Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 24
Дешна ваьллачул тIаьхьа иза Белая базе йухавеара, цигахь йалх шо даьлча цунна командиран гIовсан цIе йелира, ткъа цул тIаьхьа штабан куьйгалхо хIоттийра, йуха полкан командир а. Дудаев дуьххьара нохчо вара Советан Iедалан лаккхарчу тIегIане вала аьтто хилла волу.
Советски Союза Афганистанехь тIом болийначу хенахь, Дудаев 185-чу йезачу бомабардировочни полкан куьйгаллехь вара.
[22] Дукха нохчий Iадийнера атеистически я, цул гIоле ортодоксальни ларалуш йолчу Советски Союза шаьш санна бусулба болчу Афганистанера гIаттамхошна тIе герз детта долийча. Советски Союза лелош дерг харцо юй гуш дара царна, ткъа муджахIидаша латтош болу къиссам Имам Шемала бначу тIамах тера хетар.
Амма Дудаев ишта ойла йолуш волчух тера дацара. Нагахь санна иза бакъ делахь, цо гIаттмхойн ши юрт дIашарйинера бохуш дуьйцу. Амма Россин оборонин министра Грачев Павла дийцина долу иза, бакъ ца хила а тарло, хIунда аьлча къаьсттина и хаам бовзийтинера Хьалхара нохчийн тIом болалучу хенахь. И хаттар кIоргера довза лууш волчу ешархочун аьтто хир бу www.ichkeria.net сайта тIехь «Дудаев Афганистанехь: бакъ а, харц а хаамаш» цIе йолу таллам беша.
Цигахь ша куьйгалла дечу секторехь авиационни подразделениш нийса йухайахарехь тIеман хаарш а, говзалла а гайтарна цунна грамота а йелира, ишта Тарту гIалина йистехь йолчу йадерни бомбардировщикийн хIаваан базанан куьйгалле а хIоттийра.
Ткъа цу хенахь, Советски Союзан куьйгалхочун дарж дитира Брежвневс. Цуьнан метта веара реформатор Андропов Юрий. Йалхийтта бутт цо цу даржехь боккхуш, малхбузера дуьненца йолу йукъаметтиг йуха а даръеллера, ткъа советски машен цIинъйан гIерташ цо къахьегар гIийла дара: тIеман харж алсам йолуш йара, ткъа и бахьана долуш СССР йоха гергга йаханера.
Коррупцис дIалецира пачхьалкха, ткъа къечу нахана йукъахь малар даьржинера. Андроповна тIахьа, дарже хIоьттира Черненко Константин. Цо куьйгаллехь йаьккхина хан кхин а йоца а, йеса а йара ала мегар ду: ша даржехь баьккхинчу кхойтта баттана юкъахь ханна воккхачу баьччас динарг хIумма а дацара Iамаьркаца йолу йукъаметтиг кхин а чIогIа талххор бен – цо омра дира 1984-чу шеран Олимпийски ловзарш бойкотировать дан, ткъа оцу кепара Советски Союз дуьненна кхин а чIогIа йуьстах йелира.
Черненко валар а ца гуш диссира йукъараллина, хIунда аьлча хIетахь политикин майданехь гучуделира керла, шатайпа васт – 54 шо кхаьчна волу Горбачев Михаил. Цуьнан цIе сиха лепа йолайелира газеташкахь.
И керла баьчча хьалха хиллачарел чIогIа къаьсташ вара. Уггаре а коьртаниг дара иза къона хилар, хIунда аьлча и санна болчу политически кхиамна 54 шо дукха дацара.
Цуьнан коьрта герз дара – шатайпа амал, адамах дог лазар, реформитстки кхетам. Цу дерригенан а гIоьнца аьтто белира цуьнан гуламо цхьа барт хилла шен кхаж дIалуш, КПСС-ан Генеральни секретарь хIотта.
Цуьнан ойла нийса йара: гуш дара шийлачу тIамо коммунизмана массо а агIор эшам бохьуш хилар а, иза лаппалг санна эккха гергга йахана хилар а. Горбачевс бохучух кхета хала дацара: Советски Союз шен кхиарехь Малхбузел тIаьхьа йиссинера, цунна тIаьхьа кхочур йолуш а йацара ша хьал долуш а, дуьненан йукъараллехь цIе йоккхуш а ца хилахь.
Цо хIоттийна Iалашо кIоргера бух болуш а, тIаьхьало йолуш а йара. Горбачевс дийцарехь карарчу хенахь болу политически раж ларбийр болу экономически кхиам баккха масех биллам кхочуш бан беза: уггаре а хьалха шийла тIом чекхбаккха беза. Нагахь санна СССР тIеман аренашкахь шен ВВП йойуш ца хилахь, керла гIулч йаккха аьтто хир бара. Ткъа цу кхиаме кхача, уггаре а хьалха Малхбузеца барт бан беза. Амма цу барт баран къамел йуха а дIадоло Малхбузен лаам хилийта СССР цунах жимма а тера хила йеза. Оцу кепара, Горбачевс сатуьйсучу ирсечу хиламийн зIе тасса, уггаре а хьалха оьшуш дара керла политичеки дахарна ницкъ лур болу «адаман йуьхь йолу социализм» кхочуш йар.