Йеха буьйсанаш - стр. 9
ХIаъ, эрна дац паччахьо Евдокимовн гоьваккхар. Ламанхойн дуьхьало каг ца йелла, инарлаш кIелбисча, цо кхин а йоккхачу къизаллица карлайаьккхира массарна а йицйелла лаьтта мацахлера Ермоловн тIеман тактика. Алексей Петровича дагарца болх бира Нохчийчохь, ткъа Евдокимовс – цIарца. Системица тIелатарш деш, кIез-кIезиг хьалхатеIаш, амма ша тIенисвелла массо хIума – йарташ, даьхний, йалташ, хьаннаш, цанаш, докъарш – йагош, Нохчийчоь тIаьхьалойоллуш дIалецира цо.
Ермоловн «хьаннаш хьекха» боху кхайкхам «кIур биэ» бохучуьнца хийцира Евдокимовс.
– ТIом ма бе нохчашца, – хьоьхура цо эпсаршна. – Мелхо а, тIамах къахка. Йарташ, йалташ, хьаннаш, бошмаш, дежийлаш, цанаш, даьхний, докъарш хIаллак а йай, йухадовла. Мацаллой, шелоной карабалор бу уьш. ЦIе, цIе, йуха а – цIе!
ТIеман тIаьххьарчу шерашкахь коьрта тидам айкхашна тIеберзийра Евдокимовс. Инди дIалоцуш англичанаша пайдаэцна метод – кхаьънашца нах иэцар – кхин тIе а тайина, шарйина, йукъайаьккхира цо кхузахь; «шайчийн» къайленах информаци йеллачунна – хIоккхул, имамах веддачунна – хIоккхул, цхьана а aгIop воцуш Iийначунна – хIоккхул, йоккха топ схьайеллачунна – хIоккхул, лаьцна нохчех стаг валийначунна – хIоккхул, иштта дIа кхин а кхаьънийн тарифаш йара хIиттийна. Доцца аьлча, иттаннаш шерашкахь хаддаза лаьттачу тIамо xIy даре кхачош лаьтта мацаллой, къоьллой бIарздина адам оьздангаллех дохо, кхаьънашний, айкхаллиний, йамартлонний Iамо шатайпа, бIаьргана гуш йоцу школа йиллира цо Нохчийчохь. Оцу тIехь баккхий кхиамаш а бехира графо. Фельдмаршало Барятинскийс масех дашца сурт диллира Евдокимовн: «Вуон хьехархо вацара граф. Ша кхолладелла жовхIар, амма къиношца – куьйгана цIена вацара иза, кхаьънаш оьцура…»
Ша йечу ойланашна шех иэхь хийтира Михаил Тариэловична. Оцу солдафонан карьерех иза хIунда хьоьгу? ХIан-хIа, дайшкара схьа дворянех волчу Михаил Тариэловича ша лахвийр вац цунах хьегарца. Евдокимовс болх куьйгашца бо, ткъа Михаил Тариэловича – коьртаца. ТIом чекхбаьлча, аддамна а мичхьа ву а ца хууш, массарна а вицвелла, шен графан титулца вуьсур ву Евдокимов, ткъа Михаил Тариэловича шен хьекъалца гойтур долуш дуккха а гIуллакхаш ду.
…Лаьмнийн баххьех хьерчачу кIайчу мархийн сомалкхашка а хьоьжуш, кора уллохь лаьттара Михаил Тариэлович. ГIаргIанан дуькъачу гIашна йуккъехь «кIур-кIур» дора шина кхокхано. Лаьмнашкара схьа дагна там беш байн мох хьоькхура. И гIайгIане ойланаш дIалахка санна, белшаш ойъуш, корта ластийра цо. ХIаваэ ваьлла, волавелла, коьрте жимма садаIийта ойла хилла Лорис-Меликов сацийра неIарх чоьхьаваьллачу штабан начальнико полковнико Свистуновс.
– Коьртачу штабера пакет йу, хьан локхалла, – цIена къаьстачу озаца вистхилира иза.
– Стоьла тIе охьайиллахьа, – элира Лорис-Меликовс, полковникан элдарчу дегIе бIаьрг а тоьхна. – Нохчийчуьра хаамаш буй?
– Ичкерински а, Аргунски а округийн начальникашкара донесенеш йу.
– Керла хIун дуьйцу?
– Башха керланиг а дац. Ламанан Нохчийчохь синтеме дац, халкъ бунт йан кечлуш ду, боху. Амма, цигахь дукхе-дукха леррина а, къайлаха а боккхачу гIаттамна кечлуш буй-те аьлла, хета суна. Вайн ирсана, зуламхошна тIаьхьа хIинца цкъа кегийрхой бен ца хIуьтту. Баккхийчарна иэрна хета Iедалца къийсар.
Лорис-Меликовс доккха садаьккхира.
– Мятежан тхьамданашка ладоьгIуш баккхийниш болуш, ткъа кегийрхой йухагIерташ хилча, бакъахьа хир дара, хьомсара Александр Павлович. И ун къоначу тIаьхьенан дегнаш чохь дисар ду зуламе.