Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 77

ДIасакъаста деза хан тIекхаьчнера.

– МаьIIаргона вицлора-кх со, – элира Берсас, охьа а хууш. – Польшехь долчу хьолах хабар хезний-те ДанчIина?

– Полякашца дерг чекхдаьлла. Хьаьшна уьш.

– Россехь?

– Хийцамаш бац. Муьжгийн карзахаллаш дено-дено лагIлуш йу. Цаьрга догдохийла а дIайаьлла.

– Изза хила доллу-те вайх а? – элира керлачу хаамаша сагатдинчу Аьрзус. – Оцу полякех а, оьрсийн муьжгех а йолу дегайовхо а дIайолуш йоллу. Паччахьан арахьа тIом хир бу ала меттиг а ца го. Нагахь Iедал кхузахь и шен Iалашо кхочушйан гIортахь, дуьхьало йан цхьа а тайпа кечам бац вайн. TIe, махкана чоьхьа а, арахьа а гIуллакхаш нисдина Iачу паччахьо, вай гIаттам болабахь, шен берриг ницкъ Нохчийчу тоттур бу. Дала цхьа некъ ца гайтахь, тахана цкъа бIаьрзе ду вай.

Берса, охьа а хиъна, Аьрзуна тIевирзира.

– Ахь муьлха некъ гойту? – хаьттира цо.

– Уггар хьалха, пхеа йа ворхI стагах тIеман кхеташо кхолла йеза вай. Царах цхьаъ коьрта ца хилча-м вер вац, амма цо кхеташонан дукхахболчийн лаам кхочушбан дезар ду. Дика хир дара, кху цхьана баттахь вайн йерриг йартийн векалийн гулам кхайкхийна, цигахь тIаьххьара сацам тIеэцча. Йа, вуьшта аьлча, нагахь Iедал йарташ кхалхо долахь, сихха гIаттам боло.

– Дика ду. Нагахь йарташ кхалхо йолайахь, вай гIаттам болор бу. Амма со буххенца дуьхьал ву вайн йуьхьанцарчу бартана.

– ХIунда?

– Хьекъале Iалашо йоцуш болийначу гIаттамо эрна хIаллакдийр ду адам. Цундела вай къасто йеза вешан къийсаман тIаьххьара Iалашо. Вайн вешан ницкъаца Нохчийчуьра паччахьан Iедал дIадаккхалур дуй вайга?

– Дера, дац, – доккха садаьккхира Аьрзус.

– Россин арахьарчу тIаме ладоьгIуш Ia вай, – дуьйцура Берсас кхидIа. – Оцу йукъах пайда а эцна, толам баккха а тарло вай. Амма иза а шеконехь гIуллакх ду. И тIом даим лаьттар ма бац. Росси тоьлла йа эшна, чекхбер бу. ТIаккха паччахьан Iедало, шен берриг ницкъаца вайна тIе а дирзина, къамкъарг Iовдур йу-кх.

– ТIетаьIна Iийр дац. Мозий санна, хIаллакдийр ду.

– ХIан, паччахьан Iедал дIадаккха вешан аьтто болуьйтур вай. КхидIа? ТIаккха хIун дан деза хаьий вайна цхьанне а? Мансуран, Бийболатан замане йухадоьрзур ду? Доьрзийла йац. Цкъа делахь, цул тIаьхьа бIе шо даьлла. ХIинца кхин зама, кхин хьелаш, кхин адамаш ду. Кху тIаьххьарчу тIамо вайн халкъан ах боьрша нах хIаллакбина, ах латта вайгара дIадаьккхина. ШолгIа-делахь, станицашний, гIаланашний уллохь йолу арен тIера йарташ, шайн кхолламна къера а хилла, севцца. Керлачу хьелех боьлла цигара бахархой. КхозлагIа-делахь, вайн халкъана йуккъехь шена тIетийжа керла ницкъ карийна Iедална. Ас буьйцурш нохчийн эпсарш, совдегарш, кегийра долахой а, Iедалан гIуллакхчаш а бу.

– ХIета, Iедална муьтIахь а хилла, совца деза, боху-кх ахь, Берса? – хаьттира Аьрзус. – Йа, вуьшта аьлча, къоьлла, мацалла, харцонаш, сийсаздар а ловш?

– ЛадогIал ахь, Аьрзу. Халкъ, адам санна, хенаца кхуьу. Ницкъ а, кхетам а цхьана дийнахь йа цхьана бIе шарахь а багIац цуьнга. Оцу гIуллакхна дукхе-дукха йеха хан йеза. ТIамал хьалха хиллачу хьелашка вайн халкъ йухадерзор стаг шен бераллин хене йухаверзар санна хир дара. Вайна вешан хенаца, хIокху заманца нисдалар оьшу. Амма, кхечу къаьмнех а къаьстина, Россех къаьстина-м муххале а, вешан дахар хийца ницкъ а, кхетам а, аьтто а бац вайн.

– Хьо хIун аьлла ву ткъа?

– Вайн кхоллам Россерчу кхечу къаьмнашца цхьаьнабозар, цаьрца цхьаьна вешан маршонан гIулакхехьа къийсар коьрта декхар лору ас.

Страница 77