Йеха буьйсанаш - стр. 38
ТIом болчу хенахь динарг хIуъу а мегаш ду. Ташу-Хьаьжина дагавеара шен шира мостагI Iоса. КхидIа а Гати-Юьртахь висар шена кхерамехь дуйла хиъна, Iоса доьзалца ведда Таьшкичу-гIопе вахара.
Цигахь лаьттачу эскаран эпсаршца гергарло тасаделира Iосин. Цунна ницкъ оьшура ша винчу йуьртах ваьккхинчу мостагIчух бекхам эца. Цо сатийсина де тIекхочуш лаьттара. Iосин хьекъалечу коьртана гуш дара оьрсий тоьлург хилар. Дагестанера наггахь йурт бен йацара Шемална тешаме. Малхбале Нохчийчуьра цхьакIеззиг йарташ бен йацара, Ташу-Хьаьжина тIаьхьа а хIиттина, Шемална гIо дийраш. Оцу тIаьххьарчу шерашкахь Ташу-Хьаьжина дуьхьалбуьйлура Iоса тайпа халкъан бала боцу нах.
Цхьана дийнахь Iосина хезира, Гати-Юьрта уллохь, Ахьмат-Толле олучу меттехь долчу шен кха тIехь Ташу-Хьаьжа гIап йугIуш ву аьлла. Иза цо хIуьттаренна до, бохура Iосин даго. ХIетахь паччахьан эскарехь урядник волчу цо, Внезапни-гIопе а вахана, инарлега Граббега дийхира лам чу йечу походехь шега дакъалацийтар. Iоса дика вевзара инарлина. Цунна хаьара, иза шен халкъах хаьдда ваьлла стаг вуйла. Ткъа иштта нах паччахьан инарлаша, лоьхуш, лехьабора.
1839-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь паччахьан эскарш хьала а далийна, Ахьмат-Толлехь чIагIвелла Ташу-Хьаьжа а вохийна, цуьнца Гати-Юрт сийначу цIарах йагийра Iосас. Оцу тIехь бекхам сацийтинехь а мегаш дара. Амма цкъа цIийн чам хиъна экха цIий муьйлуш бен магац. Ioca дог тийна Таьшкичу вирзира, цул тIаьхьа кхо бутт баьлча, августан 29-чу дийнахь, инарло Граббес Ахульго схьа а йаьккхина, шена тIаьхьа цхьа а мурд воцуш, Шемал ведда Бена вахча, цунах дIакхийтира Iосин уггар луьра мостагI Ташу-Хьаьжа.
Дуьненна а моьттура, Кавказан тIом чекхбаьлла. Паччахьна дуьхьалйевлла Нохчийчоьнан, ламанан Дагестанан йарташ когаш кIел йара, ведда вахана имам нохчийн хьаннашкахь лечкъаш лелара. Дагестанхой, паччахьна муьтIахь хуьлуш дуй а биъна, кIелсевцира, ткъа Нохчмахка, чевно дожийна экха санна, цкъачунна дIатийра.
Амма 1840-чу шарахь йерриг а Нохчийчоь паччахьан Iедална дуьхьал гIеттира. Йуха а экспедицеш йолийра Нохчмахка, йуха а оьрсийн отрядашна хьалхавуьйлура МуцIин Ioca.
Iосин дуккха а гергара нах бара. Гати-Юьртахь шиъ ваша а, цхьаберш зударий балийна, бераш долуш пхи кIант а вара шеца Таьшкичохь.
Iосас йечу йамартлонаша йуьхьIаьржа хIитто цуьнан вежарий шайн ницкъ ма-кхоччу иза виэн гIертара. Амма церан аьтто ца болура паччахьан гIопехь Iен ваша виэн. ТIамехь а аьтто ца болура цунна тIекхача. ТIаккха шина денвашас шайн вешин берашка дIахьедира, шайн да виэй йа иза дIатасий, шайна тIедуьйла, йа, шайх а, диначу йуьртах а, халкъах а хадий, нехан неIалт тIехь гуттаренна цигахь совца аьлла. Дений, кIенташний йуккъе мостагIалла хIоьттира. Бераша бохучунна тIе ца воьрзура да. И виэн ца лаьара кIенташна. Эххар а, иза дIа а тесна, Гати-Юьрта а баьхкина, охьахевшира уьш.
Цкъа ша паччахьан эскаршца рогIехь тIелатар дича, йуха а Гати-Юрт йагийра Iocac. Эскарш йухадевлча, цIа бирзинчу нахана чим хилла йаьгначу йуьрта йуккъехь цIеран суй хьакхабалаза лаьтташ Iосин шина вешин а, веа кIентан а цIенош карийра. ПхоьалгIачу кIентан, зуда йалозчу Дакашан, шен цIенош дацара. Гуобаьккхина хезара оцу тIелатаро дай-нанойх, йижарех-вежарех баьхначу зударийн, берийн белхарш, чевнаш хиллачийн узарш, оцу эрчоно Iадийначу хьайбанийн Iехарш. Бист ца хуьлуш, Iосин вежаршкий, берашкий оьгIазе хьуьйсура йуьртахой.