Размер шрифта
-
+

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 36

Журналистикехь а, Iилманан гуонашкахь а шен хаарш хиларе терра, Яндарбиевн йоцачу ханна йукъахь аьтто белира финансисташца йукъаметтиг нисъйан. Цара гIо дира цунна «Барт» цIе йолу партийни органна зорба тоха. Ткъа цо шен рогIехь йукъараллина йовзуьйтура йозуш йоцу Нохчийчоь кхолларан майра ойланаш.

Завгаевс шен тергоне ийцира Iедалан массо а дакъа, и бахьана долуш тIаьхьарчу хенахь цунах реза ца хила а буьйлабелира. КПСС йукъахь цуьнца цабезам болчара оппозиционни боламаш кхолларехула шайн болх дIаболийра, ткъа тIаьххьара Хасбулатовца даьллачу девно иза массарна а дIа а хаийтира.

Оцу кепара, къоначу интеллектуала сацам бира «Бартах» КПСС санна боккъалла а политически парти кхолла, амма Халкъан фронт санна кегайелла а йоцуш[6].

[36] 1990-чу шерийн йуьххьехь Халкъан фронтан политически ницкъ кхачийнера, ткъа иза иракарахIиттош хиллачеран цунна тIехь терго къуьссуш, шайн барт боьхнера. Ткъа ша Бисултанов 1990-чу шеран лахьанан баттахь ахча дайарна бехке винера. Цул тIаьхьа Халкъан фронт масех кегий тобанна йекъалур йу, ткъа эххар а йухур йу.

.


Иштта кхоллайелира Вайнахски демократически парти (ВДП). Цо йукъараллина кховдош йолу коьрта ойла йара – Россех Нохчийчоь йозуш ца хилар а, Кавказан къаьмнийн конфедераци кхоллар а.

[37] Вайнахски демократически партийца нийсса Яндарбиевс кхоьллира лаьмнийн къаьмнийн Конгресс, 1918-чу арахь Чермоев Тапас кхоьллинчух терра, цуьнан хилла Iалашонаш а йолуш. Конгресс хилира Абхазин коьртачу шахьарехь Сухуми гIалахь. Цигахь губеллера Кавказан ткъаессана къаьмнийн векалш. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Москвахь бехачу кавказхойн хьашташ довзуьйтуш йолу цхьаллин политически парти кхолла, амма вай хьалха йийцина хилла йолу къаьмнийн гамонаша новкъарло йира и ойла кхочуш йан. Амма барт хилира йозуш йоцучу пачхьалкхийн конфедераци кхоллайалийта бух кечбийр болу Кавказан къаьмнийн Ассамблея кхолла.


Цуьнан политически программийн коьрта пункташ йара пачхьалкхан атеизм дIайаккхар а, динан бакъо йухаметтахIоттор а, вай хьалха йийцина хилла йолу Мехк-Кхел йухаметтахIоттор а.

Йуьхьанцара Завгаевн правительствона «жоьпаллин оппозици» санна йовзийтина хилла йолчу ВДП-х кестта КПСС дозанал арахьара маьрша ойланан коьрта гIирс хилира.

Яндарбиевн партийна тIаьхье гучуйелира дуккха а керла цIерш. Хьалхара йара физикин-математикин Iилманан профессора Гойтемиров Рамзана куьйгалла деш йолу экологически фракци – Баьццара болам. Цунна тIаьхьа рагI кхечира интеллектуалийн либеральни хьежамаш болчу «Дош» цIе йолчу боламан. 1990-чу шеран хIутоссург беттан 4-чохь кхоллайелира Нохчийн социал-демократически парти, цуьнан декъашхойх цхьаъ вара похIма долу журналист Музаев Тимур. Цунах лаьцна ма-дарра вай жимма тIаьхьа дуьйцур ду.

ГIеххьа хьежамаш болчу консерватораша кхоьллира граждански бартан Болам. Цо къобалдора дуккха а партийш хилар а, Россица федеральни зIе латтор а, ткъа ши шо хьалха кхоьллина хилла а, карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь болх беш а йолчу Бусулба дин йухаметтахIоттаран партин аьтто белира радикальни партийн гуонехь шен меттиг йаккха а, и санна йара МВД хьаькам хиллачу Гантемиров Беслана куьйгалла деш хилла бусулба динан некъан партийа а.

Цу партийн терахь алсам далар бахьана долуш, Нохчийчоь Россех къастарна кхерабеллачу гIалгIазкхиша, Кодзоевс а, гIалгIайн радикалаша а кхоьллина хилла ГIалгIайн демократически парти санна шайн болам кхоьллира.

Страница 36