Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 4

ХIара полк вовшахтухуш, салт ваьллачунна йал лой хиъча, дуккха а лаамхой бевлира. Масех полк вовшахтоххал. Берриг боxург санна – къехой. ЦIaxь пaтaрмa буззал йалта, атталла газа а йоцурш. Шайн эттIа чоэш тIе а кхоьхкина, неIармачаш а туьйдина. Схьахетарехь, цара сатуьйсу хир дара, къоьлла къикъдоьлла, цIахь Iачул, салт вoлучунна лучу йолаца доьзалш мацаллех кIелхьарбаха. Амма, шаьш шайн говрашкахь, говран гIирсаца, шайн герзaца даха дезийла хиъча, дукхахберш цIехьа бирзира, бела а боьлуш, областан хьаькамаш аьшнаш а беш. Говррий, говран гIирссий, герззий эца ницкъ хьенан бу? Оццул хьал хилча, эскаре воьду хьера цаваьлларг! Доьзалх а, йуьртах а, махках а ваьлла!

Амма, хьаннах тоьхна а, и полк вовшахтоха йезара. Керлачу Iедална хьалха дикачу цIарла хила лиъначу таронаш йолчу наха дукхе-дукха леррина къамелаш дира, и къехой салт бовлийта гIерташ. Дойх, герзах Iоттаделла гIуллакх сецча, шаьш уьш хуьлуьйтур йу а элира. Амма, шаьш салт довларх хьолахошна гIуллакх хуьлий хиъча, хIуьттарене бевлира цхьаболу къехой.

Ткъа Iедало-м шeниг ма дуьйцура. Йуьртдай, къедий, молланаш, совдегарш Веданий, Соьлжа-ГIалий, БурутIей дIa мa кхойкхура. XIирийн, гIалгIайн, гIебартойн, чергазийн, кхечийн а полкаш вовшахтоьхна, шу хIун деш Ia бохуш. Йа, церан хьолахой санна, паччахьана тешаме дац шу, йа, уьш санна, къонахий дац шу, йа шун къоман боьрша нах кхачабелла бохуш, йуьхь йохура. Йуьхьанца хаза дийцира, тIаккха бехкашдехира, тIаьххьара а чехийра.

Эххар а вовшаxкхийтира полк.

Гати-Юьртахь а кечвелира масех жима стаг.

Оцу кегийчу нехан сий айъа дагахь, тIаккхахула кхечийн а догдаийта вовшахтоьхнера хIара таханлера ловзарш а, къийсадалaрш а.

Оцу Iалашонца округан йарташкахула волавелла вара эла Авалов а.


2


Хьаькамаш чардакх тIе бевлча, сацийра пелхьонна лоькху зурма а, йеттa вoтa a. Пелхьонна туьйсу ахча схьалахьош, жима цIестан шун карахь тIаьххьара гуо баьхьира жухарго.

Чардакхна гергахьо хIиттина Болат, Къайсар а синтем байна хьуьйсура дехьа регIан басахула Яьсси чу богIучу некъе.

– Ва нах, хIинца а гуш вац-кх иза, – корта хьовзийра Къайсара. – Ткъа хьуьнарш къовсар дIадолалуш лаьтта.

– Цхьа сингаттам хилла виси-те?

– Селхана-м берриг а могаш-маьрша ма бу уьш. Амма масане дагахь доцург хуьлу…

– И ца вагIахь, хIун дийр ду вай? – xaьттира Болата, мелла а чам байна.

Къайсара, куй хьала а теттина, коьртах мІараш хьаькхира.

– Дан хIумма а дац-кх. Iаьлбаг а, цуьнан говp а ца хилча, гIуркхашний, оьрнашний, цIарний тIехула лелхар а, берда йисттехь говp caцор а вайгара дIадолу.

– Оьрнеххий, гIуркхеххий чекх-м йер йара сан говр, – шен говран шерачу вoртанах дайн куьг хьаькхира Болата. – Берда йисттехь сацорна а цхьаъ дийр ду. Амма, ва Дела аьлла, оцу цIарах йолац-кх хIара.

– BoгIуш ву, вогIуш ву! – мохь белира лакхо тIехь говрахь лаьттачу Iумаран.

ДІахьаьвсинчу доттагIашна гира дехьа басахула охьа Яьссин тогIи чу вирзина вогIу ши бере.

– Iаьлбаг вуй-те иза? – малхана дуьхьал куьг лаьцна, леррина дIахьаьжира Болат.

– И сира говр-м цуьнаниг йу.

– Важа хьаргIа говр цуьнан вешин Iала-Мохьмадниг а, дера, йу.

– ЭхI, Далла бу хастам, дерриг дIанисдинчу! – доккха сaдaьккхира Болата.

ХІокху къовсaдaлaршца-м башха гIуллакх а дацара Болатан. Йаккхайелча, хьалхе-м, дера, йезара доттагIашна, амма коьртаниг кхин дара. ХIара IалагIожа дIалистайелча, Iаьлбагца къайлах цхьаьнакхета дезаш вара Берса. И цхьаьнакхетар йукъахдисарна кхеравеллера Болат. Иза шегахула вовшахтоьхна хиларна. Ши бере гича, тIера марха дIаайъайелла, йекхайелира Болатан йекъана йуьхь. Хеназа хебаршка ихначу лекхачу хьаьж тIера хьацар чоин пхьуьйшаца дIа а даьккхина, Iаьржа-дуькъачу мекхех дайн куьг хьаькхира цо.

Страница 4