Размер шрифта
-
+

Лаьмнашкахь ткъес - стр. 13

TIаккха, жимма Iай, йоьIан хазачу йуьхьа тӀехула сингаттаман мархаш йаьржара. TIепаза бовра ал бос, хиллачу баьллех тера балдаш а кӀайлора, ца тохалуш совцура бIаьрнегIарш а.

ЙоьIан кийрахь къуьйсуш шиъ мостагI вара: безам, цабезам. Амма цуьнан карахь бацара шен кхоллам. Цо иза Делан кара беллера, дог ца дуьллура ирсах…

Боьрахула хьалавогIучу кхаа беречух цIеххьана бIaьрг кхетча, кхерайелла, дегI дeгийра цуьнан. Амма, Къайсар а, Болат а вевзина, дегIан массо пхенашка йовхо хьаьдира. Хьалха вoгIу Къайсар, шена тIаьхьарчу беречуьнга масех дош аьлла, шовданeхьа охьавирзича, шен болар сихдира йоIа. Чу хи а кхерзина, шен кIудал xe Iapждинчу дечиган апари кIел хIоттийна, кIудалан гай декош зурманца чуIеначу шийлачу шовдане ла а доьгIуш, шен везаран доттaгI тIекхачаре хьоьжуш, сeцира иза.

«Болат хIунда ца веа-те? – даг чу кхерам тесира цунна. – Наха дуьйцучух тийши-те иза?..»

– Хьан де дика хуьлда, Деши! – чу а воьссина, багара гаьллаш дIа а йаьхна, говр ной тIe хийцира Къайсара.

– Диканца дукха вехийла хьо а, Къайсар!

Дуткъачу гуьлмаьндин тIам, логах хьарчош, тIехьа а тесна, хьаьжа тIера месаш къайла а йаьхна, Къайсарна тIе хаттаре хьажар дуьйгIира йоIа.

– Хьо тахана ма хьалхе йеана хи тIе?

ЙоIа доккха сaдaьккхира.

– Сагатделла сан. Аш толамаш баьхна бохуш, хезира суна. Тахана санна, аш дуьнен чохь йоккхучу йерриг ханна Дала йуьхькIам болда шуна!

– Дела реза хуьлда хьуна, Деши. Хьуна хаза мукъане а хийтин-те?

– Хетта а хоьттий ахь, Къайсар! – хаза балдаш дегабааме саттийра йоIа.

Къайсар велавелира.

– Наха дийцapexь-м, хьан ойла кхечу агIор йирзинчух тера ма ду?

– Ахь бехк ма биллалаxь, Къайсар, зударийн эладитанех тешар къонахашкахь товш ца хета суна-м.

– Ишта-м дара иза, Деши, делахь а «безам» бохург дукха экаме хIума йу-кх. Цхьажимма хIума а тоьу-кх иза лазо а, хьаста а. Вай хьелашца дуста доьлча, тхо – лахахь, ХортIин Овхьад – лакхахь ма нисло. Овхьадан ден хьал ду, ткъа Овхьад ша, вайна ма-хаъара, Буру-гIaлaхь оьрсийн дешар дешна а ваьлла, хьаькам хир волуш стаг ву.

Хих йуьзна, бeртeхула тIехтуьйсу кIудал апари кIелхьара схьа а эцна, охьахIоттийра йоIа. Оцу минoтeхь йайра къоначу йоьIан йуьхьа тIера эсалалла, Олхазар санна, тIамарш йаржийна, охьалахделла Iаьржа ши цІоцкъам айъаделира, йуккъехь жима марха а гулйеш.

– Соьга и ала векал вина ваийтина хьо Болата? Ша хIунда ца веана изa? Йа кхин соьга вист ца хила чагIо йина цо?

– ХIан-хIа. Болата дийца гIиллакхехь доцург ду ас деанарг.

– Охашимма вовшашка дийца йиш йоцуш, галдаьлларг хIун ду?

– Цуьнан тайпа-тукхам, схьаваьлла меттиг бац бохуш, дийцина хьоьга.

– ТІаккха?

– Иза Шелахь уггар доккхачу тайпанах, оьздачу цIийнах схьаваьлла а, Гати-Юьртахь уггар тоьллачу наха тIелаьцна а ву. ГІуллакх галдаьлла веана-кх иза вайн йуьрта. Шен гергара нах берриг Хонкарахь хIаллак а хилла.

– Уьш дерриг суна хаьа, Къайсар.

– Цундела керчина хир йу хьан ойла Овхьадехьа. Уьш хьал долуш ма бу. ХIара къонахийн зама йац, Деши, молланийн, совдегарийн зама йу.

Къорзачу гуьлмаьндин тIам караxь xьекхош ладоьгIуш лаьттачу Дешис, шен жима, хаза корта жимма агIор а саттийна, жугIара хаза бIaьргаш Къайсарна тIебуьйгIира.

– Хаац, Къайсар, хьой, хьан доттагIий соьга хIун алийта гIерта. Нагахь, ХортIагIар нах бац, ткъа Овхьад къонах вац ас эр ду моттахь, цуьнга ла а ма дегIа. ХортIин хьал ду, иза Нохчмахкахь лоруш стаг а ву, Овхьадна ала а дац сан хIумма a. Кyьце, гIиллакхе жима стаг ву иза а. Со цунна хьехош йу, сан нах оцу захалонна дуьхьал а бац. XIинца хIун де вай ткъа?

Страница 13