Йеха буьйсанаш - стр. 83
Ши хьаша ма-хуьллу къамел кIеда-мерза дан гIертара. Амма иза иштта ца нислора. Дуьнене шайн хьежамашца, стигаллий, латтий санна, цхьаъ вукхунна геначу цаьршиннан ницкъ ца кхочура вовшашка болу цабезам къайлабаккха. Цуьнан дIовш Iийдалора xIoр а дашца.
– Вайн къам бодане ду, Барзоев. Бодане къам маьрша хила йиш йац. Иза даим а дозуш хуьлу культурехь, йукъараллин дIахIоттамехь шел лакхарчу къомах. И ца хаьа йа хаа кхетам а боцу вайнах шаьш бу шайгарчу бохамашна бехке. Вайнехан сонталлин тIаьхье йу иза. Сила йоккхачу Россин пачхьалкхна дуьхьало йийр йарий ткъа, сонта ца хилча? БIе шарахь гергга эрна Iенийна цIий. Кхета дагахь буй ткъа хIинца а? БIаьрг тIера тиллачу минотехь, тухий, эпсарш, чиновникаш бойъу. Дийнна рота салтий уллохь боцуш хIокху махкахула дIасавала йиш йац. ХIун гIуллакх ду эрна цIий Iено?
– Сонта хиллехь-м, тийна, таьIна Iийр бара уьш. Хазахета ца лела. Шайгара уггар тоьллачуьра ах мохк дIа а баьккхина, лаьхкина хьаннашка, Iаннашка боьхкича а ца йина, цара дуьхьало маца йан йезара? Шаьш адамаш ца хетча, цара хIун дан деза? Уьш совцо дукха хIума ца оьшу, господин Курумов. Йаа сискал, жимма лерам а.
Шен оьмарехь дуккха а девзинчу Курумовс шеквоцуш ладоьгIура Берсе. ТIаьххьара а собар кхачийра цуьнан.
– Хьо дукха сиха ву, Берса. И сискал а, лерам а Росси кхерийна йаккха ойла йу шун? Иза аьттехьа а дац. Кхечу къаьмнашна дерг хир ду вайна а. Россис серло йохьу лаьмнашка. Ваьшка эзар шарахь цададелларг цуьнан гIоьнца цхьана йоццачу хенахь дийр ду вай.
– Иза а хаьа суна, Къосам. Дукхе дика хаьа. Вайн халкъана шена а ца хаьа ша Iаламан мел доккхачу хьола тIехь деха. Массо aгIop кхиъначу Россин гIоьнца хIокху махко зазадоккхур дуйла а хаьа. Хенан йохалла Нохчийчохь заводаш, фабрикаш, аьчган некъаш, телеграф хир йуйла а хаьа. Шена мел ца лаахь а, ламанхошна школаш йахка а дезар ду Iедалан. Промышленностна белхалой безар ма бу. Йоза-дешар ца хуучу белхалочух белхало хир ма вац. Амма кхузара дерриг хьал кIеззигчу дворянийн а, буржуазин а гIеранан карахь хир ду Россехь а, дуьненан массо махкахь а санна.
– Амма Россис кху лаьмнашка лакхара культура йохьур йу. Цо вайн халкъан хьекъал, кхетам, дахар хийцина, бIешерийн бодашкара схьадоккхур ду, Берса. Иза ма дицдел ахь!
– И дерриг дика а, кхеташ а хир дара, Къосам, ахь йуьйцу культура цамзанийн буьххьехь йохьуш йацахьара. Ас-м ахьчул а, хьо санначу массарал а тIех лоьрий оьрсийн халкъ а, цуьнан лакхара культура а. Иштта ойла цхьана вайшиннан хилла ца Iа. Вайн халкъан оьрсашка лерам бIешерашкара схьа бу. Нохчашна цадезарг-м оьрсийн халкъ а, цуьнан культура а йаций, ткъа оьрсийн паччахьан Iедал ду. Оцу Iедале цабезам цхьана нохчийн хилла ца Iа, оьрсийн халкъана, цуьнан прогрессивни адамашна а ца деза иза. Ахь культура, боху. Шекспиран, Байронан Англис Индехь, Америкехь а, дуьненан кхечу декъашкахь а дийриг ца го хьуна? Ткъа ша дуьненан культурин корта бу бохучу Францис Алжирехь дийриг? Оцу мехкийн правительствоша шаьш лело къизаллаш шайн халкъашка хоьттуш лелайо моьтту хьуна? Йа оьрсийн халкъо къобалдо паччахьо а, цуьнан правительствос а хIокху Кавказехь дийриг? ХIан-хIа, господин Курумов, ас йуха а боху хьоьга, ас даггара лору оьрсийн халкъ, цуьнан культура. Амма Пушкинан генийс нохчий ца ларбира салтийн дIаьндаргех, Лермонтовн маршонан стихаша уьш мацаллин Iожаллех кIелхьара ца боху. Уггар хьалха, нохчашна сискал, нийсо, лерам оьшу. ТIаккхий бен культура тIеэца хан, аьтто, ницкъ а хир бац церан. Гай меца хилча, культура дагайагIац.