, ломан когашца йолу нохчийн йарташ цхьайерш Соьлжан аьрру агIон тIе, вуьш Жимачу ГIебарта а кхалхийна, мукъабаьллачу махка тIе гIалгIазкхий ховшо план йу-кх хьан?

– Хьо нийса кхетта.

– И нохчий дуьхьало ца йеш махкара дIабевр бу, моьтту хьуна?

– Бертахь ца бовлахь, ницкъаца бохур бу.

– ТIаккха шовзткъалгIачу шерашка йухадоьрзу вай.

– ШовзткъалгIа шераш йухадогIур дац. Ас ма аьлла хьоьга, хьалхалера Нохчийчоь дIайаьлла.

– Нохчашкахь ницкъ ларбелла тоъал. Цара дуьхьало йийр йу.

– Йеха йийр йац. Таханлерниг кхин зама йу, кхин хьелаш а ду. Хьуна дицделла, Муса Алхазович, Соьлжан, Теркан аьтту агIонна тIехь хIинца гIалгIазкхийн станицаш а, Нохчийчохь маситта тIеман чIагIо а хилар. Иза кIезиг ницкъ бац. Нохчийчоьнан муьлххачу а маьIIехь цIе латарх, шина-кхаа кIиранах йайъалур йу вайга.

– Нагахь нохчий, тIеман законаш а лардеш, бIаьхаллин низамехь вайна дуьхьалхIиттина латахь-м, кхо кIира а дукха хир ду. Цара и дийр ма дац. Даим санна, шайн доьзалшца лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайла а бевлла, вайна дуьхьал партизански тIом бийр бу цара. Ткъа ишттачу тIамна цул говза а, каде а къам дац дуьненахь. ТIаккха, бохий ахь, кхаа кIирнах-м хьовха, кхаа шарахь а ларор дац вай.

– Кхин некъ ца хилча, хIун дан деза?

– Нохчашна а ца буьсу, латар бен, кхин некъ. Оцу халкъах ах сов божарий хIаллакьхилла. Цуьнан уггар дикачух ах мохк дIабаьккхина вай. Доцца аьлча, тIамал хьалхалерчу шайн йукъараллин дIахIоттамна тIе йухаберза а, хIетахьлера бахаман хьелаш кхолла а йа аьтто а, йа ницкъ а бац церан. Йукъараллин дIахIоттам бохийна, мохк дIабаьккхина. Керла хьелаш, вайн урхалла, низам тIеэца ницкъ а, кхетам а бац. Гой хьуна, Михаил Тариэлович, нохчаша а лоьху кIелхьарбовла некъ. Мичахь бу иза? Йа вайн Iедалца машар бина совцар, йа, дуьхьало йеш, летта балар, йа, Кубанера ламанхой санна, Турце дIакхалхар – и кхо некъ бу царна хьалха.

Лорис-Меликовс ойла йира, хьажа тIе нана-пIелган гола а хьоькхуш.

– Цара муьлха некъ къастор бу аьлла, хета хьуна? – хаьттира цо эххар а.

– Нагахь правительство хьан план кхочушйан йолахь, – шолгIa некъ. Ткъа иза даррехь тIом бу.

– Ахь хIун хьехар ло?

– Уьш шайн лаамехь Турце кхалхийта гIорта деза.

– Ахь баккъал а боху? – цецвелира Лорис-Меликов. – Айхьа дуьйцучух хьо-хьуо а ца теша-кх, инарла!

– ХIунда ца теша?

Кундухов зуьйш, хаттаре цунна тIевогIавелира Лорис-Меликов.

– ХIета, стенах догйовха ву хьо?

– Дуьненахь а зиэбеллачу цхьана некъах. Нохчийчохь цIейаххана лоруш волу масех стаг ахчанах иэца. Цаьрга нахана йукъа туркойн султанан цIарах прокламацеш йаржайайта. Уьш шортта ма йу вайгахь. Тифлисехь нохчийн цIарах зорба тохийта уьш. Вай иэцначу наха, кхузахь хиндолчу дахарх догдоккхуш, нахана Турце кхалхар хаздеш, эладита даржор ду.

– Шеконехь гIуллакх ду иза, – чам байра Лорис-Меликовн. – Оцу аьшпех а Iехабелла, вайн хьомсара нохчий Турце кхалха реза хир бу бохучух тешац со.

– Жимачу ГIебарта кхелхар бу, моьтту хьуна?

– Цига кхалхо дукха атта хир ду. ГIебарта уллехь ма йу церан даймахкана.

– Ахь цхьа хIума тидаме ца оьцу, Михаил Тариэлович – и Турци бусалба пачхьалкх хилар. Дин политикин корта бу массо а пачхьалкхехь. Вайна къайле ма йац, Закавказера керста халкъаш шайн лаамехь Россех схьакхетийтинарг а, Балканерчу халкъийн ойла вайгахьа йоккхург а дин хилар. Закавказехь Эрмалойн область кхоьллича, бусалба Иранерий, Турцерий ведда маситта эзар эрмало веара цига. Россин, Турцин тIом масазза хуьлу, Балканера итт эзарнаш болгараш, сербаш кхелха Россе. Иза бусалба пачхьалкх йолу дела кхелха Малхбузера ламанхой Турце. Герзан ницкъ ца тоьллачохь ахчано гIуллакх до. Со тешна ву, вайн правительство гуш йукъа а ца гIерташ, нохчий Турце кхалхалург хиларх.

Страница 22