Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 60

Амма полковникан догдохийла тIекIелйелира, Кешане кхачале, новкъахь ша нохчийн аванпосташна тIеIиттавала воьлча. Герзаца кечбеллачу тIелхигбевллачу наха, цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, бист ца хуьлуш, оьгIазе тIаьхьа а хьуьйсуш, тIехбуьйлуьйтура дошлой. Батьянов ца кхетара цара лелочух. Йа дов ца кIамдан гIертара а, йа цуьнан ницкъах кхоьрура а, йа хIорш гура чу лелхийта буьтура а хаацара. Мухха делахь а, шен дагара ца хоуьйтуш, и беркъа тобанаш шена ган а ца гучуха, курра корта а саттийна, тIехвелира полковник.

Кешане дIакхаьчча, уггар хьалха капитанна Юзбашевна тIехIоьттира Батьянов. Петуховн валар хьалха цунна ма-хаззара дийцира капитано.

– Бехкениг лаьцний аш? – xaьттира Батьяновс.

– ХIан-хIа, господин полковник…

– XIунда?

– Ца кхиира. Наха кIелхьарваьккхира иза.

– И кIелхьарваьккхинарш?

– Уьш а, бевдда, Нохчмахка бахана.

– Дукха буй?

– Ах бIe гергга.

– Йуьртара бисина нах хIунда ца лецна аш?

Капитан воьхна хьаьвзира.

– Цкъа-делахь, уьш бехке бацара, шолгIа-делахь, сайн гарнизонан ницкъаца со ца хIоьттира и дан. Нохчмахкахь тийна дац бохуш, хаамаш а кхаьчна соьга.

– XIун ду цигахь? Суна хIунда ца хиъна?

– Соьга а хIинцца кхаьчна и хаамаш. Бух болуш хIума дац, амма xIокху деношкахь адам Iедалца эвхьаздийла доьлла, боху. Хьанна хаьа церан дагара…

Полковник йуьрта кхачале, хаьхкина тIаьхьавеанчу гарнизонан салтичо шен начальнике хаийтира, ах сахьт хьалха тIелеттачу ламанхоша дежийлаш тIера обозийн ши бIe ах бIe гoвр йигна, тIелатар диначу хенахь хиллачу кхийсаршкахь шиъ салти а вийна аьлла.

– ХIара-м баккъал а бунт ма йу! – йаппарш йира полковника. – Муьлхачу агIор йигна уьш?

– Зандакъехьа, хьан оьздалла! – вулaвeлира салти.

Батьянов таро йоьхна хьаьвзира. Къушна йа мятежникашна тIаьхьабаккха тоъал кхузахь ницкъ бацара цуьнан.

– Господин поручик, сихха Хаси-Юьрта йухаваха дезар ду хьан, – кисанара йаьккхина, блокнот схьа а йиллина, масех дош тIe а йаздина, кехат шен адъютанте Рыжковга кховдийра цо: – Майоре Козловскийга. Цигара гIумкийн сотня йахийта кхузара дIа уггар гергахь йолчу нохчийн йарташка. Цаьрга дIахаийта, лаьхкина говраш шун махка тIехула йигна, иза шу декъахь доцуш хилла дац, цундела жоьпалла шуна тIе дужу, шун йурт йохо тIаьххье догIуш эскар ду алий. Цул сов, кхоъ батальон сихачу маршаца схьакхачийта а ала, кху агIонгахьарчу нохчийн йарташка йахийта.

Батьянов Кешане-Юьртан майдана кхаьчча, чIу йукъа а гIур боцуш, луьста лаьтташ адам дара цигахь… Божарий хилла цa Iаш, гондIарчу керташца хIиттина зударий а цхьаьна. Дошлойн отрядца полковник гучуваьлча, гIугI доккхуш, хIорд санна, техкира адамийн кортош. Дуьхьала хьаьдда веана йуьртда а, цуьнца масех хьолахо а, воккха хьаькам шайга вист ца хилахь а, вела ца къажахь а, шайга а хьаьжна, корта мукъане а ласторе догдохуш, кхерабелла, хьестало бIаьргаш цунна тIе a боьгIна, дIахIиттира. Цхьана-шина жимачу стага, схьахетарехь, церан кIенташа, ведда тIe а веана, эпсарийн говрийн урхаш а, луьйтанаш а дIалецира. Амма полковник, хьастабелла тIeбaьхкинчу йуьртан тхьамданашка а, йа церан кIенташка а ца хьожуш, тIех а ваьлла, адамийн тобанна йуккъe вaханa, ceцира.

– Иттех дийнахь шун хьаькам хир вy co, – элира цо, хьалха лаьттачу тIелхигбевллачу божарийн къух санна йевллачу йаxxьашна тIехула бIаьрг шаршийна. – Со тIеман эпсар хиларе терра, политикех дерг хаац суна. Шyьга мотт лебан говза а, йа догдогIуш а, йа хан йолуш а вац. Суна шуьгара оьшург бакъдерг ду. Соьгара а хезар ду шуна изза. Схьадийцал чехкка, хIунда вийна аш паччахьо, шайна тIехь куьйгалла де аьлла, ваийтина хьаькам? Ас шайна тIехь ден дерг хаьий шуна?

Страница 60