Размер шрифта
-
+

Йеха буьйсанаш - стр. 19

Кундуховс дуьйцург шена ца хууш, дуьххьара хезаш санна, леррина ладоьгIура Лорис-Меликовс. ЛадоьгIура, амма ойланаш кхечахьа генахь хьийзара. Инарлас дуьйцучо цунна дагайаийтира шен дайн истори. Мацах цкъа, XVI бIешарахь, церан долахь йара Гуьржехара хьоле шахьар Лори. Персин шахийн эскарша сих-сиха тIелатарш дора шахьарна. Цкъа цара дIайоккхуш, тIаккха гуьржийн паччахьаша йухайоккхуш, кар-кара йоьдуш, талайора иза. Оцу талорах кIелхьарбовла гIерташ, 1602-чу шарахь бусалба дине бирзира Лорис-МеликовгIар. Ткъа и шахьар тIаьххьара а гуьржийн паччахьийн дола йаьлча, бусалба дин дIа а тесна, керста бакъдинан тIома кIел бирзира. ХIетахь дуьйна Лориc-МеликовгIapа, шайн синош а, бахам, хьал а лардан гIерташ, дуккха а паччахьаш хийцина ца Iаш, дин хуьйцуш меттигаш а йина. Амма царна а, вукхарна а шаьш кIелнисделлачунна доггах а, тешаме а гIуллакх дора. Иштта тешаме хилира церан тайпа оьрсийн паччахьашна а. И тешам бахьана долуш, ткъе шийтта шо хьалха императоро оьрсийн дворянство йелира Лорис-МеликовгIарна…

– Со-м гIалат хила а тарло, хIетте а, сайна хета кхин цхьаъ а ала лаьара суна, хьомсара Михаил Тариэлович, – кхидIа шен лекци йоьшура Кундуховс. – XIapa ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гIуллакхдеш хилла кхечу мехкашкара схьабевлла эпсарш хетало суна. Царах дукхахболчарна бен а ма ца хета Россин а, кхечу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулаш, хьал а лаха ма богIу. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медем, Кек, Рик, Пьери а, кхечу мехкашкара схьабевлла кхин-кхин а авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица хьийшира шайна тIехь олалла латточу гIебартойн а, гIумкийн а феодалашна дуьхьал нохчийн гIовттамаш. И шайн къизаллаш оьрсийн правительствон цIарах лелайора оцу командираша. Ткъа правительствос совца-м мухале а ца дора церан къиза гIуллакхаш, мелхо а, шена хIумма а ца хуучуха, бIаьргаш хьаббой, Iара. Церан болх хета суна шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гIаттар. ХIеттахь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш, инарлаш йухаоьзнехьара, хIокху тIаьххьарчу иттаннаш шерашкахь шина а къоман цIий Iенна хир дацара. Амма и ца дира правительствос. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан, цхьанаметтехь диначу къизчу тохарца нохчий къарбарца кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха дезаш хийтира. Амма нохчашна дага а ца догIура къизаллина кIелсовца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кIарглора вайн инарлаший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Ламанхошна а, оьрсашна а йуккъехь машар кхайкхочу меттана, царна йукъа питанаш, дIовш туьйсуш, мостагIалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гира оцу гIалатан, къизачу политикин хинйолу тIаьхьало. Амма тIаьхьа гира. ТIаьхьа делахь а, кхузахь дIакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. ХIетахь, йуьхьанца поэтан Грибоедовн а, тIаьхьа инарлин Раевскийн а, хIинца тIеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгIна хиллехьара. Цамзанаш йуьстаха а тийсий, хIокху къоман Iер-дахаран, гIиллакхийн, амалийн хьелашца а дустуш, ларлуш, сих ца луш, кIез-кIезиг вешан йукъараллин дIахIоттам хIокхаьрга тIеэцийта, хIорш мах лело, бахам кхио Iамабе вай, кхузахь школаш, больницаш а йохкуш, хIокхарна йукъа лакхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма правительствос ла ца дуьйгIира оцу хьекъалечу хьехамашка. Мелхо а, тIеттIа тIе алсамйохура къизаллаш. Оцу къизаллаша кхоьллира МансургIар, БийболатгIар, ШемалгIар.

Страница 19