Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 35
.
Завгаевн цIе хIетахь йукъараллехь шуьйра йаьржина йара. 1990-чу шеран бекарг баттахь цуьнан башха аьттонаш бара цу политически кхиамех боккха пайда эца. Хьалхара аьтто бара Нохч-ГIалгIайчоьнан Лаккхара Советан хIоттам цIинбар.
И дарж Боков Хажбикарера ша схьаоьцуш хиларе терра, Завгаевн аьтто белира республикин лаккхара кхочушдаран Iедал партийн лаккхарчу даржаца цхьаьнатоха.
Цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа политически кхиамаш бохуш, цуьнан аьтто белира 1990-чу шеран бекарг беттан чаккхенехь халкъан депутатийн Гуламехь меттиг йаьккха.
Конгрессан Устава билгалдинера хIора шарахь меттигийн пхоьалгIа дакъа цIиндийр ду аьлла, Союзехь политически нийсо хилийта.
Консерваторашна а, радикальни реформисташна а йукъахь хуьлучу Iиттадаларша и хийцамаш латаран майданах тардинера, хIунда аьлча цхьа а доза доцуш хIора а болам вовшашна тIелатарш деш бара.
Вайна ма-гарра, Конгрессехь ницкъ болуш политик вара Ельцин Борис, ткъа цо рогIера кховдийна политически агIо миллионаш бахархоша Россина сийлахь боккхачу сатийсамца тIе а лецира.
Ельцина ойла кховдийра Российски Республикин Президентан дарж хIоттаде аьлла, оцу кепара Лаккхарчу Советера законаш тIеэца йолу бакъо дIа а йоккхуш, СССР эвсаралла йолчу Iедалах а йоккхуш.
Харжамша цо кховдийнарг тIе а лецира, масех де далале Конгресса йийцаре йира Республикин Президентствон Конституци а, президент Ельцин хIоттор а.
Ельцин эрна хан йойуш вацара, цо сихонца арахийцира суверенитетан Деклараци, цуьнан буха тIехь Россехь тIеэцна долу законаш Лаккхарчу Совета тIеэцначарел ницкъ болуш хир ду. Оцу кепара, европейски пачхьалкхашна тIера а, цул тIаьхьа шен федеративни республикашна тIера а тергам байна йолу Советски Союз шен центрах а йелира.
КППС тобане хIотта дагахь волчу Завгаевн аьтто белира дикачу дарже а кхочуш, депутат хила. Амма цуьнан боккхачу политически кхиамна новкъарло йеш йара нохчийн политикехь гучуйаьлла кхин цхьа къеггина цIе – Хасбулатов Руслан.
Иза Московски университетан бакъонан профессор а вара, интеллигенцис вуно чIогIа лоруш а вара.
Горбачевн гуоне кхаьчначу цо куьйгалла дора дуккха а законопроектийн, оцу кепара цо шен дика цIе йаккхийтира Iедалехь а, иштта нохчийн йукъараллехь а.
Хасбулатовн цIе де дийне мел долу политикехь шуьйра йевзаш хилар хаза ца хетара Завгаевна. Церан йукъараллин маьIна долуш, масех доккха дов делира, цундела Конгрессехь болчу харжамшкахь церан дар-дацар политически дебаташкахь а коьрта кхачамбацар хилла дIахIоьттира.
Эххар а и шиъ Ассамблея йукъа вахийтира, амма тIаьхьа вайна гур ду цу шинна йукъахь кхоллабеллачу цабезамо нохчийн хиламашна муха тIеIаткъам бийр бу.
Партияш кхоллайалар
Завгаевна мел лиънехь а, Халкъан фронт гIелйаларо оппозици дIа ца йеккхира. Бисултановн боламо кхин а чIогIа йаккхий Iалашонаш хIитто йолийра.
1989-чу шеран мангалан баттахь Халкъан фронтан пIендарах гучуйелира «Барт» цIе йолу культурни ассоциаци.
Иза нохчийн къоначу поэта Яндарбиев Зеламхас кхоьллина къоман тоба йара.
Вай хьалха вийцина хиллачу обарг Зеламхин цIе тиллина волчу Яндарбиевн доьзалан муха мехаллаш хилла а кхетар мегар ду. Яндарбиев Зеламха вина I952-чу шарахь Казахстанехь. 1981-чу шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГIалара ишкол, ткъа цул тIаьхьа шен дерриге а дахар Зеламхас литературина а, культурина а дIаделира, КПСС-ан культурни вовшахкхетаршкахь куьйгаллин даржашка а кхочуш.