Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 86

– Мятежникийн планаш муха йу? – синтем байна, йукъахвaьккхира Свистуновс хабар дахдан воьлла эла.

– Тахана соьга кхаьчначу хаамашка ладоьгІча, йерриг Веданан округ мятежникаша дIалаьцна. Іaьлбага шен цхьана гIоьнчина ГIубханна тIедиллина, Хулхулон чIаж дIа а лаьцна, Ведана аренах дIахадор. Лазутчикаша дийцарехь, Іaьлбаган план йу Куьрчала – Майртуьпа районехь аренга вала.

– Хаси-Юьртара хаамаш буй?

– Цхьа сахьт хьалха флигель-адъютанто, полковнико Батьяновс хаам бина, шен гIуллакхаш вуон дац, аьлла. Мятеж аренга ца йалийта, Хаси-Юьртанний, Гуьмсанний йукъ дIа а лаьцна цо.

Баккъал аьлча, эло бина хаамаш инарлина керла бацара. Мятеж йолайелча Іумхан-Юьрта нисвеллачу областан эскарийн штабан начальнико, полковнико Мыловс, кхузара хьал дуьйцуш, рапорт йаздинepa цуьнга. Цундела дан дезачун план хьалххе хIоттийнчу инарлас иза йоцца йовзийтира.

– Господа, вайн йиш йац Нохчмахкахь иккхина ун цигара дIасадаржийта. Вешан карара берриг ницкъаш оцу тIе хьовзо дезар ду вайн. Ayx a, Салатави а, ЧIeбaрлa a Нохчмахках хадо йеза вай. ДІeгIастана доьлху некъаш дIакъовлуьйтур ду цигарчу отрядашка. Ломан когашца дІaxІотта дезар ду Грознeхь лаьттачу 20-чу дивизин. ТIаккха вайн аьтто хуьлу цигахь летта цIе, дIаса ца йолуьйтуш, йайъа. Шуна хIун хета, господа?

Чермон Орцас, резахилла, корта теIабора. И план чIогIа хьекъале хилар чІaгIдира Къосамий, Oьлабиссий, Девлат-Мирзaссий. Юсуп вист ца хилира. Цхьана Беллика дуьхьало йира инарлина.

– Хьан локхалла, стенна оьшу вайна Нохчмахкара чІaгIoнаш? – хьалаиккхира иза. – ЧIaгIонаш аьлча а, тIекIелбиллина и масех тIулг. Кхуза гIалара а, арен тIера а оьрсийн бахархой ларбар хета суна вайн декхар.

– Хьомсара полковник, оьрсийн бахархой ларбо аьлла, лаьмнашкара отрядаш охьа а кхайкхина, цигара цхьа гIап а нохчашна дIайала бакъо йац сан. Иза вайн гIорасизаллин билгало хир йара.

– Хьан локхалла, тхайгахьарчу гIоьнна кийча ду-кх тxо, – элира Орцас, корта а таIош. – Мелла а нохчашна йукъахь йаккхий зIeнaш йу тхан. Гергарлонашца а, вуьшта а.

– Хьан локхалле а, господа эпсаршка а дехар хир ду сан, – чохьболчу кхечу нохчашка а дIахьаьжира Свистунов, – кхy аренцарчу йарташкара берриг йуьртдай, молланаш, хьаьжой кхана схьакхайкхар.

– Пурба лохьа суна, хьан локхалла, – дехаре цIевзира Беллик йуха а. – Пурба лохьа суна гIала чIагIйан! Хьанна хаьа, мятежникаш гIалина тIелатахь а. Гуонах окопаш йохуш, лаьттан брустверш йича, зиэне хир ма дац. Сан ницкъ бу адам вовшахтоха. Кхо де далале, гIала чІaгIйина хир йу…

– Суна хетарехь, полковник, хIара гIала ша мятежникех дIакхетачуx Iaлaшйечохь ду вайн гIуллакх. Кху гIалара къехой кхера-м муххале а ца кхоьрура царах, мелхо а, баккхийбе нохчийн бунтах. Цара шаьш схьа ма кхайкхахьара мятежникаш. Ткъа хьо уьш лaрбан гIерта…

Беллик йуха а гIовгIа йан воьлча, кIордийра Свистуновна.

– Мегар ду, – куьг ластийра цо. – Мукъалла эладитанаш даржош лелачу мещанашка болх байта аxь. Кхечу гIуллакхна пайденна уьш а бац.

Чувеанчу адъютанто, сотнико Габаевс, телеграмма йелира цуьнга. Кехат тIехула бIaьрг а кхарстийна, чохьболчарна тIевирзира инарла:

– Господа, уггар хьалха гIалахь низам хIоттор оьшу. Доьхна хьийзар дIадаккха. Бахархойн дог-ойла а айъа. ГIалара эскарийн дакъош герз карахь кийча латтаде. Ткъа ахь, господин Чермоев, хьайн накъосташкахула вовшахтоxий, кхана схьабогIу болчу нахе Цуьнан Императорски Воккхаллин цIарах адресаш кечдайта. Уьш муха хила деза ас хьеха цa оьшу. Шайн муьтIахьалла гайтар царна шайна пайде хир ду. XIинца мукъа ду шу.

Страница 86