Йеха буьйсанаш - стр. 27
– ГIиллакхехь ма дац.
Чора а, ЖовхIар а садаIа сацаза дара. Чора хьалхавоьдура, ирбинчу хьокхица лаьттах кIаьгнаш дохуш, ткъа, кучан йуха чу хьаьжкIаш лаьцна, ги бер доьллина тIаьхьахIоьттинчу ЖовхIара царна чутуьйсуш, тIе ког хьокхуш, дIакъуьйлура буьртигаш.
– Ва Чора! – кхайкхира Iела.
Чора, беттачуьра хьокха а сацийна, хьалатаьIира.
– Схьадуьйлийша, цхьаьний хIума кхалла вай?
– Баркалла, Iела, гIоза йоийла! Шуьгахь доллу дабагIа ду тхойшингахь а. Суьйранна цхьаъ дер вай.
И шиъ схьа ца догIуш сецча, Iела йуучунна тIехилира. Шена хьалхара сискалан доккхахдолу дакъа зудчунна хьалха а диллина, цуьнниг шена хьалха уьйзира цо.
– Ас даим олуш ду хьоьга, йуучунна тIехь со толо ма гIерта.
Айзас сискалан йуьхк майрачунна хьалха теттира:
– Стаг, хьо-м къахьоьгуш вай, вуззалц хIума йууш ца хилча, дегIехь ницкъ хир бац.
– Асчул тIех къахьоьгу ахь. Соьца болх бина ахь, хIинца, со садаIа агIорваьлча, берашна гуонаха хьийза а деза. Цул сов, айхьа йуург бераца а йоькъу.
Кхача мел миска белахь а, цул чомехь хIума ца хийтира Iелина. Йекъа сискал, дуьра нитташ, шийла шовда. Иза тешна вара, тахана кхин биэн-берса кхача буур болуш оцу регIаца, оцу ирзошца стаг вацарх. Бакъду, керлачу йуьртден Iосин, Шахьбин, ХортIин шортта даьхний а, жижиг а, дама а ду, амма шаьш йолах лецначу ахархошна цара уьш бIаьрга-м ца гойту. Йолахошна йал а ца ло цара. ДуьххьалдIа Iосас а, молла Шахьбис а, совдегаро ХортIас а – цара, цхьа масех стага, шайна кхаш лелориг оцу нахана ирзош аха гота ло. Ткъа шаьш, наггахь цара хIун до хьовса а богIуш, цIахь бийшина Iохку.
Делкъе йиначул тIаьхьа Iела садаIа дIатевжира. Ламаз а дина охьахиъна Айза хьалагIаттийра аганахь самаваьллачу кIанта. Цунна тIаьххье меттахъхьайра Iумар а.
«Ма декъаза хIуманаш йу-кх зударий, – ойла йора Iелас, берашна там бан гIертачу зудчуьнга а хьоьжуш. – Дийнахь а, буса а синтем бац церан».
Шен декъах йаьккхина сискал кара а йелла, Iумар дIа а тевина, аганан гIожа тIе тевжира Айза. Шурех буьзна, пхенаш сенделла кIайн накха беран бага а боьллина, вукхунна йоьссина шура сацо гIерташ, тIе куьг а диллина, кIанте хьоьжуш, дIатийра иза.
БIаьстенан махо Iаржйинчу йуьхьа тIехь хIиттина, тхи санна, хьацаран тIадамаш. ЧIагарш хилла, хьийзина хьаьжа тIехулара месаш. КIайн лаг хьоьстуш, тIехьаьрчина Iаьржа-стомма кIажар. Къинхетаме, эсала, Iаьржа баккхий бIаьргаш. Шабарца кIант хьоьстуш, меттахъхьера малхо этIийна балдаш, горгачу йуьхьан беснеш тIе хIиттинера кегий кIаьгнаш.
«Хаза зуда нисйелла суна, – ойла йора Iелас. – Хаза, дика, онда, къинхетаме. Дуьненахь ас хьегна бала бицбайта, сох къинхетам бина, Дала нисйи-кх. Шиъ кIант ву, цхьа сту а бу. Дех дисина ирзо а ду. Кхин суна оьшуш хIумма а дац. Дела, Хьо дика ву-кх. Амма, Аьрзу… Цо хIинца а зуда ца йалийна…»
– Тахана, кха тIе йогIуш, новкъахь Эсет кхийтира сох, – элира Айзас, Iелин дагара хиъча санна.
– Мила Эсет? – хаьттира цецваьллачу Iелас.
– Мила Эсет бохург хIун ду? Гати-Юьртахь цхьаъ бен йуй Эсет?
– Гатин зуда йуьйцу ахь?
– Цхьацца дуьйцуш йогIуш, КIант хьахавелира тхойшиннан. Цаьршинна хIинца а деза вовшийн…
– Эрна деза. Иза йеза декхар дац Аьрзун. Цаьршимма дицдан деза вовшийн. Марехь зуда йу Эсет. Стаг оьзда хила веза.
– Цаьршиннан дагара цхьанне а ца хаьа…
– Дика ду-кх, ца хиъча. Хиъча, иэхь а ду.