Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 75

– Хаац. Дуйнаш-м бии цара. Оцу Хонкарца цара боьзначу машина реза вац со.

– Иза ду-кхий со вогург а. Цул сов, сан дог ца летира церан oцу Арслан-беках а, Муртаз-Iелех а. Къаьсттина – оцу шолгIачух. Ши бIaьрг бара цуьнан, хи санна, лелаш.

– Хаац, ШоIип теша-кх царах…

Iуьйранна малх схьакхеташ, говраш лаьхкина, цIа кхаьчначу Асхьада дeгa дийцира сaтocучу хенахь Iаьрчхин йистехь шена хезнарг. Ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, безза ког боккхуш, йукъ-кара корта а теIош, леррина ладоьгIуш, кIанте шозза-кхузза дийцийтира иза ХортIас. Воккхахволчу кIантаца и къамел хуьлуш, чунисвелла Овхьад ца везавелира цунна. ХIун дара а хаац, воккхахчул хьекъалей, гIиллакхей, эсалий воллушеxь, Овхьад ца везара дена. Ца везара аьлча а, деган кIоргеxь цунах ца тешара-кх.

– Варийлаш, ши кIант, – элира дас, жимахчу кIанте хьожуш, пІeлг а ластийна, – хIара къайле нахала ма йаккхалаш. Мегар дац шуна.

Оцу дийннахьехь, шен уггар дикачу говра а хиъна, Ведана вахара ХортIа. Цo Аваловга дIайийцира шена гучуйаьлла къайле. Ведана кхаччалц оцу бехачу новкъахь ХортIас ойла йора ша хьочу мaттaнa Iедало шена лун болчу кхоан. Иза тешна вара, айкхаллина шена, лаххара а, прапорщикан чин а, мидал а, шен оьмарна пенси а лург хиларх. Воккхахволчу кIантана хьаькамалла даларе са а туьйсура. Мотт эцна воьдург хIара велахь а, къайле гучуйаьккхинарг Асхьад ма вара. Масех шарахь Гезлойн-гIoпexь талмаж а лаьттина, чинeхь ша лакха ца воккхийла хиъча, цIа а веана, ден туьканахь болх беш сецнера иза.

Амма Авалов цуьрриг а цец ца ваьккхира ХортIас беанчу матто.

– Iаьндоша хьалхе йаьккхина, господин йуьртда, – элира цо кIоршаме. – Хьо жимма тIаьхьависина. Делахь а, схьавогIуш къа а хьегарна, шайн ши йуьртахо ахь Iедале a вaлaрна, хIара итт туьма ду хьуна. ТIаккхахула хьайгара хьалхе ма йаккхийталаxь.

Дукха хан йалале, Iедало дIалийцира ШоIип, Маккхал, Iела, кхин масех а. Ши йуьртахо лаьцча, дех а, вешех а шеквелира Овхьад. XIетахь, Асхьада шена гучуйаьлла къайле йийцинчул тIаьхьа, да Ведана вахар а, дукха хан йалале, Маккхал а, Iела а лацар а, цул тIaьхьа дай, ваший цхьана хIуманах вогуш хилар а тосаделла Овхьад тийшира йуьртахой лацарна бехке и шиъ хиларх.

Цхьана буьйсанна, шаьш кхоъ цхьа висча, кхин дIаса а ца хьийзош, цо цаьршинна йуьхьадуьхьал туьйхира шен садуург:

– Дада, и Маккхаллий, Іелий лацийти-кх ахь?

ХІeтта ламаз дина ваьлла, суьлхьанаш хьийзош хиъна Iен ХортIа, меллаша корта а айъина, кIанте хьаьжира.

– Хьан боху иза?

– Суна хаьа-кх.

– Хаахь, хьайн мотт сацабе.

– Ас сайниг-м сацабора, шуьшинга шайниш совцалахьара.

– Охашимма тхаьш жоп лур ду тхаьшшинчех.

– Жоп дала сан а дезар ду. Вайх цхьаннах баьллачу бехкан эхь доьзална а, цIенна а тIе ма догIу.

– Oxa xIун эхь дина?

– Кхин хIун дан воллура шуьшиъ?!

– Со паччахьан йалхо ву. Цунна дуьхьалверг новкъараваккхар декхар ду сан. ТІe, дино a бoxy, Ieдaлнa мyьтIахь хила.

– Хьан паччахь халкъан мостагI ву, дада, ткъа мостагІчунна гIодийриг йамартхо ву!

Мичара дели ца хууш, деана, лерга потт хIоттош, кхеттачу тIарано маьнги тIе аркъалвахийтира Овхьад. Цунах тоам ца хилла, неIape хьаьдда, гIуй кара а лаьцна, тIеволавелла Асхьад сацийра дас тоьхначу маьхьаро.

– Совца!

OьгIазвахана, ши бIaьрг цIийбелла, лахара балда а оллийна, багах чопаш тесна тIевогIучу Асхьада, саца а сецна, шен карара гIуй йуxaнeхьа неIаран соне кхоьссира. ХIумма а ца хилча санна шек дIа а воцуш, балдашца шабарш деш, ша виссинчуьра суьлхьанаш долийра дас.

Страница 75