Размер шрифта
-
+

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 21

[18] 1969-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь 228 000 дешархо волуш 569 юккъера ишкол а яра, иштта 289 лерина ишкол а яра 15 000 меттигана, шиъ университет а яра, ткъа царех цхьаъ мехкдаьттан промышленностан говзанчаш кхиош йолу Соьлжа-ГIалин мехкдаьттан институт яра.

.


Культурни дахар а дара промышленни долчуьнца цхьаьнаэшшара кхиам болуш доьдуш: 1970-чу шарахь кхузахь 484 библиотека а, 400 оьздангаллин кхерч а, 300 кинотеатр а, кхоъ корматаллин театральни училище а, исбаьхьаллин шиъ ишкол а, мукъамийн ишкол а йара. Зорбане долучу деа газета а, шина литературни журнала а хIора дийнахь арахоьцура миллион гергга экземпляр, ткъа меттигера телестанцис хIора дийнахь бахархошна керланаш довзуьйтура. Нохчийн хьал хIетахь мелла а хьалха хиллачуьнца дустича дикачу агIор хийцаделла хеталуш дара. Церан аьтто бара политически дахарехь а, пачхьалкхан куьйгаллехь а дакъа лаца.

1970-чу шерашкахь меттигера советашкахь 50% депутат а, иштта 19% куьйгалхо вайнехах вара.

Йуьхьанцара ойла йича, иза башха доккха терахь дацара, амма итт шо хьалха и гайтам 2% а ца кхочура.

1973-чу шарахь дуьххьара оьрсий ца хаьржира Лаккхарчу Советан куьйгалле.

[19] Иза вара 1973-чу шеран хьаьттан беттан 28-чохь хаьржина волу гIалгIа Боков Хьажбикар. Иза оцу даржехь вара 1990-г1а шо кхаччалц. Цуьнан метта нохчо Завгаев Дока хIоттийнера.


Хеталора, Нохчийчуьра къаьмнаш машаре кхаьчна. Амма цу социальни синтеман хьал башха тешам болуш дацара, хIунда аьлча нохчашна хIинца а диц ца деллера шаьш махкаха дахар. Иза хуучу Советан Iедала йуха а шен мекаралла гайтира. Цунна лиира нохчийн-оьрсийн тIаьхьарчу бIешеран истори орамца хийца.

Нохчийн истори йухайазйаран мукъ карабеллера профессорна Виноградов Виталийна. Цо кхоьллира «Нохчийчоь шен лаамехь СССР-ана йукъайахар» цIе йолу харц исторически болх.

Виноградовс дийцарехь, Россис шен син-оьздангаллин кхачалла лекха хиларца ломара акха къаьмнашна цивилизаци йовзийтинера.

И ойла вуно тамашийна йара, хIунда аьлча дерриге а маьлхаг дуьне теш дара кавказхоша бIешерашца латтийначу къиссаман. Цул совнаха, Росси коча ца йеънехь, уьш шайн пачхьалкха а йолуш маьрша бехаш бара. Цундела профессорас дуьйцучох нохчийн Iилманчаш тешо КГБ-н гIо ийшира. Иза гIоьнна йеъча, нохчийн Iилманчаш а цу харцонах ца бевлла тешнера.

Цуьнан харц йозанаша дуьйцура йа Кавказан тIом а ца хилла, йа ламанхоша шайн маршо а ца къиссина. ХIетахь хилларг иза Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Чергизойн а акха ламанхоша деш долу къолаанаш сацо гIерташ, царна цивилизацин баххаш довзо гIерташ Россис къахьегар ду.

И харцо йешча кхета мегар ду Виноградовна хьалха нохчийн истори бехйан, цуьнан сийлаллин зIаьнарш гуттаренна а йайа хIоттийна билггал Iалашо хиллий. Советски Союза хIетахь барам боцуш къа хьоьгура ламанхой тешо ша гIерташ шаьш царна цивилизаци а, культура а йеана бохучу ойланах. Амма ламанхоша цу «цивилизацих» муха махбелла а вайна хууш ду.

Политически раж хийцайелла йоллушшехь, цу пачхьалкхан нохчашца болу имперски хьежамаш кхин хийца ца белира. Советан Iедалан сацам хилира нохчийн йукъаралла социальни уггаре а лахарчу тIегIане йаьккха, цуьнан къоман кхетам, Iадат, ламаст хIаллак дина дIадаккха, тIекхуьу чкъор тешо шен къам бух болуш ца хиларах, ткъа Iедална муьтIахь хилчхьана кхин дахарехь Iалашо йоцучу Виноградовс хIуммаъ хало ца йеш йаздора шен харц жайнаш.

Страница 21