Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 19
1959-чу шарахь оьрсийн 8696 корматаллин хаарш долчу белхалошца дустича, цара беш болу болх беш 177 нохчо бен вацара.
Даймахка цIа дерзар къахьдира нохчашна а, гIалгIайшна а. Мацах дуьйна шаьш баьхначу махкахь, шайн долахь хиллачу хIусамашкахь хьеший хилира уьш, социальни бIевнехь, уггаре а лахара тарх дIа а лоцуш. Ткъа цуьнан лакхенехь-м оьрсий бара, и бакъо царна Сталина йеллера, нохчийн латтанашца а, нохчийн цIеношца а цхьаьна.
Цу хьоло гуш лаьтташшехь йуха а барт бохош бара нохчашна а, оьрсийшна а йукъахь, хIунда аьлча оьрсийн йерриге а монополи йара экономикехь а, промышленностехь а, мехкдаьттан гIуллакхехь а, ткъа нохчий са кхаччолц йуьртабахаман аренашкахь къа хьоьгуш бара, иза а доккха беркат а хеташ, хIунда аьлча дукха адам банне а болх боцуш диссинера, церан аьхкенан хаа белхаш дан дезара, ткъа царех а догIу алапа а дацара луш, йа церан гIо даккха стаг а вацара.
[17] Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а экономически хьолах лаьцна кIоргера хаьа лууш волчу йешархочун аьтто бу «Къинхьегамхойн юьртбахаман экономика» цIе йолу блог www.ichkeria.net сайта тIехь еша.
Цул совнаха, нохчий меттигера бахархоша хьийзош бара. Нохчийчоьнан бакъ болу дай Сибрех дIабигча, и мохк шайн долахь хеттачу царна хала дара хIинца нохчий лан.
Нохчийн-м шаьш баьхначу хIусамашка чубаха а йиш йацара, йа маьрша шайн лаьттахь дIасалела а йиш йацара, йа шайн маттахь къамел дан а йиш йацара. ХIинца а дийна бу йукъараллин транспортехь нохчийн маттахь вистхилча, оьрсиша – ма бийца и жIаьлен мотт – олуш йуьхь йагош, човхийна хилларш.
Махках дахаран чов хIинца а йерзанза долу нохчийн къам йуха а зуьйш дара замано. Ма ца моьттура царна кхойтта шарахь шаьш сатийсиначу Даймахке цIа кхачарах шайна сел къиза бала хир буй.
Дукха хан ца эшнера шина къомана юкъара дов цIий Iанаре дерза. 1958-чу шеран хьаьттан беттан 23-чохь гIалгIачо дов даьллачохь оьрсий вийнера.
Цу жимачу суйнах марсайелира нохчашна дуьхьал айбинчу гIаттаман йоккха алу.
Нохчий йуха а махкаха баха бохуш адам гIаьттинера, юкъааллин гIишлойх цIе туьйссуш, нохчий бойуш. И зулам эскаран гIоьнца бен саца аьтто ца белира.
Центральни Правительствос машаран а бертан а политика йу ша дIахьош олура, амма ма-дарра гуш долу сурт ишта дацара – шеко йоцуш, нохчйн къоман шен лаьтта тIехь маьрша даха бакъо йацара.
Цера-м Соьлжа-ГIалахь даха ховша а аьтто бацара, ткъа массо а белхан меттиг кхечу къомах наха дIалаьцнера. Даймахка цIа вирзинчу нохчочун дахарах дийнна цхьа къиссам хиллера.
Лаккхарчу классийн дешархойн буьззинчу барамехь дешаран шо чекхдаккха аьтто бацара, хIунда аьлча хIора бIаьста уьш дай-наношца Казахстане шабашке эха дезаш бара, рицкъа дакка, ткъа къахьегаро гIелбина уьш гурахь бен цIа ца богIура. Ткъа шайн Даймахкара химически а, мехкдаьттан а йаьккхийчу заводашка нохчашна некъ бихкина бара уггаре а боьха болх бан а.
Москвас-м ахчанца кхачо йора ишколаш а, кхин йолу хьукматаш а республикехь йан, амма Нохчийчоьнан лаьттан кийрара дIа мел узучу сурсатащца иза дустича, цара луш долу ахча хIордала кхетта догIанан тIадаммал бен дацара. Советан Iедал цIубдар санна тIелеттера нохчийн латтана. Шерашца ца Iебаш, схьаузура цо цуьнан массо а сурсат. Ткъа ала деза, и цIубдар хIинца а дуьзна а дац, шенна ша мелдиънарг – шена марах охьлитта хан кхаьчнашшехь…