Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 5

И некъ боьллуш ши Iалашо йара Кавказан куьйгаллин: хIокху махкара мелла а адам дIадаккхарца ламанхойн ницкъ малбар, мукъадевллачу латтанаш тIе гIалгIазкхийн йарташ йахкар a. XIapa тIаьххьара шераш тIекхаччалц цхьа доьзал а даррехь нуьцкъаха Турце ца хьажийра Iедало. И дерриг а мекарлонашций, тешнабехкаций дора. Йа, эладитанаш даржорца, туркойн махках ламанхошна йалсамани тарйора, цига кхалхар хаздеш, йа, къизаллица ницкъ бой, сихха цига дIабовдучу хьола тIе бохура.

Ткъа кхалхоран гIуллакх системе цхьа-ши шо хьалхий бен ца дирзира. Михаил Тариэловична дагайеара Тифлисехь цу гIуллакхан хьокъехь тIаьххьара хилла кхеташо. Цигахь дакъалоцуш вара воккха эла Михаил Николаевич, эла Барятинский, эла Орбелиани, граф Евдокимов а. Дийцаре дина, тIаьххьара сацам тIеэца безаш дерг цхьа гIуллакх дара: малхбузера ламанхой, ломара охьа а биссийна, йокъанечуй, уьшалечуй аренашка йа Турце кхалхор.

– Ламанхой цигара дIабахарца дозаделла ду Iаьржачу xIopдан малхбален бердашца вай тIаьххьара а, гуттаренна а чIагIдаларан гIуллакх. Вай хьалхахIоттийначу шина некъах цара Турце боьдург къастор бу аьлла, хета суна, – шен лаам схьахьебира Михаил Николаевича.

– Стенна оьшу царна хьалха хержа некъаш хIиттор? – цецвелира фельдмаршал Барятинский. – Уьш йокъаней, уьшалей делахь а, аренгара латта оьшур ду вайна. Колонисташна мегар ду уьш. Цхьа бIе шо хьалха дIахьовсуш хила деза, императоран хьан локхалла. Беккъа цхьа некъ бита царна – Турце боьдург.

– Цуьнан сийлаллин лаам къобалбо ас, – тIетайра граф Евдокимов. – Ламанхой Турце кхалхор историн маьIне гIуллакх ду вайн пачхьалкхна. Цкъа-делахь, вайна зиэнаш доцуш, тIом сиха а, гуттаренна а чекхбаккхар нисло, шолгIа-делахь, мукъадевллачу ломан когашкарчу латтанаш тIехь паргIат колонизаци йойла хуьлу.

– Туркойн правительство реза хир йуй-те уьш империна чуэца? – шеквелира Михаил Николаевич.

– Суна хетарехь, цара хаза а хеташ тIеоьцур бу шайн басурманаш.

Оцу трагедех дерг, дукха дийцаре ца деш, сиха а, атта а къастийра. И ламанхой ловзарга хьовсош санна. Цигахь сацамбира, уьш Оттоманан империна чуэцаран хьокъехь дийцарш дан а, барт бан a xIapa, Лорис-Меликов, Стамбуле хьажо.

1860-чу шарахь Стамбуле ваханчу Лорис-Меликовн цигахь волчу оьрсийн векалан А. Б. Лобанов-Ростовскийн гIоьнца аьтто хилира ламанхойн кхо эзар доьзал, кхо бIе эзар Крымера гIезалой, ногIий а тIеэца резахуьлуш, туркойн правительствера дош даккха.

Иза цкъачунна боккха кхиам бара. Оцу шарахь Крымера ши бIе эзар гIезало дIакхелхира цига. Царна тIаьхьа ногIий а гIоьртира. Амма ламанхошца дерг чолхе делира. Меттигерчу администрацис шайна йукъа даржочу эладитанех, хазачу хабарех a Iехабелла, махках бовла ца лаьара царна. Уьш нуьцкъаха дIабаха безара цигара. TIe, шайн махка баьхкина ламанхой Россин дозанца охьаховшо ойла а йара туркойн. Англичанаш бара церан лерехь йиллина дIа и зурма лоькхуш. Амма кавказски Iедал сацамболлуш дуьхьалделира кхелхина ламанхой дозанна уллохь совцорна. Массарел а карзахвуьйлура граф Евдокимов.

– Уьш вайн дозанца охьаховшош хилча, эрна ма ду ламанхой кхалхор, – карзахвелира иза. – Къилбаседа Кавказера дIа а баьхна Закавказье когашка ховшабо-кх вай уьш. Цхьанхьара дIа а баьхна, и вешан мостагIий кхечахьа ховшабо. Цхьанхьара цIе йойъу, кхечахьа йуьллу. ХIан-хIа, ма-хуьллу генабаха беза!

Страница 5