Йеха буьйсанаш - стр. 34
Воьхна хьийза ши хьаша кIелхьарваьккхира, хьерадовла санна, арахь лета девллачу Iосин жен-жIаьлеша. Араваьлла хIусамда сихха чувеара, ХортIа а валош.
– Ванах, боккха болх бу-кх иза! Сох дуолаза дуьсуш дохку-кх и жIаьлеш. Эцца хьо ара ца ваьллехь, верина, кескаш йина, охьавуьллура-кх цара со. Ой, хьо волчохь-м хьеший хилла! Ассалам Iалайкум!
– Ва Iалайкум салам!
Шахьби а, Товсолта а шаьш Iачуьра халла хаалуш меттахъхьайра. Лепачу баьццарчу атлазан гIовталций, хечиций шур-шур деш, чучча ши ког боьллина, охьахиира ХортIа. Цо коьртара месала куй дIабаьккхича чиркхан серлонехь къегира кIесаркIаг чохь а, лергаш тIехула а цхьа масех чо бен ца буьсуш тилла, йоьзан тас санна, къегина боккха корта.
– ТIаккха, Шахьби, Товсолта, шу могаш деца? Керташкахь сингаттам боцуш Iа-кх?
– АлхьамдулиллахI, Дала дика кхобу. Хьо цIа маца вирзи?
– ХIинцца. Охьавижале, цхьана гIуллакхна Iосех дагавала-те со аьлла, веана.
– Тхох лачкъийна хIума-м дац?
– Мичара! Мелхо а, шу цхьаьна карийна дикахо ду. ТIаккха, Iоса, керташкахь сингаттам боцуш Iай? Йуьртахь хIун ду керла?
– ХIума дац. Дийцахьа, хIун ду оцу БоргIанехь хилларг?
– БоргIанехь, дера, цхьана нахана чIогIа сингаттам ма баьлла. Оцу самара чохь чай дуй-те? Цхьа кад мер бара ас.
Iосас, кеда чай а доьттина, шура а тоьхна, тIе даьтта а диллина, дIакховдийра цуьнга. ХортIас, шен дерстина балдаш горгдина, тата доккхуш xIyп аьлла, чайнах боккха къурд бира.
– Делахь а, вайна дуьйцу ма-хаззара, доккха хIума-м дац цигахь хилларг. Кхо-диъ де хьалха йарташка напха деха бахана богIу мутаIеламаш Гуьмсений, БоргIанений йуккъерчу тIай тIехь чIерий леца вахана вогIучу Iумхан-Юьртарчу шина гIалгIазкхичунна дуьхьалнисбелла хилла. МутаIеламаш, цхьаъ воцург, цIуьхIарш хилла, кху шарахь дуьххьара хьуьжаре баьхкина. ХIорш шайна тIенисбелча, цкъа хьалха, хIорш сийсазбеш, йаппарш йина, тIаккха, кхин хIай-жуй доцуш, тIевеанчу гIалгIазкхичо цхьа кIант, кIел ког тосуш дIатеттина, йуьхьарвахийтина. Воккхачу мутаIеламо куьйгаэшара, оцу берана хIунда тоьхна ахь, хьайна лата лаахь, шех лата аьлла. ТIаккха гIалгIазкхичо, цхьана буйна xIoкхуьнан шаьлтанан мукъ боьллина, вукху куьйга тIара далийтина. XIapa шиъ тийсалуш воллуш, шолгIачу гIалгIазкхичо кертах баьккхина хьокха тоьхна тIехьахула коьртах. Тентакваьлла мутаIелам ша волччу голаш тIе охьалахвелла. Коьртах оьху цIий йуьхьа тIехула охьадоладелча, хьалаиккхинчу цо цхьанна пхьаьрсах, вукхунна настарх шаьлта тоьхна. ТIаккха шина гIалгIазкхичо орца аьлла. Карахь шаданаш, дагарш, тоьпаш йолуш хьуьнхарий, йуьртарий схьахьаьлхина гIалгIазкхий гича, дIасабевдда хIетталц кхерабелла лаьттина цIуьхIарш. ТIаьхьабевллачу гIалгIазкхаша кара мел кхаьчначунна йиттина. Масех топ кхоьссина берашна, цхьадика, цхьанне а кхетта йац. Корта бойна мутаIелам вала воллуш Iуьллу, веа кIентан пIендарш кегдина. Цхьана гIалгIазкхичун чов луьра йу, важа дIалелаш ву, боху.
И тайпа девнаш къаьсттина дукха хуьлура Соьлжа-ГIаларчу базарахь. ГондIара йарташкарчу нохчаша кхуза базара кхоьхьура шайн йалта, хасстоьмаш, стоьмаш. И ца тара гондIара станицашкарчу гIалгIазкхашний, гIаларчу совдегаршний. Вуьшта а вовшашка безам боцчу нохчийн а, гIалгIазкхийн а вовшашца дов ца долуш цхьа а базаран де ца туьлура. ДIайаханчу гурахь Соьлжа-ГIала базара ваханчу Шахьбина хьалхха ишттачех цхьа дов доладелира, даим а санна, цхьа пайда боцчу хIуманна тIехула. Цхьана нохчочо ша дохка деана дечиг хийцинера гIалгIазкхичун хорбазех… Хорбазаш ах вордан тIехь, вуьш лаьттахь Iохкура. ГIалгIазкхичун ворданара хорбазаш шечунна тIе а йехкина, лаьттарниш тIейотта волавеллачу нохчочунна бетах буй туьйхира гIалгIазкхичо. Уллохь лаьттачу нохчочо буй балийтира гIалгIазкхичунна. ТIаккха шаьлтанаш йаьхна схьахьаьлхира базарахь болу шина а къомах нах. Буйнаш, гIожмаш, кара мел йеанарг вовшашна йетташ, уьйриг хилла хьаьрчира уьш. Виэр-ваккхар ца хуьлуш дIадирзира и дов, полиций, цига нисвелла полковник Чермоеввий йукъа а воьлла.