Йеха буьйсанаш - стр. 57
– ХIан-хIа, ахь и дийр дац! – тIечевхира БойсагIар цхьа шо хьалха буьрса имам хиллачу, ткъа хIинца гIорасизчу Шемална. – Кхузахь герз буйнахь летта вала веза хьо! Хьо вацара ткъа тхуна сийлахь гIазот кхайкхийнарг? Хьо вацара ткъа исламан дуьхьа керстанех леташ Iожалла тIеэцнарг Дала даржехь лакхавоккхур ву, кхеравелла, кара а вахана, царна муьтIахь хилла кIелсецнарг жоьжахатин цIергахь вогур ву баьхнарг? Иштта хьехамаш ца бора тхуна хьан Iеламчаша? Ахь а, хьан наибаша а ца олура ткъа тIемалошка, вешан Даймохк гаурашна дIалучул, летта далар гIоли йу вайна? ХIета, ахь а, хьан Iеламчаша а адам Iехош хилла-кх? Стешха кIиллой хилла-кх шу? Iожалла тIе ма-гIоьрттинехь, хьан Iеламчаш а, хьан хьоме наибаш а, куьйранах йевдда котамаш санна, бевдда гауршкахьа бевли! Хьо а царна тIаьхьа дIахьаьддийца! ХIинца дицделла шуна шайн халкъ а, шайн латта а, шайн дин а. ХIан-хIа, Шемал, хьо гIyp вац гаурийн кара! Тахханалц кху лаьмнашна хьо вевзара майра бIаьхо, тешаме кIант, хьекъале баьчча санна. Ткъа турпалш дийна йийсаре ца боьлху. Нагахь хьо мостагIийн карагIахь, Iаьржа кепек мах бац хьан! Кху лаьмнаша, шаьш мел лаьтта, неIалт кхайкхор ду хьуна!
– Эрна хабарш хIунда дуьйцу вай, БойсагIар? – халла хезаш вистхилира Шемал. – Вешан догIмаш инарлин карадалар ма тоьлу вайна, тIаккха паччахьо къинхетам бийр бу вайх. ХIокху бехачу тIамо со а гIелвина… Дерриг чекхдаьлла хIинца… Со летта валарх, хIун нислур ду? Дерриг эрна ду. Со воьду, БойсагIар…
– Имам!
Амма Шемал, шен тешамечу наибе ла а ца дугIуш, оьрсашкахьа дIаволавелира.
– Йухаверза, Шемал, ас Делан цIарах нажжаз во хьо! Дохковала, имам! Ма диэ иэхь къеначу лаьмнашна! Ва дела хила хьуна Делан неIалт!..
Амма Шемала ла ца дугIура. Цунна хьалха дIахIоттийра цуьнан хьоме сира дин. Шимма луьйтанаш, цхьамма ког а лаьцна, дина даьккхира цуьнан дазделла дегI. Хьаьдда тIевеанчу полковнико Лазаревс, урх лаьцна, дIаозийра дин. Йуьрта йисте кхаьчна, охьа чухьаьжча, имамна гира оьрсийн эскаршца лаьтта дагестанхойн отрядаш а, элана Барятинскийна уллохь лаьтта селханлера шен гергара наибаш Донго-Махьма а, Iандалалски Хосро а, Елисуйн Дениел-бек а, шен мутаIелам, доттагI, хьехамча хилла Iаьмархан а, ТIилитIлара Кибит-Махьма а, кхин дуккха а. Берриш а – селханлера цуьнан доттагIий. Имамо говр сацайайтира. Церан йаххьаш тIехь Шемална шера гора баккхийбер а, догъIабар а, йоккха гIайгIа а.
– И бусалбанаш аш сан бIаьргашна гучуьра дIа ца бахахь, со дIа ца вогIу! – элира цо сацамболлуш.
Къурмин Къосам охьачухьаьдира. Цхьа сахьт далале цигара лаххьийна дIабехира берриг наибаш а, Дагестански иррегулярни полк а, хански нукерийн отрядаш а. Лазаревс говран урх дIаозийра. Шемална тIаьхьаволавелира цуьнан гергарчу нахах кхойтта стаг…
Ткъа БойсагIар, кху лаьмнашкахь виначу уггар майрачу, уггар хьекъалечу, сийлахь-воккхачу кIанте – шена дукхавезначу шен имаме – тIаьххьара бIаьрг а тоьхна, мохь аьлла, ша лаьттачохь дIахаьрцира.
Василийна хIинца а шена хезаш санна хетара цуьнан тIаьххьара доца къамел. Цигахь дийна бисина шен кIезиг накъостий тIе а гулбина, цаьрга ша дина а ваккхийтина, чIогIа нуьйра а вехкийтина, тIаккха шен гIopгIa-стоммачу озаца вистхилира иза:
– КIентий! Шуна дика хаьа, имамна тIаьхьа а хIоьттина, кху суьйлийн лаьмнашка со сайн са дадийна ца веанийла. Вайн ницкъ ца тоьи вешан маршо, латта ваьшкахь сацо. Амма вайх цхьаммо а сий ца дайъи вешан дайн. Ваьш царна дуьхьалхIиттинчу дийнахь, оха тхешан декхар кхочушдина, и тIаьххьара минот тIехIотталц вайн хьомсара латта мостагIех лардина ала йуьззина бакъо йу вайн. Суна ца лаьа мостагIчун караваха. Йа кхузахь летта вала, йа, и кхолха гуо а хадийна, цIа верза сацамбина ас. Са чIогIа дерг суна тIаьхьахIотта. КIажийн пхенаш дегориг хIинцца эццашха дIаваханчу имамна тIаьхьа гIyo. Кхузахь Iожалла йерг вужур ву, дийна висинчо, вайн хьаннашка а вирзина, вайн мехкан, вайн халкъан, вайн бакъдинан дуьхьа къийсам латтор бу. Оцу Делан мостагIийн гуо хадо хьовсур вай. Оцу везачу Дала гIo дойла вайна!