Кхолламан цхьа де - стр. 11
– Накъост Бороденко! Со большевикийн партин, советски даймехкан кІант ву, – элира Юсуповс лохачу озаца, амма сацамболлуш. – ХІаъ, ас дуй биъна Ленинан весеташ кхочушдан. И дуй бара сан дахарехь хала даьхкинчу деношкахь суна ницкъ а, собар а, къонахалла а лург. Хаалахь, партина, халкъана тешаме хилла со лаьттан кийра воьрзург хилар!
Рахманкула, охьа а хиъна, шен хьаьжа тІе а, коьртах а йовлакх хьаькхира.
– Гечделахь суна, ойла а ца йеш, ас и дешнаш аларна, – бехказвала гІоьртира Николай Кузьмич. – Кхетий хьо, Рахманкул Жапарович, сан чIогІа дог лозу оцу нохчех… Тахана хилларг дуьххьара хилла гІуллакх ма дац. Айса иза иштта Іаддитахь, суна сайх чекх са гур ду. Вай-х, советски адамаш хилла ца Іаш, хьехархой, коммунисташ ду. Хьуна-м суначул а дика хаа ма йеза къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика.
Николай Кузьмич луьйчура сецча, цуьнга хьала а хьаьжна, догцІена велакъежира Рахманкул.
– Суна хІунда дуьйцу ахь иза, Николай? – элира цо хьала а гІеттина, тІевахана, Николай Кузьмичан белша тІе куьг а диллина. – Суна дика хууш ма ду уьш дерриге а. Хьо жима ву, цундела сиха а ву. Сихалла дика ма йац, цо стаг хІаллакво. ТІехула тIе, стеган ларлуш хилар кІиллолла а ма лара цкъа а. Суна гинарг хьайна гинехь, ас лайнарг айхьа лайнехь, хьо а хир вара ларлуш. Стенна оьшу, цхьанне а пайда а боцуш, эрна хІаллакьхилар? Co лоцучу шарахь сол хьалха сан накъостий лийцира. Царна йукъахь бара берахь дуьйна соьца цхьаьна кхиънарш а, дуккха а хенахь соьца балхахь цхьаьна лаьттинарш а. Халкъан мостагІий бу аьлла, лецнехь а, партина а, халкъана а тешаме, хьанала нах уьш хиларх тешна ву со даим. Ас, цаьргахьа гІодоккхуш, бакъдерг элира. ТІаккха со а туьйхира царах дІа. ХІинца цкъа царах хилларг цхьанне а ца хаьа. Цхьанне а ца хаьа, цхьа а тайпа баьлла бехк боцуш, тхо бехкедина хилар а. Халкъан мостагІий ду аьлла, адамашна хьалха тхуна тІе кхоьллина цІе хIинца а дІайалаза йу. Партина, халкъана, даймахкана хьалха со цІена хилар, суна санна, нахана а хаахьара, тахана а со валарх шеквер вацара со. И де цкъа тІекхочург хиларх теша со, хІунда аьлча сайна тІехь хІоттийначу харцонна ас бехке ца йо парти. Империализман гуонна йуккъехь дохку вай. Партин могІаршка, партин, советийн органашка балха нисбеллачу мостагІийн болх бу иза. Амма партин а, халкъан а бекхамах кІелхьарбевр бац уьш. Со хьоьга хІун ала гІерта аьлча, хьо ларлуш ца хилча, и сайх хилларг хьох а хиларна кхоьру со. Вайшиннан вовшех къайле йац, цундела дуьххьалдІа боху ас хьоьга: нохчий Даймахкана йамарт хилла, уьш бандиташ бу бохуш, и эладита ша-шаха кхолладелла дац. Къайлах даржош ду. Иза хьуна хьайна а хаьа. ХІетте а ву хьо даррехь нохчий реабилитировать бан гІерташ. ХІан-хIа, Николай, дуьхьал ву со и Берсин гІуллакх педсоветан заседане хІотторна. ТІех шуьйра публика йу иза. Суна а ма хаьа оцу халкъашна тІехь йинарг ирча харцо йуйла. Амма вайша тховса, хьехархой а гулбина, цІенна дІадийцахь, вайша кхана сарахь цІахь-м хир вац. Иза бакъдерг ду хьуна. Вайша хIаллакьхилча, нохчий шайн махка боьрзург хилча-м, вайша, бІаьрнегІар ца тухуш, лийр ма вара. Вайша хІаллакьхир ву, ткъа нохчашкара бала цуьрриг а байлур бац.
«Машас дуьйццург ду-кх хIокхо дуьйцург а, – ойла йора Николай Кузьмича, – школерчу дешархошна йукъахь орам тосуш шовинизм йу, ткъа со, школан директор, коммунист, йуьстах а ваьлла Іен веза. ХІан-хІа, иза хуьлийтийла дац…»