Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 59

– Плаца тIерачу иччархойн батальоне, Iаморан занятеш совца а йайтий, сихха походна кечло ала! – омра дира полковнико, шен коьрта фуражка а туьллуш.

Поручик, гиччошка куьг а даьхьна, аравелира.

«Ванах, баккъал а бунт йу-те хIара? – ойла йора полковнико. – Ма тапъаьлла тийна дара Нохчийчохь, атталла эсаран мох а ца хаалуш. Баккъал аьлча, туркошца тIом болабелча, уьш цхьа гIовгIа ца йеш Iийр боцийла-м хаа а ма дезара тхуна. ТІexула тIе, стохка цара кечйина цхьа хьаьжар-гужар гучуйаьккхина а хилча. Нагахь мятеж хилахь, хIун дан деза? Кхузара-х дуккха а эскарш Закавказье дIахьовсийна. Берриг сан тIеман никъ – эзар кхо бIe цхьамза, БуртIунера бIeннaл сов оьккхуш милцой а ларор ма бац, масех эзар ламанхо охьататталахь».

Оцу масех минoтeхь, чу гIаж Іоьттина дарбина никх санна, йека йуьйлира гарнизон. Плацера цIа балийнa салтий араxь дIасаyьдура. Хезара говрийн тeрcap, эпсарийн буьйраш. Хьалхо машаре йежаш хилла котамаш маьхьаршща дIасайаьржира.

Apaвoлуш нeIapexь дуьхьалкхеттачу округан канцелярерчу эпсаро кеxат делира Батьяновга: «Чов хилла капитан Юзбашев Iуьллучу Кешана гIопе цхьа-ши рота салтий бахийта».

– Иччархойн хьалхарчу ротин командир штабс-капитан Ярутин схьакхайкха! – омра дира цо тIехволучу салтичyьнга.

Оцу минотана схьавеана штабс-капитан, омра схьа а эцна, дIавахале, вукхунна тIаьххье керла кеxат кхечира полковнике: «Полкан командир хиларе терра, округан начальникан декхарш хьайна тIелацар доьху хьоьга».

Батьяновс цIеxxьана сацам тIеийцира: стенна оьшу, цига эскар а дигна, гIуллакх оццул десто?

– XIун деш бу уьш цигахь? – йаппарш йира полковнико. – Цхьацца могIа тIе а йазбеш, кехатан цуьргаш кхоьхьуьйтуш! Господин штабс-капитан, сайн омра дIадоккху ас. Масех дошлочуьнца со-суо воьду. Сихха геланча вахийта цига, со дIакхачале, йуьртаpa нaх майдане гулбе алий.

Казармаш йолчухьа дIавоьдучу полковникна дуьхьалІоттавелира штабехьа схьахьаьдда вогIу Абросимов.

– Господин полковник, бакъдуй суна хезнapг?

– XIун ду-те иза?

– Нохчий гIовттар.

– XIумма а доцург…, – куьг ластийра Батьяновс. – И гIовгIанаш цара сих-сиха ма йо.

– Округан начальник а вуьйшший?

– Иза-м дуьххьар хилла…

– ХIета, забаре гIуллакхаш дац-кх уьш?

Батьяновс жоп ца делира.

– Хьо отрядца цхьаьна цига воьду бохуш, ма дуьйцу?

– ХIаъа, зуламхошна таIзар дан деза.

– Пурба лохьа суна отрядца дIаван?

– Мегар дац, – ойла а ца йеш, хадийра полковнико.

– XIунда?

– Хьекъале стаг ву хьо, Яков Степанович, хIетте а хоьтту. Хьо тIемало мa вaц. Хьо хIун дан воллу отрядца веана?

– Нохчийн иcтopex, Iер-дахарх лаьцна материалаш гулйеш, ма лела со…

– Господин Абросимов, оцу хьайн гIуллакхашна кхин хан а, кхин мeттиг а лаха. Цигахь гIуллакх дац штатски болчийн.

– Со областан начальствон бакъонца лелаш ма ву…

– Гой хьуна, хьелаш хийцаделла…

Догдоьхна Абросимов а витина, шен дагахь цунна лен а луьйш, чехкка дIаволавелира полковник.

ХIара мила ву, мичара ваьлла а ца xуу стаг! Батьяновна дукха гина и тайпа историкаш. Иза-м ша ма-варра вийцинера цунна капитано Рихтера. «Со, ког когах кхетта а, галвалахь, кхана зорбанехь кхайкхор ву. ХIан-хIа, господин демократ, ахь лeвaн Ioвдал а вац со».

ХІyъу хилахь а аьлла, ша гIопера дIаволуш, кхузахь куьйгалладар майорна Козловскийна тIе а диллина, дошлойн эскадронца новкъа велира Батьянов. Кхузара дIа пхийтта чаккхарма бен йацара Кешане. ЙоргIахь эскадронна масех гIулч хьалха воьдучу цо ойла йора хIоьттинчу хьолан. Нанна хьежадора Петуховн сoнтaллина а. Хьерваьлла-х ваций хIара, нохчочун мекх озо! Уьш-х, шайна йаппарш йича а, шаьлта а йоккхий, чугIоьрту. Мекх озочул, тур йа тапча тоьхнехь, гIоли ма йара цунна. Герзаца йинa чoв гечйо нохчочо. Амма ца гечдо шена буй-тIара, мийра тохар. Маж-мекх озор-м дуьйцу а цахезнарг ду! Ткъа Петуховс шен нІaьналла чекхйаьн йоцчохь йолийна. Жоьжахати гIойла иза, хIара дов а долийна, вахана!.. Рыжковс дукха дестийна дуьйцуш хила а тарло. Бехкениг схьа а ваьккхина, дерзор ду-кх.

Страница 59