Йеха буьйсанаш - стр. 41
Шемалан бIаьхойн дегнаш дуьйхира. Цхьаннахьа а толам ца баккхабелира цаьрга, амма, мостагIчунна цуьрриг зиэн ца деш, шаьш дуккха а хIаллакьхилира. Цхьа а тайпа хаам бацара нохчийн наибашкара. Амма Шемала дог ца дуьллура.
– Дагестанехь вай йинарг буй-тIара бен йац. ТIом хIинцца болалуш бу, – бохура цо тIемалошка. – Кхузахь, Нохчмахкахойн хьаннашкахь, шен майрачу нохчашца кIелхиъна Iаш гендарганойн Iисий, аьккхийн Уллубий, алдахойн Хьаьжа-Юсуффий, шелахойн ТIелхаг, шотойн Ботукъа, гиххойн Сайдулла, кхин иттаннаш майра наибаш бу. Тешалаш сох, цхьа а гаур нохчийн хьаннашкара аравер вац.
Цунах кхоьрура кавказски эпсарш а. ДаьргIа ша дIалаьцча, граф Воронцов паргIатваьлла хабар дийца воьлча, цунна йуххе а хилла, инарло Граббес гIиллакхехь дIахьедира:
– Вайн даккхийдер хьалхе ду, Хьан Локхалла. Нохчийчоь – иза зIуганийн боккха бен бу. Оцу бенан цхьана маьIигах хьакхаделла вай. Кхерам а, тIом а хьалха бу.
ХIаъ, Граббена дика йевзара нохчийн хьаннаш. Ши шо хьалха йоккхачу отрядца цига гIоьртина иза цIонтаройн ШоIипа аьтта дIавахийтира. ХIетахь эзар бархI бIе салтичун дакъа кхузахь а дуьтуш, цхьакIеззиг салташца халла кIелхьарвелира иза.
Шен дош чIагIдеш, оьрсийн эскарех ша ца кхоьрийла хоуьйтуш, инарлашна гуччохь маневраш йан вуьйлира Шемал. Маневраш йийриг цуьнан цхьаъ бен йоцу бевдда шегахьа бевллачу оьрсийн салтех кхоьллина батальон йара.
Амма, дараш кIезиг хиллехь а, Воронцовн отрядан гIуллакх а дацара хIумма а дика. Императоран омра кхочушдеш, Шемалан мехкан дегге а веана, имаман резиденци дIалаьцнера цо. Амма хIун пайда бу цуьнан? Имаман резиденци кхечу йартел цуьрриг башха йоцуш йурт йара. Имамо хIумма а дош ца хеташ йагийра иза, хIунда аьлча иштта резиденци цунна нохчийн муьлххачу йуьртахь а карор йу. Доллучул холчахIоттийнера Воронцов карахь доцчу кхачанан сурсаташа. Обоз хIинца а элаца Бебутовца Iаьндахь лаьтта, ткъа салтий мацаллина герга бара. Хьалха дIадаха а ду кхераме. Йуханехьа Iаьнда дерзаделча-м, кIелхьардовла хьесап дара, амма тIемаш хилла хьаннаш сийсош хIинца Шемалан бIаьхой бара. ХIинцале а кхуза кхаьчнера Шемалан эскарехь тIеман говзаллица гIараваьлла майра наиб шелахойн ТIелхаг. Цул сов, кхуза гулбелла йоккхачу Нохчийчуьра дуккха а нохчий. Йуха кIегардовлар хьехочохь а дацара. Хьалха дIадахча а, кийчча лаьтташ Iожалла йара. Амма уггар хьалха салташна йуург йезара.
10-чу июлехь ДаьргIана лакхахь, Iаьндойн ломахь, РечIел цIе йолчу дукъахь йоккха топ йелира. Обозца ша цига кхачар хоуьйтуш, инарло Бебутовс бина хаам бара иза. Амма, нохчаша сийсочу хьаннашна йуккъехула а йаьлла, обоз кхуза кхачалур йу бохург хьехочохь а дацара. Обозна тIе а кхачий, цигара ранцаш чохь сухарш йан коьртехь инарла Клюгенау а волуш ах отряд хьажийра Воронцовс. Оцу отрядан авангард тIехь куьйгалла дар инарлина Пассекна тIедиллира.
Иза дара Шемална луург. Цо ма-аллара, Граббес ма-чIагIдарра, тIом хIинцца болабелира. Клюгенаун отрядна тIе шелахойн ТIелхаг хийцира цо. Жимачу дегIахь, инзаре каде, даим а эттIачу чоица хуьлу ТIелхаг, оцу дийнахь цхьана минотана а са ца доIуш, динара ца вуссуш, шийтта сахьтехь лийтира.
Буьйсанна, велла а, дийна а воцуш, эттIачу мундирца Воронцовна тIевеанчу Клюгенаус хаам бира, шен цхьа эзар ворхI бIе салти а, эпсар а вийна цаьрца байъина инарлаш Пассек, Викторов йуккъехь, ша цкъа кхалла а сухар ца йеана аьлла.