Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 87

Полковникера Батьяновгара деана пакет схьадиллира Свистуновс, чуьра нах арабевлча. Шен рапорта тIexь полковнико ма-хиллара йаздора кху тIаьххьарчу деношкахь Aьккхахь хIоьттина хьал: подполковник Петухов виэр, Кешана-гIопан говраш лахкар, aьккхийн йарташка ша йина таІзаран экспедици а.

«ШолгIачу дийнахь, айса тоьхначу хенахь, кхаа агIонгахула кхо батальон йахийтира ас цига, – йаздора цо. – Оцу ницкъex кхерабеллачу герггарчу йарташкарчу бахархоша, сихха говраш тIе а хeвшина, мятежникашна тIаьхьа а бахана, йерриг говраш Iуьйранна Хаси-Юьрта схьайалийра.

Ас тоьхначу хенахь суна тIевеара подполковник Петухов виэрна бехке волу виъ стаг а. Уьш виъ ирхъуллуш виэн кхиэл йира тIеман суьдо, и кхиэл сихха кхочушйира Хаси-Юьртахь. Ишттачу метте дуьххьара нисвелла со Iаламат чIогIа цецвaьккхира оцу веа стеган доьнaлло, майрачу Iожалло а…»

«Ма худар кегийна-кх ахь, господин полковник, – корта ластийра Свистуновс. – Иштта таІзардар дика хила а мега. Кхерам таса беза оцу разбойникашна».


3


Оцу дийнахь гIалин бахархошна шайна цкъа а цагинарг гира.

MaьI-мaьIIexь урамашкахула, гIали йуккъе, округан начальникан канцеляри йолчухьа тIеоьхуш гора йарташкара схьабогIу нохчий. Говрашкахь а, гIудалкхаш тIехь а. Де делкъенга гIоьртича, канцелярина хьалхара майда къарзйира йоккхачу тобано. Кхуза баьхкинчех дукхахберш къена нах бара. Шуьйра кIайн мажош, месалчу куйнех хьерчийна кIайн чалбанаш йолуш. ТІедуьйхинчу духарх а хаьара уьш къечу нохчех боцийла. ХІоранна а тIехь дикачу машин чоэш, исхаран, атлазан гIовталш. Царна тIехула йихкина детица кхелина шаьлтанаш, доьхкарш.

Iуьйранна дечкан пхьераша сихха аннех йиначу трибуна тIе хьалабевлира инарла-адъютант Свистунов, эла Эристов, инарла Чермоев, Виберг, полковникаш: Беллик, Курумов, подполковник Чуликов. Царна йукъахь вара баьццара йеха оба а, коьртахь холхазан куйнна тIехула хьарчийна кIайн чалба а йолуш волу округан къеда Юсуп а. Хьаькамаш гучубевлча, дIатийра тобанна йуккъера гIовгIанаш.

– XIopш ма кIезиг хета суна? – Орцега хаттар дира Свистуновс, цуьнга дIа а ца хьожуш.

– Органал сехьарчу йарташкара берриг баьхкина, хьан локхалла. Амма Йоккхачу Нохчийчуьрчу йарташкара кIеззиг бен бац. Кхузара дукхахберш Шеларий, Гермчигарий, Гелдаганарий бу.

– Юсуп, дIадоладел, – элира Свистуновс.

Кхечарна жимма тIехьа озавелла лаьттачу Юсупа, цхьа гIулч хьалха а ваьлла, доIина ши куьг айъира.

– СубхьаналлахI, валхьамдулиллахI, ва лаилахIа иллаллахI…

Майданахь лаьтта динан дай цецбевлира оцу дIадолорах. ГIуллакх чекхдолуш деш хуьлу доIа хьалхенга таттарх ца кхетара уьш. Амма, кхидIа ойла ца йеш, массара а куьйгаш хьалалeцира. Хьаькамашна тайчхьана, царна хIун ду?

– Амин!

– АллахIу амин!

– Йа АллахI, хIай ницкъ болу Дела, тхан сийлаxьчу паччахьо Эликсандра цаваьллачу денна тхан массеран луьрачу мостагIчуьнца турко-паччахьца болийначу бакъ тIамехь иза йуьхькIайн велахь, изa тoлaме кхачо хьайн пайхамарийн, маликийн, эвлайаийн орца лолахь цунна…

– Амин!

– АллахIу амин!

– ГІо делахь цунна, Дела!

– Хьайн маликаш орцахдахалахь…

– …Тxyнa ирс деллачу, тхо декъалдинчу паччахьна, цуьнан Iедална, цуьнан хьаькамашна инкарло йинaрг, матта, куьйган ишарца а, дагахь а цунна зулам динарг, дан дагадеанарг, иза бусалба велахь а, кeрста велахь а, Хьайн къинхетамах хадавелаxь, веза-воккха Дела!..

Страница 87