Размер шрифта
-
+

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 31

Горбачев кхетара ша дукха хIума цхьаьнаэшшара кхочуш дан лууш хиллий, амма карарчу хенахь дукха тIаьхьа дара: экологически дуьхьалонаш Халкъан фронташа куьйгалла дечу демократически гIаттамашка йирзинера.

Оцу кепара, фронташна йукъахь керла политически субъекташ кхоллайелира, царех дукхох йерш къоман бух болуш а йара. Советан Iедал йукъагIоьртира, автономи хийцамаш кхийдош, меттигера меттанаш пачхьалкхан лоруш, культурни йухаметтахIоттарна ахчанца кхачо йеш.

Ма-дарра аьлча уьш йукъараллин ойла йуха а партийн хорше йерзо гIертара. Амма церан дагахь дерг кхочуш ца хилира. Йозуш йоцу ассоциацийн терахь де дийне мел долу алсам долуш дара.

Уггаре а хьалха шаьш аьлларг кхочуш дан буьйлабелира керла хIоттийна баьчча Вальйас Вайно коьртехь а волуш эстонцаш. Къоман мотт пачхьалкхан мотт дIакхайкхоран хаттар дийцаре диначул тIаьхьа, 1988-чу шеран лахьанан беттан 16-чохь Эстонин Лаккхарчу Совета йовзийтира суверенитетан деклараци, цуьнца догIуш Эстонин законаш СССР-ан законел коьрта дара.

Иза хIинца а Эстони СССР-ах къастар дацара, амма дерриге а цу тIе доьдуш дара. ТIедогIучу деношкахь Латви а, Литва а Эстонина тIетайра, цул тIаьхьа и тайпа ойланаш йовзийтира Гуьржи махкахь а, Украинехь а, Молдовехь а, Беларусехь а.

Балтийн мехкашна а, Кавказан республикашна а тIаьхьа Центральни Азиян республикийн рагI кхечира.

1986-чу шеран гIуранан баттахь Казахстанехь баккхий гIаттамаш буьйлабелира – адам реза дацара Горбачевс меттигера Лаккхарчу Советан куьйгалхочун, казахан къомах волчу Конаевн метта оьрсий Колбин Геннадий хIоттош ву аьлла шайна хезча.

Цу гIаттамех гIалин барамехь тIом хилира. Цу тIамехь ши стаг вийра, кхин а ши бIе стагана чевнаш йинера. КГБ-с дIалаьцнера пхи эзар гергга стаг. 1989-чу шеран асаран баттахь къаьмнийн йукъара девнаша дIалецира Узбекистан. Цара и мохк граждански тIеман бисте балош бара. Шина а махкахь Горбачевс бахархоша лоруш хилла меттигера куьйгалхой хийцира, амма оцу кепара цо хIумма а ца дира СССР йохар сихдар бен.

Цу карзахдаьллачу хьолехь Ельцин адаман маьрша ойланца къиссам дIахьош а вара, шен демократически Россера хийцамаш сихбан ницкъ кхочург деш а вара.

Оцу кепара цунна лаьара кхин дIа Союзана демократизаци йан Горбачевс кхоьллина йолчу политически институте (Халкъан депутатийн гулам) хин болчу хьалхарчу харжамашкахь консерваторашна шен ницкъаш гайта.

Иза йара 2250 делегатах лаьтташ йолу суперпарламент. Уьш хаьржинера СССР-ан йерриге а хьаьрмахь, уьш жоьпаллехь бара Союзан Лаккхар Совет хIотторна.

Цу керлачу органе харжамаш хилира 1989-чу шеран бекарг беттан 26-чохь дуьйна хIутоссург беттан 26-гIа кхаччалц. И харжамаш дуьххьара бара Коммунистически партийн декъашхо воцучо дакъа лаца магош болу. Ельцинна иза боккха кхиам бара, хIунда аьлча Демократически Россис 600 меттиг йаьккхира, ткъа ша радикальни баьччас шен харжаман хьаьрмахь 92% кхаж баьккхира.

Цунна дуьхьал волчу Лигачевна, Советски «къеначу гвардийца» нийсса уггаре а кIезиг кхаьжнаш дIаделлера. Реформистийн толамо Молдовехь а, Украинехь а, Беларусехь а гIаттамашна керла некъ биллира.

[31] Молдовехь 16 депутата Молдован Халкъан фронт кхоьллира, цуьнан гIоьнца цара майдане араваьккхинера кхо бIе эзар стаг, шайн мотт пачхьалакхан мотт кхайкхор доьхуш, Сталина йукъайаьккхина хиллачу кириллицин метта латинийн алфавитах пайда эца аьтто хилийтар а доьхуш.

Страница 31