Размер шрифта
-
+

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 6

Монголийн а, татарийн а ардангаш Нохчийчуьра дIайахча, Кавказана тIелатарш дира аренца дуьйладелла лелачу тайп-тайпана къаьмнаша – половцаш, пичинегаш, готаш, гунаш, мадьяраш, хазараш, вятичаш а, кхин берш а. Чаккхе йоцучу къиссамаша гIелйина йолчу Нохчийчоьнна цIеххьана коча йеара, Кавказана тIе бIаьрг биллина Iаш йолу Росси.

Билгалдаккха деза татарашка а, монголошка а нохчий къар ца белла. Шийтта шо сов хенахь къиссам латтийра нохчаша хIара ах дуьне шайн карадерзийначу луьрачу мостагIашца. Амма дуьненан дай шаьш хеттарш, нохчийн лаьмнашкара эшамца дIабахара. ХIете а церан аьтто белира Кавказан цхьа долчу латтанашна олалла дан. Церан ког кIелара хIинца бен маьрша йаьлла йоцучу Россин лаам хилира Кавказ карайерзо. ХIетахь дуьххьара Кавказан маьрша лаьттанашна тIамца тIе дуьйладелира дукха хьолахь, Паччахьан Россера бевддачу лешах кхоьллина хилла гIалгIазкхийн эскарш. Цу эскаршна йукъахь бара хазарийн тукхамах схьадевлла, царех тIаьхьа диссина къаьмнаш а – башкираш, удмурташ, гIезалой, казахаш, ногIий. Кестта и тIеман бIо Теркан йистошка кхечира.

Къилбаседара тIегIерташ уьш а болуш, Кавказана цхьаьнаэшшара тIелетира кхин шиъ ницкъ болу пачхьалкха: малхбузера Османски импери а, малхбалера ГIажарийн импери а. Къаьсттина хIетахьлера тIеман экспедицихь дуьхьалIиттабелира нохчий а, оьрсий а.

Чечана олучу нохчийн йуьрт йистехь меттамотт биллина лаьтташ хилла паччахьан тIеман тобанна тIелетира ламарой. Эшамца, тобанан цигара дIайаха дийзира. ХIетахь дуьйна оьрсиша нохчех «чеченцы» олуш хилла, ткъа цу йуьртах Чечен-Аул, ткъа нохчаша шайх ишта цкъа а аьлла дац. Заманан йохаллера дуьйна схьайеъна цу къоман – Нохчий цIе, ткъа шайн Даймахках цара Нохчийчоь олу.

Нохчашна цхьалла а, барт а оьшу, рогIера хала киртиг тIеIоттайелира.

Оьрсий бевзинчул тIаьхьа, нохчийн уьйр йайна хилла тукхамаш, йуха а цхьа барт хилла гIевттира шайн латтанаш ларда.

ХIинцалц башха кIоргера нохчийн дахарехь даьржина ца хиллачу бусулба динах, нохчийн къомо мостагIашна буьрса дуьхьало йеш, мелхо а церан син-оьздангаллин гIортор хилира. Дукха хан йалале, дуьххьара имамаш а гучубевлира.

Нохчийн къоман исторехь къеггина лар йитина, Кавказехь Шайх-Мансур аьлла халкъо цIе тиллиначу Олдара Ушурмас.

Дуьххьара Шайх-Мансура кхайкхинера керстанашна дуьхьал гIазотан тIом. Цо кхайкхинчу гIазотан ткъе пхеа шарахь гергга кхерамехь латтийнера дерриге а Паччахьан эскар.

Къаьсттина, 1785-чу шарахь, цуьнан аьтто белира Соьлжа хин гечо йистехь 2000 гергга стагах лаьттачу полкана кIело а йина, иза йерриге а хIаллак йан.

[1] Паччахьан подразделенин куьйгалла деш хилла Италин къомах волу полковник Де Пьери. 2000 гергга бIаьхочух лаьтта цуьнан тоба гечо йистера чIожа чуеънера, ткъа шина а дукъа тIехьара цIеххьана хиллачу тIелатаро хIаллак йира иза. ХIетахь вийнера 740 гергга саьлти а, иштта ша Де Пьери а. Кхин а 162 стаг йийсаре лаьцнера. Ткъа биссинарш, шайн герз а, кхин болу гIирс а охьа а кхоьссина, тIеман арара боьвдера.


Ламанхошца болчу къиссамехь шайн де дийне мел долу хуьлуш болу эшамаш а гуш, хIетахь Россин коьртехь хиллачу ШолгIачу Екатеринин доккха эскар тIаме арадаккха дийзира, Мансура болийна къиссам гуттаренна а сацо.

Амма кхин а йалх шо дIаделира, Ушурма Анапа гIалара Шлиссельбургски гIапехь йийсаре вале. Iедало лаьцна иза набахте дIакхачийра, цигахь кхо шо даьлча иза дIа а кхелхира.

Страница 6