Размер шрифта
-
+

Кхолламан цхьа де - стр. 13

ХІетталц кхоьлина, гІайгІане хилла Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира.

– Баркалла хьуна, Рахманкул Жапарович, – тIe а вахана, Юсуповн чІоггІа куьг лецира Николай Кузьмича. – Со гІалатах ларварна а, суна нийса некъ гайтарна а, баркалла хьуна. Тховса цхьа план а хІоттийна, йуха а цкъа хьох дагавер ву со.

«Ой, и дагадан-м ма дезара суна! – ша-шех цецвуьйлура Николай Кузьмич тІаьхь-тІаьхьа а. Баккъалла а аьлча, приказца тIeтeІopax нислур долуш хІума а ма дац хІара. Приказ – приказ ду. Рахманкула ма-аллара, коьртаниг – цара шаьш дийриг кхеташ, шаьш дечух тешаш дар ма ду. Рахьманкула дуьххьал схьа ца аьллехь а, йеккъа мершок а йу со. Амма дика болх а хилла-кх Машас со хІокхунна тІехьажийна…»

…Багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, буса вехха Іийра Николай Кузьмич оцу гІуллакхан ойла йеш. Уггар хьалха цо схьалаьцнарг иссалгІачу классан учебника тІера дІадаханчу бІешеран кавказски ламанхоша паччахьан колонизаторшна дуьхьал латтийначу къийсамах лаьцна тема йара. Оцу къийсамехь йоккха меттиг дІа ма лаьцна барамехь царалахь уггар доккха хиллачу нохчийн къомо. Маркса, Энгельса, оьрсийн прогрессивни интеллигенцис а оцу заманахь нохчийн халкъан лаккхара мах хадош аьлла дуккха довха дешнаш а ма ду. Ткъа граждански тІеман заманахь? Сталинан, Орджоникидзен, Кировн белхаш боьшуш, иза ду-кха тІe ма Іиттавелла цара нохчех лаьцна йаздинчу могІанашна.

Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира. Нохчийн халкъан истори а Іамийна, школехь дешархошца исторически суьйре вовшахтоьхча? ДуьххьалдІа, цхьа бахьана а доцуш иза дар-м дика а хир дац. Машас ма-аьллара, ас гІалат далийта а тарло. Нохчий реабилитировать бан гІертарг хир ву со. Дерриге а дІадоло деза иссалгІачу классехь. ТІекхочуш йолчу дІадаханчу бІешарахь ламанхоша шайн къоман маршонехьа латтийначу къийсаман темина тІера. Оцу урокашна дика кечам а бина, берийн тидам царна тІехьовзо беза. Кхузахь гІо далур ду Машега а. Оьрсийн йаздархойн дахар а, кхолларалла а Кавказца чIогІа йоьзна ма йу. Оцу дерригенах лаьцна йолу литература гул а йина, школан библиотекехь выставка йича?

…Массо а цецваьллера хьехош а йоцу педсовет директороцIеххьана гулйарх. Школехь болх а дика дІабоьдура, дерриге гул а делла, дийцар дан оьшуш гучудаьлла гІуллакх а дацара. Берриге членаш схьагулбелча, чувеанчу Николай Кузьмича, ша хиьна Іачуьра хьала а ца гІоттуш, цхьа а тайпа официале кепаш йукъа а ца йалош, хьехархошна дІадийцира оцу дийнахь берашна йуккъехь хилла дов.

– Шуна ма-гарра, сан Іалашо йац, и гІуллакх дийцаре а диллина, къамелаш дойтуш, заседани йахйан, – элира цо. – Вай советски хьехархой ду. Ас шуна хьеха оьшуш йац къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика. Йуьртахь хьалха а хезна суна, шуна хезна хила а тарло, лахара кхетам болчу цхьацца наха нохчийн халкъах лаьцна даржийна цхьа а тайпа бух боцу эладитанаш. Вайна цхьанне а хууш дац и халкъ махкахдаккхаран бахьана. Гитлеровски мехкашдІалецархойх вайн Даймохк маьршабоккхучу тІамехь дакъалоцуш ду вайн махкара дерриге халкъаш. Доккхачу халкъо, ша доккха хиларе терра, доккха дакъалоцу, жимачу халкъо, шен жималле хьаьжжина жима дакъалоцу. Амма массара а Іенориг цхьа цІий ду. Нохчийн халкъан дуккха а кІентий бу тахана а фронтехь майра леташ. Хьанна хаьа, оцу жимачу халкъана йукъахь цхьа йовссарш йевлла а хила тарло, советски Іедал ца дезаш, Даймахкана дуьхьал йамарт куьг айбина. Ишттаниш массо халкъа йукъахь а хилла, болуш а бу. Амма нийса хир дац, и йовссарш бахьанехь, вай дерриге а халкъ бехкедича. И бераш, зударий, къена нах хІуманна а бехке бац. Вуон, зуламе адамаш массо къомана йукъахь а ду; амма вуон, зуламе халкъ дуьненахь хилла а дац, хила йиш а йац. Халкъ – халкъ ду. Хила а хилла, хир а ду. Аш дика ойла йича, шуна хуур ду, нохчашна хилла бохам вайна массарначул a тlex беза a, хала а хилар. Цундела церан догъэца деза вай, церан деган чевнах хьакхадаларх лардала деза. Со парторг а, вайн коллективан куьйгалхо а хиларе терра, ас декхарийла до шу, деха а доьху шуьга, оцу эладитанех дешархой ларбар а, бахархошна йуккъехь и тайпа хабарш дуьйцуш стаг нислахь, иза, кхетош, нисвар а.

Страница 13