Размер шрифта
-
+

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - стр. 13

Большевикаша деллачу дашах тешна, нохчийн эххар а шайн латтанийн дай хир бу аьлла сатийсамо Iехийначу Шериповс шен дерриге а доьналла а, хьекъал а тIехьажийра кIайчу эскарна дуьхьал бечу къиссамна.

Цу мIаьргонехь нохчий тешара коммунисташа толам баьккхича, шайн латтанаш лело а, шарIанца даха а шайн аьтто хир бу.

Амма революционераша Кавказ шайн тергоне лоццушшехь, цара Эмират дIа а йоккхуш, федеративни республикийн къорза куз тессира, Россин Советски Федеративни Социалистически Республикаца (РСФСР) цхьаьна, иза а Советски Социалистически Республикийн Союзана (СССР) йукъа йогIуш йара

Нохчийчоь а, луларчу ГIалгIайчоьнца цхьаьна Нохч-ГIалгIайн Автономни Советски Социалистически Республикина йукъа йахара (Чечено-Ингушская АССР)

Нохчашна дIалур ду аьлла латта-м кхин хьахош дацара цхьаммо а.

Масех шо даьлча, 1929-чу шарахь Кавказ Союзан хьаьрмахь шуьйра коллективизаци йина хьалхара меттиг хилира.

Нохчашкара долахь долу латтанаш схьа а дохуш, уьш колхозашна дIалуш дара, ткъа цу колхозашкахь къа хьега дезаш вара массо а.

Пачхьалкхас пайдехь мехашца йалта оьцур ду, ткъа цуьнан метта мокъазалла лур йу.

Проектан башха дика жамIаш ца хиллера, коммунисташна толам баккха гIо динчу нохчийн цабезам марсабаккхар бен. Шайн латтанийн дола дан аьтто хиларе сатийсина болу уьш, мелхо а шайгахь долчунах а бевлира.

[8] Нохчий цхьаъ санна массо а дуьхьал велира коллективизацина. Историка Некрич Александра дийцарехь, Нохчийчоьхь долахь латтанаш дан а дацара. Аренца Iаш болчарна юкъахь хIинцале хи а, латта а, хьаннаш а екъар долийнера, ткъа «кулак» бохучу дешан маьIна а дайнера. Итта шерашна юкъахь коллективизацис дIалаьцнера дукхох долу аханан латтанаш. Амма бахархой цу гIуллакхна реза бацара, царна ца лаьара юкъара латтанаш лело. Ойла йел аш: 20% гергга бахархой цхьаьна а дийнахь колхозехь болх бина бацара, ткъа 46,3% шарахь 50 дийнахь бен болх бина бацара.


Дуккха а шерашкахь шайн паргIато а, маршо а къиссина болчу нохчашна йинарг йоккха йамартло йара. Мацах дуьйна шайн хиллачу латтанийн дай хила аьтто ца баларал совнаха, хIинца церан таро йацара шаьш къахьегна даьккхинчу рицкъанах шайна ма-хетта пайда эца.

Йалта а, даьхний а хIинца Iедалан долахь дара, ткъа реза боцучарна тоьпаш тухуш йара, йа цаьрга хьоьжуш Сибрехара набахтеш йара.

Керлачу политически ражана дуьхьал айбиначу гIаттамаша Нохчийчоь синтемах йохийнера 1920-1930-чу шерийн йохаллехь. Советан Iедало вейтта эзар герра стаг лаьцна воллушшехь, Нохчийчоь саца дагахь йацра. ГIаттамхоша пачхьалкхан хьукматашна тIелатарш дар бахьана долуш, Iедалан ца даьлла дийзира пачхьалкхан инфраструктура ларъйархьма герзаца кхачо йина тобанаш кечъйан.

1939-чу шарахь адам реза ца хилар боккъалла а болчу гIаттаман кепе дирзира. Цуьнан коьртехь лаьттара журналист а, поэт а Исраилов Хьасан. Цуьнан ойланаш коллективизацис оьгIаз бахийтиначу ламанхоша къобалйина хилла ца Iаш, СССР-ан керлачу баьччас Сталин Иосифа хIаллак йеш хиллачу интеллигенцис а, буржуазис а къобалйира.

Исраиловн аьтто белира Iеламнах а, Iилманчех а лаьтта шен юкъаралла кхолла. 1939-чу шеран бIаьста цо правительствона дуьхьал дуьххьара герз айдира.

[9] Исраиловс меттигера партин хьалхарчу секретаре Быковга яздинчу кехатехь дIахьедира: «Нийсса ткъа шарахь советан Iедало къиссам латтийна сан къомаца, и къам хIаллакдина дуьненчуьра дIадаккха Iалашонца. Цкъа «кулакаш», юха молланаш, бандиташ, буржуа-националисташ. Со тешна ву цу къиссаман цхьаъ бен Iалашо ца хилар – сан къам хIаллак дар. Цундела лаьцна ас сайна тIе сан къомо кхайкхиначу маршонан къиссаман куьйгалла дар.

Страница 13