Йеха буьйсанаш - стр. 49
Суьйренашца казармашкахь салташа шайн иллешкахь олуш ма-хиллира:
ГIоли йу дуьнен чу цавалар,
Салтичун дукъ уьйзуш лелачул.
Дуьне мел ду лоьхуш леларх,
Карор дац цул къиза дахар.
Со Даймехкан гIарол ву,
ЦIеша буьзна сан букъ бу.
Со Даймехкан гIортор йу,
Буй-тIара суна совгIат ду…
Схьавеана шо далале цуьнга кехат кхечира, нана йелла аьлла. ШолгIачу шарахь да кхелхира. Василийн догделира дуьненах. Кхуза кхаьччахьана дуьйна цунна сих-сиха хезара, дуккха а салтий нохчашкахьа буьйлу бохуш. Нохчийчохь йу, бохура, цара а, церан дайша а дукха сатийсина маршо.
Цигахь дехарш маьрша, майра, тешаме адамаш ду. Цигахь бац помещикаш. Дац стага стаг вацор. Адамех йохк-иэцар ца йо. Цигахь хьоло ца къестабо къонахий. Цигахь стеган сий до. Цигахь лакхара лору хьекъале, майра, оьзда, хьуьнаре верг. Цигахь тIемалочун сий ду. ТIехула тIе, цара бийриг бакъонан тIом бу, шайн къоман маршонехьа. Царна ца лаьа оьрсийн паччахьан къиза Iедал тIелаца, крепостной Iазапан дукъ кочадолла. Уьш харцонна дуьхьалбуьйлу.
Оцу лаьмнашка вада аьтто лоьхуш, масех шо делира Василийн. Аьтто бохийнарг иза артиллерехь хилар дара. Нохчий йаккхийчу тоьпашна тIаьхьа чIогIа бовлу дела, батарейш леррина Iалашйора эпсарша. Цкъа цхьана буса хехь лаьттина цIа веача, шеца гIопал аравалар дийхира цуьнга поручико Косолаповс.
– ЛадогIахьа, Василий, суна хьо тешаме стаг хилар зиэделла, – элира цо, шаьшшиъ, гIопан баролал ара а ваьлла, хьуьнан боьлака воьлча. – Цул сов, хьан бIаьргаш чохь даим а эпсаршка цабезам а, оьгIазло а го суна. Цундела дуьйцу ас хьоьга айса дагалаьцнарг. Кхузахь нохчийн дIаьндаргаша вожор ву вайша йа церан шаьлтанаша ворур ву. Йа иза, йа важа ца хуьлуш, дийна висахь, кхузахь ткъе пхеа шарахь xIapa бала а хьегна, цIа верза доьгIнехь, тIаккха цигахь а ду вайшинга хьоьжуш кхул къиза Iазап. Шемала шегахьа бевлла салтий, дукха лерина дола деш, Iалашбо, боху. Къаьсттина цунна дукхабеза, боху, артиллеристаш. Вайшинна стенна оьшу xIapa неIалт хилла тIом? Вай хIаллакьхуьлу, дворянийн эпсаршна чинаш, совгIаташ доькъу. Кхузахь Iожалла ца хуьлуш цIа верзахь, цигахь йа доьзалш а, йа бахам а, атталла цIа-цIе а дац вайшиннан. CaгIa ца дехахь, даа бепиг хила меттиг бац. Шайгахьа бевллачу салташна цара йиллина йу Мужичоь а, ДаьргIа уллора слобода а. Цигахь кустарни белхаш беш, доьзалш болийна, хаза маьрша беха уьш. Вада сацам хилла сан. Кхана сарахь. Суна тешаме накъост веза. Нагахь хьо резавелахь, цхьаьна гIyp ву вайша. Резавацахь, вайша хIумма а ца дийцина.
ШолгIачу буса Курински гIопepa ведда и шиъ ГIачалкхан дукъах хьалаваьлча, нохчийн разйездна тIеIоттавелира. XIapa шиъ ведда веанийла хиъначу отрядан начальнико кхаабIаьнчо Аьрзус, ши стаг а тоьхна, шайн наибна СоIдина тIехьажийра. Шайна ха деш веанчу шина накъостах цхьаьнца, Дакашца, сихха гергарло тасаделира Василийн. Иза куьцехь, каде жима стаг вара. Цуьнгий, командирей безам баханчу Василийс дийхира ша оцу отрядехь витар. Амма Аьрзус, гIайгIане вела а велла, корта ластийра. Василий артиллерист вацахьара-м, цо иза шеца сацор вара. Амма артиллеристаш дIасабаха йиш йац Шемалан бакъонций бен. Имаман омра ду, ведда сехьаваьллехь а, йийсаре валийнехь а, артиллерист коьртачу наибна ТIелхагна тIевига аьлла. Нагахь Василийна и чIогIа лаахь, цо наибе иза шеца витар доьхур ду. Цуьнан бIаьнан ма йу цхьа йоккха топ. Амма, ТIелхагна тIе Аьрзу ша ца вахча йа кехат ца йаздича, цунах гIуллакх хир дац. Кехат йаздан гIирс а бац. Доьхна гIуллакхаш ду.