Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 28
Буьйда мехкдаьтта даккхар лахдаларо доккха зен дира меттигера экономикина: 1960-чу шерийн юьххьехь Нохч-ГIалгIайн 70% бюджет мехкдаьтта доьхкина хуьлучe пайданах лаьтташ йара, ткъа и даккхар сацийча ликвидностан халонашна тIеIоттайелира нохчийн экономика.
Москван правительство юкъагIоьртира мехкдаьтта доьхкина хуьлуш болу пайда Нохч-ГIалгIайн казначу ахчанан трансферташца хуьйцуш: оцу кепара Кремла юхатуьйхира республикина тIейогIуш хилла йоккха экономически кризис, амма республика шен гIоьнах йозуш а йира. Социальни кхачаллин цу политикас меттигера экономикина аьтто ца белира хийцайала. Оцу кепара, мехкдаьтта даккхар даима лахлуш доллушшехь (1990-чу шарахь 4,2 миллион тонна буьйда мехкдаьтта даьккхинера, 1991-чу шарахь 4,1 тонна, 1992-чу шарахь 3,6 тонна ишта кхи дIа а), кхин йолу экономикан сектораш хьалха хилла пайданаш хийцан а, къовсам латто а ницкъ болуш йацара.
Горбачевс схьайиллинчу демократис самабаьккхинера церан къоман кхетам, ткъа хIинца кху халонашца иза кхин а чIогIа марсабаьллера.
Центральни Iедална шаьш дуьхьал хилар дуьххьара нохчаша гайтира Гуьмсахь биохомически завод йан йолор ю аьлла хаам беъча. Инженер Ижбулатов Руслан коьртехь а волуш, талламхойн тобано дIайахьанчу кхеташонашкахь гучуделира цу заводехь бийр болу болх адамашна а, гонахара Iаламна а кхераме хирг хилар.
[27] Ши шо хьалха, 1986-чу шеран 26-чохь Чернобылехь хиллачу бохамо Iадийнера йерриге а юкъаралла, цуьнан баланан аз ца хезаш ца диссира СССР-ан цхьаьна а маьIIехь. ХIетахь дуьйна, Советан Iедало лагIбира гонахара Iалам лардархошна тIехь шаьш латтийна болу тергам, цу хаттаран хьокъехь шаьш къинхетам боцуш ца хетийта. Цундела, ларамза дац уггаре а хьалхара коммунизмана дуьхьал болу гIаттамаш Iалам лардаран цIарца дIахьош хилла хилар.
.
ХIутоссург беттан 22-чохь гIаттамхоша Iедало магийна боцу болам кхоьллира, иза Iедало ца магийнера, хIунда аьлча болам коммунистически партица богIуш кхоьллина бацара. Цара сацам бира шолгIачу дийнахь шуьйра гулам вовшахтоха.
Цуьнан жамI хилира гIалин эзарнаш бахархоша дакъа а лоцуш йоккха митинг.
КПСС цхьаболу декъашхой цу гIаттамна шаьш дуьхьал хилар гойтуш, сцени тIе бевлира, къамел дан дагахь, амма бахархоша шок йетташ, маьхьарий детташ, аьтто ца белира царна, цундела церан дIабаха дийзира.
Цу дийнахь дуьйна, нийсса беа баттахь, хIора а кIиранан дийнахь эзарнаш адамаш вовшахкхетар Соьлжа-ГIалара Ленинан цIарах йолчу майданехь, биохомически завод йар сацаде бохучу кхайкхамца.
Оцу ханна йукъахь боламо шен тIеIаткъам бира йерриге а Нохчийчоьнна. Гуламаш хилира Устрада-ГIалахь, Гуьмсехь, Хьалха-МартантIехь, Шелахь. Адамийн тобанашна йукъара схьакъестара хьалхара баьччанаш. Дуьххьара гучувелира хIинцале «Кавказ» цхьаьнакхетаралле юкъавахийтина волу, шозткъа шо кхаьчна волу Бисултанов Хож-Ахьмад. Цуьнан куьйгаллехь и болам политически хатIе бирзинера. Прибалтийски республикашкахь кхолладеллачу хьоло дог ира-кара хIоттийна волчу цо Нохч-ГIалгIайн Халкъан фронт кхоьллира.
Экологически гIаттам политически амал оьцуш бара: Бисултановс республикин куьйгалла бехке дира эвсаралла йоцуш хиларна а, бахархойн хьашташ тергал ца дарна а. Цуьнан коьрта лехам бара политически векалаллехь оьрсийшна а, нохчашна а йукъахь болу къастам гуттаренна а дIабаккхар.